×

Делан Йозанаш 2012

Маттай 2

1
Ӏийса ЯхӀуд-махкарчу Байтлахам-гӀалахь вина. Иза яра ХӀарод-паччахь олаллехь волу зама. Ӏийса дуьнен чу ваьлла жимма хан яьлча, Ярушалайм-гӀала баьхкира малхбалехьара хьекъалчаш.
2
Цара адамашка хоьттура: «Мичахь ву хӀинцца дуьнен чу ваьлла волу жуьгтийн къоман паччахь? Тхуна къеггина схьакхетта болу Цуьнан седа гира. Цундела, Цунна хьалха гора а хӀуттуш, корта тоха даьхкина тхо».
3
Иза шена хезча, ХӀарод-паччахь синтем байна хьаьвзира, ткъа цуьнца ерриг а Ярушалайм-гӀала сингаттаме хилла дӀахӀоьттира.
4
ХӀарода ша волчу кхайкхира шен махкара динан коьрта дай а, Ӏелам нах а. Цо цаьрга хаьттира: «Муьлхачу меттехь дуьнен чу вала везаш вара Дала леррина Къобалвинарг?» — аьлла.
5
Цара цуьнга жоп делира: «ЯхӀуд-махкарчу Байтлахам-гӀалара, хӀунда аьлча шен йозанна тӀехь пайхамаро аьлла ду:
6
„Хьо а, ЯхӀуд-махкара Байтлахам-гӀала, ЯхӀудан махкарчу сийлахьчу гӀаланаш юкъахь лахара яц. Хьан махкара вер ву, Сан Исраилан къоман куьйгалхо хилла дӀахӀуттун верг!“»
7
ТӀаккха ХӀарода къайлаха шена тӀе схьакхайкхира малхбалера баьхкина болу хьекъалчаш. Цаьргара цунна хиира, маца гучубаьлла стигалахь керла седа.
8
Байтлахам-гӀала уьш дӀахьажош, цо царна тӀедиллира: «ДӀа а гӀой, цу берах лаьцна доллу хӀума а хаа хьовса. Шайна иза карийначул тӀаьхьа соьга хаам бе, цига ваха а вахана, соьга а Цунна Ӏибадат дайта».
9
Паччахьо шайна тӀедиллиначуьнга ла а доьгӀна, уьш новкъа бевлира. Царна къеггина схьакхетта гина болу седа, хьалха а баьлла, меллаша стигалахула дӀабоьдуш бара. ТӀаьххьара а иза сецира нийсса и бер долчу меттигна тӀехула.
10
Шайна и сурт гича, хьекъалчаш чӀогӀа хазахетта хьаьвзира.
11
Шаьш цӀа чу а дахана, шайна и Бер а, Цуьнан нана Марем а гича, цара, гора а хӀиттина, кортош охьа а таӀийна, Цунна Ӏибадат дира. ТӀаккха Цунна совгӀаташ а делира: деши а, хаза хьожа йогӀу еза хӀума а, деза хьакхар а.
12
ТӀаьхьо царна гӀенах Дела дуьхьалтесира. Цо цаьрга ХӀарод-паччахь волчу юха ма гӀо элира. Цундела уьш кхечу новкъахула шайн махка дӀабахара.
13
Хьекъалчаш дӀабахча, Юсупна гӀенах Везачу Элан малик дуьхьалтесира. Цо элира: «ХьалагӀатта, схьаэца бер а, цуьнан нана а, Мисар-махка, вадий, дӀагӀо. Аса шайга хаам баллалц, цигахь Ӏе, хӀунда аьлча ХӀарод-паччахь и бер лохуш ву, иза ден гӀерташ а ву».
14
Юсуп, сама а ваьлла, бер а, Марем а схьа а эцна, буьйсанна Мисар-махка ведда дӀавахара.
15
ХӀарод-паччахь шен Ӏожаллех кхалххалц, уьш цигахь Ӏийра. Иштта кхочушхилира Везачу Эло пайхамарехула аьлларг: «Мисар-махкара аравалийтархьама схьакхайкхина Аса Сайн кӀанте».
16
Хьекъалчаша ша левинийла хиъча, ХӀарод-паччахь чӀогӀа оьгӀазвахара. Цо сихонца омра делира, Байтлахам-гӀалахь а, цунна гонах йолчу ярташкахь а шина шарера далаза долу божабераш дайа аьлла. Цу берийн хан цо билгалъяьккхина хьекъалчашца шен хиллачу къамелехула.
17
Цу тӀехь кхочушхилла Ярми-ЯхӀу-пайхамарехула хилла болу хаам:
18
«Аз хеза Рами чохь, инзаре мохь, тийжар хеза. Рахьал йоьлху шен берашна, амма цхьаммо а шен дог оьцийла цунна ца лаьа, хӀунда аьлча цуьнан бераш дийна дац».
19
ХӀарод-паччахь веллачул тӀаьхьа Юсупна Мисар-махкахь юха а Делан малик дуьхьалтесира.
20
«Хьала а гӀаттий, — элира цо, — бер а, цуьнан нана а схьа а эций, Исраил-махка дӀагӀо, хӀунда аьлча бер ден гӀиртинарш белла».
21
Бер а, Марем а схьа а эцна, Исраил-махка дӀаваха новкъа велира Юсуп.
22
Шаьш цига дӀакхачале, цунна хиъна, ХӀарод-паччахь кхелхинчул тӀаьхьа цуьнан дарже дӀахӀоьттинарг паччахьан кӀант Архул вуйла. Иза цига дӀаваха ца хӀоьттира. Амма цунна гӀенах юха а малик дуьхьалтесира. Цо Юсупна цигара дӀаваха тӀедожийра. ТӀаккха Юсуп Галилай-махка дӀавахара.
23
Уьш Назарт-гӀалахь бха хевшира. Иштта кхочушхилира Дала пайхамарехула аьлларг: «Цунах назартхо эр ду».
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки