|
| 1 |
|
| Ӏийсас юха а царна цхьа хьекъале дийцар далийра. Цо элира: |
|
| 2 |
|
| «Стигалийн Олаллехь иштта ду. Цхьана паччахьо шен кӀантана зуда ялош той кечдина. |
|
| 3 |
|
| Цо шен ялхой бахийтина хилла, хьалххе кхайкхина хиллачу хьешашка тойне схьадуьйла аьлла, амма вукхарна цига бахка ца лиъна. |
|
| 4 |
|
| Цо юха а ялхой бахийтина хьешашка дӀаала: „ЛадогӀалаш. Той дӀадахьа мел оьшуш дерг долуш ду. Дустийна долчу бежанашна урс а хьаькхна, шадерг а кийча ду. Дуьйлийша зуда ялочохь хӀоттийначу тойне“. |
|
| 5 |
|
| Амма хӀокхара кхайкхина болчу хьешашна цига бахка ца лиъна, уьш шайн гӀуллакхашка маьӀ-маьӀӀе дӀасабевлла. Цхьаъ шен кха тӀе болх бан вахана, важа шен йохкаэцар лело вахана, |
|
| 6 |
|
| ткъа вукхара, паччахьан ялхой схьа а лаьцна, уьш бала боллалц йиттина охьабехкина. |
|
| 7 |
|
| Паччахь чӀогӀа оьгӀазвахана. Цо, шен эскархой а бахийтина, шен ялхой байинарш байийтина, церан гӀала а ягийна. |
|
| 8 |
|
| ТӀаккха цо шен ялхошка элира: „Дерриг а кийча ду той дӀадахьа. Амма тойне кхайкхинарш кхуза бахка хьакъ долу нах ца хилла. |
|
| 9 |
|
| Даха а гӀой, хӀора некъ галморзаха болучу меттера нах схьакхайкха со волчу“. |
|
| 10 |
|
| Ялхоша, баха а бахана, массо а меттера нах схьакхайкхина. Царна юкъахь дика нах а, вон нах а хилла. Хьешийн цӀа хьаладуьзна хилла цара. |
|
| 11 |
|
| Паччахь уьш болчу араваьлча, хьешашна юкъахь цунна гира цхьа стаг, тӀехь тойне воьдуш юхуш йолу бедарш а йоцуш. |
|
| 12 |
|
| Паччахьо цуьнга хаьттира: „ХӀей къонах, хьо муха кхаьчна кхуза цу бедаршца?“ Важа вист ца хилла. |
|
| 13 |
|
| ТӀаккха паччахьо шен ялхошка омра дира: „Иза, схьа а лаций, ког-куьг дӀа а дехкий, Ӏаьржачу боданечу метте чукхосса. Цигахь белхар а, цергаш хьекхор а ду“. |
|
| 14 |
|
| Кхайкхинарш дукха бу, амма царна юкъахь хаьржинарш кӀезиг бу». |
|
| 15 |
|
| ТӀаккха парушхой, ара а бевлла, шайна юкъахь барт беш хилла, Ӏийса дош харцдаьллачу меттехь муха лоцур вара техьа бохуш. |
|
| 16 |
|
| Цара шайн мурдаш бахийтина Иза волчу, царах хӀародхой а тоьхна. Мурдаша Ӏийсага элира: «Устаз! Тхуна хаьа Ахьа бакъдерг дуьйцийла а, Далла тӀе боьду некъ нийса хьоьхийла а. Наха Хьайна олучух гӀайгӀа беш а вац Хьо, хӀунда аьлча Хьо стеган дарже ца хьожу. |
|
| 17 |
|
| Алахьа тхоьга, Хьуна хӀун хета, нийса дуй те римхойн паччахьна ял ялар я дац?» |
|
| 18 |
|
| Ӏийсана хууш яра церан ямарта ойланаш, цундела Цо элира: «Шалхончаш! Со стенна зоь аш? |
|
| 19 |
|
| Схьагайта Суна шаьш йолана луш долу ахча». Цунна дато динари-ахча схьадеара. |
|
| 20 |
|
| ТӀаккха Цо хаьттира: «Хьенан сурт ду кху тӀехь диллинарг, хьенан цӀе ю язйинарг?» |
|
| 21 |
|
| Цара элира: «Римхойн паччахьан». ТӀаккха Ӏийсас цаьрга элира: «Делахь, паччахьна паччахьна доггӀург дӀало, Далла — Далла доггӀург». |
