|
| 1 |
|
| Везачу Эло Мусага элира: |
|
| 2 |
|
| «Исраилан халкъана тӀера маданхошна бекхам бе, цул тӀаьхьа хьо, дӀа а кхелхина, хьайн дайх дӀакхетар ву». |
|
| 3 |
|
| Мусас халкъе элира: «Шайна юкъарчу цхьаболчу нехан кара герз ло. Везачу Элан дуьхьа маданхошна бекхам бан тӀаме бахийта уьш. |
|
| 4 |
|
| Исраилхойн дерриге а тайпанашкара хӀора тайпанна юкъара эзар стаг тӀаме дӀахьажаве». |
|
| 5 |
|
| Иштта, хӀора тайпанара эзар стаг дӀа а къастийна, тӀом бан кийча волу шийтта эзар исраилхо къобалвира цо. |
|
| 6 |
|
| ХӀора тайпанара волу эзар стаг а, динан ден ЭлиӀазаран кӀант Пайнехьас а тӀаме дӀахьажийра Мусас. Пайнехьасан кара дӀаелира езачу меттера йолу пхьегӀаш а, тӀамехь локху турбанаш а. |
|
| 7 |
|
| Везачу Эло Мусана тӀедиллина ма-хиллара, тӀамца маданхошна тӀебахара уьш. Боьрша нах берриге байира цара. |
|
| 8 |
|
| Байинчарна юкъахь вара маданхойн пхиъ паччахь: Ивай, Рекхам, Цура, Хьор, РебаӀ. БеӀаран кӀант БалиӀам а вийра цара туьраца. |
|
| 9 |
|
| Ткъа маданхойн зударий а, церан бераш а исраилхоша йийсаре дигира. Церан дерриге а хьайбанаш а, жаш а, церан долахь хилла долу хӀума а шайна хӀонсана дӀадаьхьира цара. |
|
| 10 |
|
| Маданхойн долахь хилла йолу ерриге а гӀаланаш а, меттаметтанаш а цара цӀе тесна ягийра. |
|
| 11 |
|
| Шаьш схьаяьккхина ерриг хӀума а, шайн хӀонс а — адамашна тӀера хьайбанашна тӀекхаччалц йолу ерриге а хӀума — схьа а эцна, |
|
| 12 |
|
| Муаби-мехкан аренашкахь, Ерихон-гӀалина юххехь долчу Йордан-хин йистехь болчу шайн меттаматте, Мусана а, динан дена ЭлиӀазарна а, Исраилан халкъана а тӀеяьхьира цара. |
|
| 13 |
|
| Муса а, динан да ЭлиӀазар а, халкъан берриг куьйгалхой а, меттаматтара ара а бевлла, тӀамера юхабирзинчу тӀемалошна дуьхьалбахара. |
|
| 14 |
|
| Муса оьгӀазвахара тӀамера цӀа бирзинчу тӀеман хьаькамашна — эзарна а, бӀенна а тӀехь хӀиттийначу хьаькамашна. |
|
| 15 |
|
| Мусас цаьрга элира: «Берриг а зударий дийна хӀунда битина аша? |
|
| 16 |
|
| БалиӀаман хьехамца ПаӀор цӀе йолчу меттехь исраилхой Везачу Элах дӀаберзийна болу зударий уьш ма бу! И бахьана долуш Везачу Элан халкъана юкъахь адам хӀаллакдеш ун ма даьржинера. |
|
| 17 |
|
| Иштта, байъий, дӀабаха берашна юкъара берриг кӀентий а, стагах кхетта болу берриг зударий а. |
|
| 18 |
|
| Ткъа зударшна юкъара цхьана а стеган куьг кхетаза болу йоӀарий шайна дийна бита. |
|
| 19 |
|
| Ткъа хӀинца шуна юкъара шен карах адам делла мел верг а, дийначу адаман докъах дӀа мел хьакхавелларг а шайн меттаматтана арахьа а валий, ворхӀ де даккха, ткъа кхозлагӀчу а, ворхӀалгӀачу а деношкахь шаьш а цӀанло, шайн йийсарехь берш а цӀанбалийта. |
|
| 20 |
|
| Ерриг а бедарш йитта, тӀаьрсигах а, гезарийн тӀергӀах а йина йолу ерриг хӀума а цӀанъе, иштта дечигах йина ерриге а пхьегӀаш а цӀанъе». |
|
| 21 |
|
| Динан дас ЭлиӀазара тӀамера схьабаьхкинчу тӀемалошка элира: «Везачу Эло Мусагахула тӀедиллина долу товрат-хьехаман парз иштта ду: |
|
| 22 |
|
| деши а, дети а, цӀаста а, эчиг а, гӀели а, даш а, |
|
| 23 |
|
| дерриг а цӀергахь дахчо мегаш долу хӀума, иза цӀандархьама, цӀерах чекхдаккха. Цул сов, и дерриг а хица цӀанде. Иштта цӀергахь догур долу хӀума а хих чекхдаккха. |
|
| 24 |
|
| Шайна тӀера бедарш ворхӀалгӀачу дийнахь аша йитта еза. Цул тӀаьхьа шу Далла хьалха цӀена хир ду, шуна меттаматте дахка магийтина ду». |
|
| 25 |
|
| Везачу Эло Мусага элира: |
|
| 26 |
|
