Делан Йозанаш 2012
|
| 1 |
| «Гур ду шуна, Аса бекхам бо де тӀекхочур ду, ткъа иза йогу пеш санна хир ду. ТӀаккха кураллаш еш берш а, харцонаш лелош берш а — берриш а ча санна хир бу, уьш тӀедогӀун долчу дийно багор бу, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло, — церан я орам, я гаьннаш дуьтур дац. |
| 2 |
| Ткъа Соьга ларамах дуьзна долчу шуна тӀехула нийсо тӀейоуьйту малх гӀоттур бу, цуьнан зӀаьнаршкахь дарба хир ду. Шу, божала чуьра арахецна долу эсий санна, кхиссалур ду. |
| 3 |
| Ӏесанаш аша хьоьшур бу, Ас бекхам бечу дийнахь шун когаш кӀел уьш чан санна хир болу дела», — боху массо а ницкъийн Везачу Эло. |
| 4 |
| «Дагахь латтабелаш Сан ялхо волчу Муса-пайхамаран товрат-хьехам — Хьарибехь Ас цуьнга дӀаделла долу парзаш а, тӀедехкинарш а, уьш Исраилан дерриг а халкъе кхочушдайтархьама. |
| 5 |
| Ас шуна тӀе Эли-ЯхӀу-пайхамар воуьйтур ву, сийлахь а, къемате а долу Везачу Элан де тӀекхачале. |
| 6 |
| Цо дайн дегнаш берашкахьа дерзор ду, ткъа берийн дегнаш дайшкахьа дерзор ду, Со, дӀа а ваийтина, Соьга шайн мохк дӀа а къастабайтина, иза кхоччуш хӀаллак ца байтархьама». |
| Сохранить Заметки |
https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/malachi/004.mp3
4
4