|
| 1 |
|
| Массара а гӀовгӀанаш ехира, буьйса дӀаяллалц доьлхуш Ӏийра халкъ. |
|
| 2 |
|
| Мусана а, АхӀаронна а реза бацара нах. Цара цу шинга бохура: «Мисар-махкахь я кху яьссачу арахь тхо деллехьара! |
|
| 3 |
|
| Везачу Эло тӀамехь дайа далийна тхо кху махка? Тхан зударий а, бераш а мостагӀашна кхочур ду. Мисара юхадахча гӀолехь дацара вайна?» |
|
| 4 |
|
| Уьш шайна юкъахь барт бан хӀиттира: «Ваьшна тӀехь хьаькам а хӀоттийна, Мисар-махка юхадоьрзур ду вай», — бохуш. |
|
| 5 |
|
| Дерриг а Исраилан халкъана хьалха бертал вуьйжира Муса а, АхӀарон а. |
|
| 6 |
|
| Лаьтте хьовса баханчу нахана юкъарчу Нунин кӀанта ЮшаӀа а, Епунин кӀанта Килаба а шайн бедарш этӀийра. |
|
| 7 |
|
| Цара элира цигахь гулбеллачу берриге а нахе: «Тхо хьовсуш чекхдевлла латта вуно чӀогӀа хаза ду. |
|
| 8 |
|
| Нагахь Веза Эла вайна реза велахь, Цо и латта вайна схьалур ду. Шуьрех а, мазах а дуьзна токхе латта ду иза. |
|
| 9 |
|
| Амма Везачу Элана дуьхьал ма довла. Цу махкахь Ӏачу халкъах а ма кхера, цунах вайна ижу хир ю. Уьш ларбан цхьа а вац, ткъа вайца Веза Эла ву. Ма кхера царах!» |
|
| 10 |
|
| ТӀаккха наха маьхьарий хьаькхира: «ТӀулгаш детта царна!» — аьлла. Амма Везачу Элан олаллин нур доьссира Делан четарна тӀе берриг а исраилхошна хьалха. |
|
| 11 |
|
| Везачу Эло Мусага элира: «ХӀара халкъ мел Ӏийр ду Суна дуьхьалдаьлла? Аса шайна гайтинчу тамашийначу билгалонех ца тешаш мел Ӏийр ду иза? |
|
| 12 |
|
| Лен ун а кхетийтина, хӀаллакбийр бу Аса уьш, ткъа хьох а, хьан ден цӀийнах а цул доккха а, нуьцкъала а халкъ кхуллур ду». |
|
| 13 |
|
| Амма Мусас элира Везачу Эле: «Ахьа шайна юкъара Хьайн ницкъаца хӀара халкъ арадаьккхинчу мисархошна хезар ду иза, |
|
| 14 |
|
| тӀаккха цара цу лаьттарчу бахархошка дуьйцур ду. Ткъа цу нахана хезна, Хьо исраилхошна юкъахь ву а, Ахьа Хьо царна юьхь-дуьхьал гойту а, Хьо дийнахь мархин бӀогӀамна юккъехь, буьйсанна цӀеран бӀогӀамна юккъехь вогӀу а аьлла. |
|
| 15 |
|
| Нагахь Ахь исраилхой цхьа стаг санна хӀаллакбахь, Хьан сийлаллех лаьцна хезначу халкъаша эр ду: |
|
| 16 |
|
| „Везачу Эло, Ша лур бу аьллачу махка тӀе а ца дигаделла, яьссачу арахь хӀаллакдина и халкъ“, — аьлла. |
|
| 17 |
|
| Ткъа хӀинца сийлахь хуьлда Хьалдолчу Элан ницкъ! Ахь ма аьлла: |
|
| 18 |
|
| „Веза Эла атта оьгӀаз ца воьдуш а, боккха безам болуш а ву, нехан къиношна а, аьрхаллина а геч а до Цо. Амма Цо бехк таӀзар ца деш а ца буьту. Церан дайша далийтина вон бахьана долуш берашна — кхоалгӀачу а, йоьалгӀачу а тӀаьхьенна тӀекхаччалц — таӀзар до Везачу Эло“. |
|
| 19 |
|
| Хьайн хедар боцучу безамца гечдехьа кху халкъана, Айхьа Мисарара дуьйна кхуза кхаччалц иза схьадалош геч-ма-дарра». |
|
| 20 |
|
| Везачу Эло жоп делира Мусага: «Ахь дехарна гечдо Ас. |
|
| 21 |
|
| Амма дийна волчу Сайх а, Везачу Элан олаллин нуьро дерриг латта дузорах а чӀагӀо йо ас, |
|
| 22 |
|
| Сан олаллин нур а, Ас Мисарахь а, яьссачу арахь а гайтина билгалонаш а гина, уьттазза Со а зийна, Соьга ла ца доьгӀначу нахана, |
|
| 23 |
|
| Ас церан дайшна чӀагӀо ярца дала лерина долу латта гур дац. Со дӀа мел тесначарна а гур дац иза. |
