|
| 1 |
|
| Везачу Эло Мусага элира: |
|
| 2 |
|
| «Исраилхошка, тӀе а дуьллуш, иштта дӀаала: „КанаӀан-махка шу дахча, цигахь шуна кхочун долчу лаьттан дозанаш хӀорш ду: |
|
| 3 |
|
| къилбехьа агӀор долу шун доза дӀадолалур ду Цин-яьссачу арара Эдомна юххехула. Шун къилбехьара долу доза Дуьрачу хӀордан къилбехьарчу меттера малхбалехьа дӀагӀур ду. |
|
| 4 |
|
| Иза, къилбехьа а дирзина, Акхрабайм-Ӏинна тӀе а кхаьчна, Цин-яьссачу аренгахула чекхдер ду. Цигара и доза, къилбехьарачу Кхадеш-БарнаьӀа цӀе йолчу метте а кхаьчна, Хьацар-Адар-гӀала а деана, Ӏацмун-гӀалахула чекхдер ду. |
|
| 5 |
|
| Ӏацмунера иза дӀагӀур ду Мисар-мехкан дозанехь долчу хи тӀе, цигара Дуьненаюккъера хӀорда тӀе а кхочуш. |
|
| 6 |
|
| Малхбузера дозанехь хир бу Боккха хӀорд. Иза шун малхбузехьара доза хир ду. |
|
| 7 |
|
| Къилбаседехьа долу шун доза дӀагӀур ду Боккхачу хӀорда тӀера ХӀор-ломана тӀе кхаччалц. |
|
| 8 |
|
| ХӀор-лома тӀера иза Хьамат-Ӏине кхачийта, Цедад-гӀалина тӀе а кхачош. |
|
| 9 |
|
| Цигара Зипрун-гӀалина тӀекхаччалц дӀагӀур ду и доза, Хьацар-Ӏейнан-гӀалина тӀе а кхочуш. Иштта хир ду къилбаседехьа долу шун доза. |
|
| 10 |
|
| Малхбузехь долу шайн доза чекхдаккха Хьацар-Ӏейнан-гӀалина тӀера Шипам-гӀалина тӀекхаччалц. |
|
| 11 |
|
| Шипам-гӀалина тӀера, Ӏейн-гӀалина малхбалехь йолчу Рабила-гӀалина тӀекхочур ду и доза. Цигара дӀа иза Канарот-Ӏоман малхбалерчу бердашкахула чекхдер ду. |
|
| 12 |
|
| Цул тӀаьхьа иза Йордан-хинехула дӀагӀур ду Дуьрачу хӀордана тӀекхаччалц. Массо а агӀор иштта дозанаш а долуш, шун мохк хир бу цунах“». |
|
| 13 |
|
| Исраилан халкъана тӀе а дуьллуш, Мусас элира: «Аша, кхаж а тесна, доккхун долу латта хир ду иза. Везачу Эло исс тайпанна а, Маннашан тӀаьхьенах долчу ахтайпанна а лур ду аьлла иза, |
|
| 14 |
|
| хӀунда аьлча Раабанан тайпанан а, Гадин тайпанан а, Маннашан ахтайпанан а доьзалша шайна догӀуш долу лаьттан дакъош дӀаэцна. |
|
| 15 |
|
| Оцу шина тайпанна а, ахтайпанна а делла долу лаьттан дакъош малхбалехь Йордан-хил дехьа лаьттачу Ерихон-гӀалина дуьхьал агӀор ду». |
|
| 16 |
|
| Везачу Эло Мусага элира: |
|
| 17 |
|
| «Шуна латта декъа дӀахӀиттийначу нехан цӀераш хӀорш ю: динан да ЭлиӀазар а, Нунин кӀант ЮшаӀ а. |
|
| 18 |
|
| ХӀора тайпанах цхьацца куьйгалхо схьакъаставе царна гӀо дан латта декъийта. |
|
| 19 |
|
| Церан цӀераш хӀорш ю: ЯхӀудан тайпанна иза Епунин кӀант Килаб хир ву; |
|
| 20 |
|
| ШимӀин тайпанна — ӀамихӀудан кӀант Шамуал; |
|
| 21 |
|
| Бен-Яманан тайпанна — Кислунан кӀант Эли-Дада; |
|
| 22 |
|
| Данан тайпанна — ЙогӀлин кӀант волу эла Букхай; |
|
| 23 |
|
| Юсупан кӀентан Маннашан тайпанна — Ийпадан кӀант Хьаниал; |
|
| 24 |
|
| Юсупан кӀентан Эпрайман тайпанна — Шиптанан кӀант волу эла Къамуал; |
|
| 25 |
|
| Забулан тайпанна — Парнакан кӀант Эли-Цапан; |
|
| 26 |
|
| Иссарханан тайпанна — Ӏазанан кӀант волу эла Палтиал; |
|
| 27 |
|
| Ашаран тайпанна — Шалумин кӀант АхьъяхӀуд; |
|
| 28 |
|
| Напталан тайпанна — ӀамихӀудан кӀант волу эла ПидӀаил». |
|
| 29 |
|
| КанаӀан-махкара царна кхочуш долу лаьттан дакъош исраилхошна декъа Везачу Эло дӀахӀиттийна берш бу уьш. |
|
|
|
|