|
| 1 |
|
| «ВорхӀалгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь, аша беза гулам дӀахӀоттабе. Цу дийнахь вукху деношкахь санна болу болх ма бе. Локхучу маӀийн деза де хир ду шуна. |
|
| 2 |
|
| Везачу Элана тамехь йолу хаза хьожа хьалайохуьйту дийнаташ дагоран сагӀа иштта даккха: цхьа старгӀа а, цхьа ка а, шо кхаьчна болу ворхӀ боьрша Ӏахар а. Массо а и дийнаташ шайна тӀехь сакхт доцуш хила деза. |
|
| 3 |
|
| Цаьрца цхьаьна кӀен сагӀина лерина зайтдаьттанах эдина долу тоьлла кӀен дама а кечде: хӀора старгӀица ткъе биъ кад дама, коьмаца ялхитта кад дама, |
|
| 4 |
|
| ткъа ворхӀ Ӏахарх хӀоранца дан деза бархӀ кад дама. |
|
| 5 |
|
| Къинан сагӀина лерина цхьа бож яло еза, шайна тӀера къинош дӀадахаран Ӏадат кхочушдайтархьама. |
|
| 6 |
|
| Везачу Эло тӀедиллина ма-хиллара, хӀора баттахь дохучу дийнаташ дагоран сагӀанел а, цуьнца цхьаьна дохучу кӀен сагӀанел а, хӀора дийнахь дохучу дийнаташ дагоран сагӀанел а, цуьнца цхьаьна дохучу кӀен а, чагӀаран а сагӀанел а сов доккхуш ду хӀара сагӀа. Иза цӀера тӀехь даьккхина сагӀа ду, ткъа цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь хуьлу». |
|
| 7 |
|
| «Оцу ворхӀалгӀачу беттан уьтталгӀачу дийнахь аша беза гулам дӀахӀоттабе. Массо а хӀуманна тӀера марха а кхобуш, цхьа а тайпа болх ма бе цу дийнахь. |
|
| 8 |
|
| Везачу Элана тамехь йолу хаза хьожа йогӀу дийнаташ дагоран сагӀа даккха: цхьа старгӀа а, цхьа ка а, шо кхаьчна болу ворхӀ боьрша Ӏахар а бай. Уьш тӀехь сакхт доцуш хила деза. |
|
| 9 |
|
| Цаьрца цхьаьна кӀен сагӀина лерина хӀора дийнатца зайтдаьттанах эдина долу тоьлла кӀен дама а кечде: хӀора старгӀица ткъе биъ кад дама, коьмаца ялхитта кад дама, |
|
| 10 |
|
| Иштта оцу хӀора ворхӀ Ӏахарца дан деза бархӀ кад дама. |
|
| 11 |
|
| Къинош дӀадахаран Ӏадат кхочушдечу хенахь шаьш дохучу къинан сагӀанел а, хӀора дийнахь аша дохучу дийнаташ дагоран а, цаьрца дохучу кӀен а, чагӀаран а сагӀанел сов цхьа бож къинах долу сагӀа санна яккха еза аша». |
|
| 12 |
|
| «ВорхӀалгӀачу беттан пхуьйтталгӀачу дийнахь аша беза гулам дӀахӀоттабе. Кхечу деношкахь санна болу болх а ца беш, Везачу Элана лерина долу и дезде ворхӀ дийнахь дазде аша. |
|
| 13 |
|
| Шех хаза хьожа йогӀу Везачу Элана тамехь хуьлу дийнаташ дагоран иштта сагӀа даккха цӀера тӀехь: кхойтта старгӀа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта боьрша Ӏахар а. И дийнаташ шайна тӀехь сакхт доцуш хила деза. |
|
| 14 |
|
| Цаьрца цхьаьна кӀен сагӀина лерина хӀора дийнатца зайтдаьттанах эдина долу тоьлла кӀен дама а кечде: кхойтта старгӀанах хӀоранца ткъе биъ кад дама, шина коьмах хӀоранца ялхитта кад дама, |
|
| 15 |
|
| бейтта Ӏахарх хӀоранца бархӀ кад дама. |
|
| 16 |
|
| Къинан сагӀина лерина яло еза цхьа бож. Уьш хир ду аша хӀора дийнахь дохучу дагоран а, кӀен а, чагӀаран а сагӀанел совдаьхна дохуш долу сагӀанаш. |
|
| 17 |
|
| ШолгӀачу дийнахь яло еза шийтта старгӀа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта Ӏахар а. Уьш шайна тӀехь сакхт доцуш хила деза. |
|
| 18 |
|
| СтаргӀанашца а, койшца а, Ӏахаршца а цхьаьна, церан терахье хьаьжжина, кӀен а, чагӀаран а сагӀанаш даха, шайна тӀедиллина ма-хиллара. |
|
| 19 |
|
| Ткъа хӀора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кӀен а, чагӀаран а сагӀанел совдаьккхина къинан сагӀина лерина цхьа бож яло еза аша. |
|
| 20 |
|
| КхозлагӀчу дийнахь яло еза цхьайтта старгӀа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта Ӏахар а. Уьш тӀехь сакхт доцуш хила деза. |