|
| 24 |
|
| Сайна дерриге а дагца тешаме а хилла, Сайн ялхо волу Килаб вуьгур ву Ас ша хьаьжначу лаьтта тӀе, цу нехан йоцу, цӀена ойла цуьнан дагахь хиларна. Цуьнан тӀаьхьенан долахь хир ду Ӏамалекхахой а, канаӀанхой а тогӀи чохь Ӏаш болу латта. |
|
| 25 |
|
| Ӏамалекхахой а, канаӀанхой а тогӀи чохь Ӏаш бу. Кхана, юха а дерзий, яьссачу ара, ЦӀечу хӀорда тӀе, дӀагӀо». |
|
| 26 |
|
| Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира: |
|
| 27 |
|
| «Деха Ӏийр дуй хӀара оьгӀазе халкъ Суна луьйш? Суна хезна кхеран резацахиларх лаьцна. |
|
| 28 |
|
| ДӀаала цаьрга: „Дийна волчу Сайх Аса чӀагӀо йо, — боху Везачу Эло, — аша бохуш долу Сайна хезнарг Аса кхочушдийр ду. |
|
| 29 |
|
| ХӀокху яьссачу арахь оьгур ду шун догӀмаш. Дерриш а шу дагардина ду. Ханна ткъа шарал тӀехдевлларш, Суна луьйш хилларш, |
|
| 30 |
|
| Ас куьг а айина, даха ховшор ду аьллачу лаьтта тӀе шу кхочур дац, Епунин кӀант Килаб а, Нунин кӀант ЮшаӀ а воцург. |
|
| 31 |
|
| Аш мостагӀашна кхочур ду баьхна шун бераш Ас цу лаьтта тӀе дуьгур ду. Шу ца даьшна долчу лаьтта тӀехь уьш дехар ду. |
|
| 32 |
|
| Ткъа шун декъий кху яьссачу арахь оьгур ду. |
|
| 33 |
|
| Шун кӀентий шовзткъа шарахь яьссачу арахь кхелхина лелар бу. Шу массо а делла дӀадовллалц, цара бала ловр бу шун бехкана. |
|
| 34 |
|
| Керлачу лаьтте хьовсуш, аш даьккхинчу шовзткъа денна лерина шовзткъа шарахь шаьш латийна къа бахьана долуш бала хьоьгур бу аш, цхьа шо цхьана дийне а нислуш. ТӀаккха шуна хуур ду, Со шуна дуьхьал хилар хӀун ду. |
|
| 35 |
|
| Ас, Везачу Эло, боху иза, Суна дуьхьалдаьллачу кху зуламечу халкъана Ас ден дерг ду иза. ХӀокху яьссачу арахь берриг а хӀаллакьхир бу уьш“». |
|
| 36 |
|
| Мусас керлачу махках дерг талла бахийтиначара, юха а баьхкина, дерриг а халкъ цунна дуьхьалдаьккхинера, шайна гина мохк емалбеш, цунах вониг дуьйцуш. |
|
| 37 |
|
| И хабарш дийцина нах Везачу Эло, цамгар а кхетийтина, балийтира. |
|
| 38 |
|
| Керлачу махке хьажа баханчу нахах, Нунин кӀант ЮшаӀӀий, Епунин кӀант Килаббий бен, дийна ца висира. |
|
| 39 |
|
| Мусас исраилхошка дийцира иза дерриг а. Халкъ чӀогӀа гӀайгӀане дахана дара. |
|
| 40 |
|
| Ӏуьйранна, хьалххе хьала а гӀевттина, лаьмнашка буьйлабелира нах. Цара бохура: «Тхо гӀалатдевлла, Дала бохучух а ца тешна, тхайгара даьллачунна чӀогӀа дохко а девлла. ХӀинца Везачу Эло лур бу аьллачу махка дӀагӀур ду тхо». |
|
| 41 |
|
| Амма Мусас элира: «Везачу Эло тӀедиллиначуьнга ла хӀунда ца дугӀу аша? ХӀара аша деш дерг эрна ду. |
|
| 42 |
|
| Ма гӀо цига, шаьш мостагӀашка хӀаллак ма дайта, хӀунда аьлча шуна юкъахь Веза Эла вац. |
|
| 43 |
|
| Ӏамалекхахой а, канаӀанхой а бу шуна дуьхьал лаьтташ, цара шу дойур ду, хӀунда аьлча шу Везачу Элах дӀадирзина, Иза шуьца хир вац». |
|
| 44 |
|
| Амма, цуьнга ла а ца доьгӀна, лам тӀе хьалабевлира нах. Муса церан меттамотт болчохь висира, цигахь дитира Везачу Элаца барт баран тӀорказ а. |
|
| 45 |
|
| Цу лаьмнашкахь Ӏаш болчу Ӏамалекхахоша а, канаӀанхоша а, цхьаьна а кхетта, исраилхой, эша а бина, Хьорма цӀе йолчу метте кхаччалц лаьхкина бигира. |
|
|
|
|