Оцу исраилхочунна тӀаьххье четар чу а ваьлла, цунах а, цуьнца йолчу зудчух а шен гоьмукъ чекх а баьккхина, и шиъ дийра Пайнехьаса. Цо и дешшехь, исраилхой хӀаллак а беш, царна юкъахь даьржина долу ун сецира.
«Динан ден АхӀаронан кӀентан ЭлиӀазаран кӀанта Пайнехьаса, исраилхошна юкъахь церан харцделанашка йолу Сан эмгаралла кхиамца гучу а йоккхуш, Исраилан халкъе йолу Сан дералла дӀаерзийра. И бахьана долуш Аса и халкъ хӀаллак ца дира, Сайн эмгаралла хиллехь а.
Цуьнга а, цуьнан ерриге тӀаьхьене а весет до Аса, уьш массо а заманахь динан дай хир бу аьлла, хӀунда аьлча шен Делан дуьхьа иза кхиамца лелара, исраилхойн къинош дӀа а дохуьйтуш».