|
| 1 |
|
| «Цхьанна а кхел ма е, Дала шуна а кхел йийр яц. |
|
| 2 |
|
| Аша нахана кхел ярх терра, шуна а кхел йийр ю. Аша нехан ма-хаддора, Дала шун а хадор бу мах. |
|
| 3 |
|
| Хьайна уллохь волчун бӀаьргара чамхалге хӀунда хьоьжу хьо, хьайн бӀаьргара хен а ца гуш? |
|
| 4 |
|
| Хьоьга муха алалур ду хьайн веше: „Схьахьажал, аса бӀаьргара чамхалг дӀайоккху хьуна“, хьайн бӀаьргахь хен боллушехь? |
|
| 5 |
|
| Шалхонча, цкъа хьайн бӀаьргара хен дӀабаккха, тӀаккха са гур ду хьуна, хьайн вешин бӀаьргара чамхалг схьаяккха. |
|
| 6 |
|
| Далла гергахь еза йолу хӀума жӀаьлеш дӀа ма луо, уьш, юха а дирзина, шух летар ду. ЖовхӀарш хьакхарчашна хьалха а ма кхисса, цаьрга уьш ца хьешийта». |
|
| 7 |
|
| «Деле диэха — Цо дехнарг лур ду шуна. Дела лаха — Иза карор ву шуна, неӀ тоха, иза дӀайоьллур ю шуна, |
|
| 8 |
|
| хӀунда аьлча хӀора доьхучунна жоп ло Дала, лохуш волчунна карадойту, неӀ тухучунна — схьайоьллуьйту. |
|
| 9 |
|
| Шуна юкъахь вуй теша стаг, шега шен кӀанта бепиг дехча, цуьнга тӀулг кховдон верг? |
|
| 10 |
|
| Я чӀара бехча, цуьнга лаьхьа кховдон верг? |
|
| 11 |
|
| Шаьш мел къиза делахь а, шайн берашна оьшург аша луш хилча, стигалахь волчу шун Дас мел дукха дика болх бийр бу Шега доьхуш волчунна! |
|
| 12 |
|
| Цундела нахаца йолу юкъаметтиг уьш шайца схьа хила ма-лаъара лелае. Иза товрат тӀера бинчу хьехамашна а, пайхамаршна яздинчунна а тӀера схьадогӀуш ду». |
|
| 13 |
|
| «Далла уллорачу дахаре боьду некъ готта бу шуна. Цундела готта ков а, некъ а лаха. Шуьйра ков а долуш, шуьйра некъ — иза стаг хӀаллакьхуьлу некъ бу. Дукха нах дӀабоьлху цу новкъахула. |
|
| 14 |
|
| Дахарна тӀевоьдучохь долу ков готта ду, цу тӀе боьдуш болу некъ хала бу. КӀеззигчарна бен иза кара а ца бо. |
|
| 15 |
|
| УьстагӀийн аматехь шайна дуьхьал хӀуьттуш болчу харц-пайхамарех ларлолаш. Кийрахь луьрачу берзан дог ду шуна церан. |
|
| 16 |
|
| Уьш шайн стоьмаца бевзар бу шуна. Гулйой аша коканийн кулла тӀера кемсаш, я вирбаӀ тӀера комарш? |
|
| 17 |
|
| Дикачу дитто дика стом ло, ткъа вуочу дитта тӀехь вон стом кхуьу. |
|
| 18 |
|
| Дикачу дитта тӀехь вон стом кхиа а йиш яц, амма вуочу дитта тӀехь дика стом а ца хуьлу. |
|
| 19 |
|
| ХӀора вон дитт, цу тӀехь дика стом кхуьуш бацахь, схьа а хададой, цӀера юккъехь дагадо. |
|
| 20 |
|
| Иштта, харцпайхамарш церан гӀуллакхаша бовзуьйту. |
|
| 21 |
|
| ХӀора Соьга: „Ва сан Веза Эла“ бохуш волчо Стигалийн Олалла тӀелоцур дац. Цига кхочун верг стигалахь волчу Сан Ден лаам кхочуш а беш, Цунна муьтӀахь хила веза. |
|
| 22 |
|
| Дуккха а болчара эр ду Соьга цу дийнахь: „Ва Веза Эла! Хьан цӀарах ца бора оха Делера болу хаам? Хьан цӀарах дӀа ца лелхадора оха жинаш? Хьан цӀарах ца бора оха дуккха а тамашийна белхаш?“ |
|
| 23 |
|
| Ткъа Аса цаьрга эр ду: „Генадовлал Суна уллора, харц белхаш лелош дерш! Суна шу цкъа а девзаш ца хилла!“» |
|
| 24 |
|
| «Цундела Соьга ла а дугӀуш, Аса аьлларг деш верг шен шахьар буточу тархана тӀехь юттучу стагах тера ву. |
|
| 25 |
|
| ДогӀа а тӀедоьттина, хиш а дистина деана, чӀогӀа мох а хьаькхна, амма цуо дина долчу цӀенна хӀумма а ца хилла, хӀунда аьлча цу цӀийнан бух буточу тархана тӀехь боьттина бу. |
|
| 26 |
|
| ХӀинца Аса бохучуьнга ладугӀуш воцург шен цӀийнан бух гӀамаршна тӀехь боьттинчух тера ву. |
|
| 27 |
|
| ДогӀа а деача, хиш дистина а деача, мох а хьаькхча, цуьнан цӀа тӀе а кхетта, доьхна дӀадаьлла, схьаэца хӀума а доцуш». |
|
| 28 |
|
| Ӏийса и дешнаш аьлла ваьлча, адамаш Цуьнан хьекъалх чӀогӀа цецдевллера, |
|
| 29 |
|
| хӀунда аьлча церан Ӏеламчу наха санна а доцуш, олалла долчо санна хьоьхура Цо. |
|
|
|
|