| «Схьаяьккхина еана хӀонс ахьа а, динан дас ЭлиӀазара а, халкъан тайпанийн куьйгалхоша а ягаръе, адамашна тӀера дуьйна бежанна тӀекхаччалц. |
|
| 27 |
|
| И хӀонс шина декъе екъа тӀамера схьабаьхкинчу тӀемалошна а, дисинчу халкъана а юкъахь. |
|
| 28 |
|
| ТӀамехь хиллачу тӀемалошкара Везачу Элана йогӀучу йолана схьаэца хӀора чохь са долчу пхи бӀе хӀуманна юкъара цхьаъ — адамаш, хьайбанаш, варраш, уьстагӀий я гезарий уьш елахь. |
|
| 29 |
|
| Церан ахдекъана юкъара схьа а эций, динан дега ЭлиӀазаре дӀало иза, Везачу Элана совгӀатна лерина. |
|
| 30 |
|
| Исраилан халкъан ахдекъах схьадаьккхинчух хӀора шовзткъе иттанна юкъара цхьаъ схьаэца — адамаш а, хьайбанаш а, варраш а, уьстагӀий а, гезарий а уьш елахь. Везачу Элан четарна юххехь ха деш болчу левихошка дӀало уьш». |
|
| 31 |
|
| Везачу Эло Мусана тӀедиллина ма-хиллара, кхочушдира иза Мусас а, динан дас ЭлиӀазара а. |
|
| 32 |
|
| ТӀемалоша тӀамера еанчу хӀонсах йисинарг хӀара яра: жимачу даьхни юкъара ялх бӀе кхузткъе пхийтта эзар дийнат, |
|
| 33 |
|
| доккхачу даьхних кхузткъе шийтта эзар дийнат, |
|
| 34 |
|
| кхузткъе цхьа эзар вир, |
|
| 35 |
|
| цкъа а стагах кхетаза болчу зударех — ерриг а ткъе шийтта эзар йоӀстаг. |
|
| 36 |
|
| ТӀамехь хиллачеран ахдекъана юкъадогӀура жимачу даьхни юкъара кхо бӀе ткъе вуьрхӀитта эзар пхи бӀе дийнат |
|
| 37 |
|
| (царах Везачу Элана совгӀатна лерина ялх бӀе кхузткъе пхийтта дийнат дара), |
|
| 38 |
|
| доккхачу даьхних ткъе ялхитта эзар дийнат (царах Везачу Элана совгӀатна лерина кхузткъе шийтта дийнат дара), |
|
| 39 |
|
| ткъе итт эзар пхи бӀе вир (царах Везачу Элана совгӀатна лерина кхузткъе цхьа вир яра), |
|
| 40 |
|
| ялхитта эзар адам (царах Везачу Элана совгӀатна лерина ткъе шийтта адам дара). |
|
| 41 |
|
| Мусас, Везачу Эло шена тӀедиллина ма-хиллара, Цунна совгӀатна лерина йолу ял динан дега ЭлиӀазаре дӀаелира. |
|
| 42 |
|
| ТӀемалоша деанчух исраилхойн ахдекъах дерг а дӀакъастийра Мусас. |
|
| 43 |
|
| Исраилан халкъана кхаьчначу ахдекъана юкъадогӀура: жимачу даьхних кхо бӀе ткъе вуьрхӀитта эзар пхи бӀе дийнат а, |
|
| 44 |
|
| Хьайба ткъе ялхитта эзар дара. |
|
| 45 |
|
| Вир яра ткъе итт эзар пхи бӀе. |
|
| 46 |
|
| Адам ялхитта эзар дара. |
|
| 47 |
|
| Исраилхойн ахдекъах шовзткъе иттаннах цхьа дакъа, адамашна юкъара а, бежанашна юкъара а дӀаийцира. И дерриг а, Везачу Эло Мусана тӀедиллина ма-хиллара, Везачу Элан четарна юххехь ха деш болчу левихошка дӀаделира. |
|
| 48 |
|
| Эскаран тобанашна тӀехӀиттийна болу эзарнийн а, бӀеннийн а хьаькамаш Мусана тӀебаьхкира. |
|
| 49 |
|
| Цара Мусага элира: «Ахьа тхан кара схьабелла тӀемалой багарбира хьан ялхоша. Царах цхьа а вайна вац. |
|
| 50 |
|
| Оха Везачу Элана сагӀина лерина хӀораммо а ша схьаяьккхинчух хӀума еана. Царна юкъахь ю деших йина иштта хӀуманаш: зӀенаш а, пхьаьрсах духку хӀазарш а, пӀелгах духку мухӀарш а, лергах ухку чӀагарш а, коча ухку хӀуманаш а. Уьш оха еана тхайн синойх Везачу Элана мах дӀабалархьама». |
|
| 51 |
|
| Мусас а, динан дас ЭлиӀазара а деших йина йолу ерриг а хӀуманаш дӀаийцира. |
|
| 52 |
|
| Эзарнийн а, бӀеннийн а хьаькамаша Везачу Элана совгӀатна деана долчу дерриг а дешин барам ялхитта эзар ворхӀ бӀе шовзткъе итт шекхал бара. |
|
| 53 |
|
| ТӀемалоша йоккхуш йолу хӀонс хӀораммо а шена йоккхура. |
|
| 54 |
|
| Мусас а, динан дас ЭлиӀазара а эзарнийн а, бӀеннийн а хьаькамашкара схьаийцира и деши. Иза гуламан четар чу деара цара, Везачу Элана хьалха исраилхойх дагалацамна. |
|
|
|
|