|
| 21 |
|
| Цаьрца цхьаьна дан деза кӀен а, чагӀаран а сагӀанашна лерина долу хӀума, ялийначу старгӀанийн а, койн а, Ӏахарийн а терахье хьаьжжина, Везачу Эло тӀедиллина ма-хиллара. |
|
| 22 |
|
| Ткъа хӀора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кӀен а, чагӀаран а сагӀанел совдаьккхина къинан сагӀина лерина цхьа бож яло еза аша. |
|
| 23 |
|
| ДоьалгӀачу дийнахь яло еза итт старгӀа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта Ӏахар а. Уьш шайна тӀехь сакхт доцуш хила деза. |
|
| 24 |
|
| Цаьрца а дан деза кӀен сагӀина а, чагӀаран сагӀина а лерина дахьаш дерг. Везачу Эло тӀедиллина ма-хиллара, ялийначу старгӀанийн а, койн а, Ӏахарийн а терахье хьаьжжина, хила деза иза. |
|
| 25 |
|
| Ткъа хӀора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кӀен а, чагӀаран а сагӀанел совдаьккхина къинан сагӀина лерина цхьа бож яло еза аша. |
|
| 26 |
|
| ПхоьалгӀачу дийнахь яло еза исс старгӀа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта Ӏахар а. Уьш тӀехь сакхт доцуш хила деза. |
|
| 27 |
|
| Цаьрца а дан деза кӀен а, чагӀаран а сагӀанашна дахьаш дерг. Везачу Эло тӀедиллина ма-хиллара, сагӀина лерина ялийначу старгӀанийн а, койн а, Ӏахарийн а терахье хьаьжжина дан деза иза. |
|
| 28 |
|
| Ткъа хӀора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кӀен а, чагӀаран а сагӀанел совдаьккхина къинан сагӀина лерина цхьа бож яло еза аша. |
|
| 29 |
|
| ЙолхалгӀачу дийнахь яло еза бархӀ старгӀа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта Ӏахар а. Уьш тӀехь сакхт доцуш хила деза. |
|
| 30 |
|
| Цаьрца дан деза кӀен а, чагӀаран а сагӀанашна лерина дахьаш дерг. Иза хила деза, Везачу Эло тӀедиллина ма-хиллара, ялийначу старгӀанийн а, койн а, Ӏахарийн а терахье хьаьжжина. |
|
| 31 |
|
| Ткъа хӀора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кӀен а, чагӀаран а сагӀанел совдаьккхина къинан сагӀина лерина цхьа бож яло еза аша. |
|
| 32 |
|
| ВорхӀалгӀачу дийнахь яло еза ворхӀ старгӀа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта Ӏахар а. Уьш тӀехь сакхт доцуш хила деза. |
|
| 33 |
|
| Цаьрца а дан деза кӀен а, чагӀаран а сагӀанашна лерина дахьаш дерг. Везачу Эло тӀедиллина ма-хиллара, сагӀина лерина ялийначу старгӀанийн а, койн а, Ӏахарийн а терахье хьаьжжина хила деза иза. |
|
| 34 |
|
| Ткъа хӀора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кӀен а, чагӀаран а сагӀанел совдаьккхина къинан сагӀина лерина цхьа бож яло еза аша. |
|
| 35 |
|
| БархӀалгӀачу дийнахь беза гулам дӀахӀоттабе. Вукху деношкахь санна болу болх ма бе цу дийнахь. |
|
| 36 |
|
| Шех хаза хьожа йогӀу Везачу Элана тамехь хуьлу дийнаташ дагоран иштта сагӀа даккха цӀера тӀехь: цхьа старгӀа а, цхьа ка а, шо кхаьчна болу ворхӀ Ӏахар а. Уьш тӀехь сакхт доцуш хила деза. |
|
| 37 |
|
| Цаьрца дан деза кӀен а, чагӀаран а сагӀанашна лерина дахьаш дерг. Везачу Эло тӀедиллина ма-хиллара, сагӀина лерина ялийначу старгӀанийн а, койн а, Ӏахарийн а терахье хьаьжжина, дан деза иза. |
|
| 38 |
|
| Ткъа хӀора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кӀен а, чагӀаран а сагӀанел совдаьккхина, къинан сагӀина лерина цхьа бож яло еза аша. |
|
| 39 |
|
| Иштта, шайн динан дезачу деношкахь цу тайпана дийнаташ дагоран а, кӀен а, чагӀаран а, бертан а сагӀанаш даха. Шаьш йина чӀагӀо кхочушхилийтархьама я шайн деган лаамца дохучу сагӀанел совдахий даха и сагӀанаш». |
|
|
|
|