|
| 22 |
|
| Шайна иза хезча, уьш, цец а бевлла, дӀабахара. |
|
| 23 |
|
| Цу дийнахь ХӀара волчу садукъой баьхкира. Уьш ца тешара велла стаг денваларх. Цара Цуьнга хаьттира: |
|
| 24 |
|
| «Устаз, Мусас Ӏамадора: бер доцуш волу стаг велча, цуьнан вашас цунах йисина йолу зуда шена ерзор ю, ткъа цо дина долу бераш веллачун тӀаьхье санна лору. |
|
| 25 |
|
| Цхьана хенахь кхузахь Ӏаш ворхӀ ваша вара. Царах воккхаха волчо зуда ялийра. Шен бераш хилале иза валар бахьана долуш, цуьнан зуда шозлагӀа волчу вешина йисира. |
|
| 26 |
|
| Изза хӀума шозлагӀчу а, кхозлагӀчу а вешица хилира. Иштта ворхӀе а ваша велла дӀавелира. |
|
| 27 |
|
| Царал массарал а тӀаьхьа зуда елира. |
|
| 28 |
|
| Масала, нах беллачуьра денлучу дийнахь цу ворхӀ веших муьлхачун зуда хилла дӀахӀуттур ю иза? Уьш шаберш а цуьнца Ӏийна ма бу». |
|
| 29 |
|
| Ӏийсас жоп делира: «Шу тилла, хӀунда аьлча Делан Йозанаш ца хаьа шуна, Делан ницкъ а ца бевза шуна. |
|
| 30 |
|
| Беллачуьра денлучу заманахь наха зударий а балор бац, я уьш маре а гӀур бац. Стигаларчу маликех тарлур бу уьш. |
|
| 31 |
|
| Ткъа беллачуьра денбаларх лаьцна аьлча, аша ца дешна Дала шайга аьлларг: |
|
| 32 |
|
| „Со ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дела ву“? Иза беллачеран Дела вац, дийначеран Дела ву!» |
|
| 33 |
|
| Шайна и хьехам хезча, нах чӀогӀа цецбевлира. |
|
| 34 |
|
| Цо садукъой Шен жоьпаца ала хӀума а доцуш битина хилар шайна хиъча, парушхой цхьаьна гулбелира. |
|
| 35 |
|
| Царах волчу цхьана Ӏеламчу стага, Ӏийса зерхьама, Цуьнга хаьттира: |
|
| 36 |
|
| «Устаз, товратан хьехамашна тӀехь уггар хьалха тӀедиллина долу гӀуллакх муьлха ду?» |
|
| 37 |
|
| Цо жоп делира: «„Хьайн Веза Дела доггах, доллучу синца, дерриг а хьекъалца веза“. |
|
| 38 |
|
| Иза уггар хьалхара, уггар лакхара тӀедиллина гӀуллакх ду. |
|
| 39 |
|
| Цунах терра шолгӀа тӀедиллинарг а ду: „Хьайн уллораниг хьо санна веза“. |
|
| 40 |
|
| Товрат тӀера бина берриге а хьехамаш а, пайхамарша яздина дерриге а Дала тӀедиллинчу оцу шина гӀуллакх тӀехь лаьтташ ду». |
|
| 41 |
|
| ТӀаккха Ӏийсас схьагулбеллачу парушхошка хаьттира: |
|
| 42 |
|
| «ХӀун ойланаш йо аша Дала леррина Къобалвинчух лаьцна? Хьенан КӀант ву Иза?» Цара Цуьнга элира: «Даудан КӀант ву». |
|
| 43 |
|
| Ӏийсас цаьрга элира: «Делан Сино иракарахӀоттийна волчу Дауда хӀунда олу Цунах „Хьалдолу Эла“? Цо ма олу: |
|
| 44 |
|
| „Везачу Эло аьлла сан Хьалдолчу Эле: ‘Суна аьтту агӀор охьахаа, Аса Хьан мостагӀий Хьан когашка охьабахккалц’“. |
|
| 45 |
|
| Дауда „Хьалдолу Эла“ ву аьлла, Цуьнан цӀе йоккхуш хилча, Иза муха хир ву Даудан кӀант?» |
|
| 46 |
|
| Цхьаммо а, цхьа дош аьлла а, жоп ца делира Цунна дуьхьал. ХӀетахь дуьйна схьа Ӏийсага цхьа а хаттар дан ца хӀуттура уьш. |
|
|
|
|