|
| 1 |
|
| Ӏийса, хинкеманна тӀе а хиъна, Ӏам тӀехула дехьа а ваьлла, Шен гӀала кхечира. |
|
| 2 |
|
| Цунна тӀе валийра шен дегӀан дола ца далуш волу цхьа стаг. Иза, хьалагӀатта де доцуш, меттахь Ӏуьллуш вара. Ӏийсас, уьш Делах тешаш хиларх Ша кхеттачул тӀаьхьа, заьӀапхочуьнга элира: «Доьналла долуш хила, сан кӀант, хьан къиношна гечдина». |
|
| 3 |
|
| Иза хезна болчу Ӏеламчу наха шайн дагахь бохура: «Цу стага ма Ӏеса къамел до!» |
|
| 4 |
|
| Церан дагахь дерг Ӏийсана хаьара. Цундела Цо цаьрга элира: «Вон ойланаш хӀунда ю шун даг чохь? |
|
| 5 |
|
| Муьлха ду ала атта: „Хьан къиношна гечдина“ я: „Хьала а гӀаттий, дӀагӀо“? |
|
| 6 |
|
| Амма Суна лаьа шуна хаийта Адамийн КӀентан дуьнен тӀехь къиношна гечдан олалла дуйла». Цомгуш волчуьнга Ӏийсас элира: «ХьалагӀатта, хьайн мотт-гӀайба схьа а эций, цӀа гӀуо». |
|
| 7 |
|
| Важа, хьала а гӀаьттина, цӀа вахара. |
|
| 8 |
|
| Адамийн тоба, шена и хӀума гича, чӀогӀа кхера а елла, Далла хастамаш бан йолаелира, Цо адамашна оццул чӀогӀа бакъо яларна. |
|
| 9 |
|
| Ӏийса цигара дӀавоьдучу хенахь Цуьнан бӀаьрг кхийтира Маттай цӀе йолчу стагах. Иза ял схьагулъеш болчеран бун чохь Ӏаш вара. Ӏийсас элира: «Суна тӀаьххье схьавола!» Маттай, хьала а гӀаьттина, Цунна тӀаьхьа дӀавахара. |
|
| 10 |
|
| Ӏийса Шен мурдашца Маттайн хӀусамехь яа хӀума юуш Ӏаш хилла. Царна тӀе а баьхкина, цаьрца яа хӀума яа охьахиира ял схьагулъеш болу наххий, адамашна юккъехь къинош летийна аьлла, цӀе яхана болу наххий. |
|
| 11 |
|
| Шайна и сурт гича, парушхоша Цуьнан мурдашка хаьттира: «Шун Устаз ял схьагулъеш болчаьрций, къинош летийначаьрций хӀума юуш хӀунда Ӏа?» |
|
| 12 |
|
| Иза Шена хезча, Ӏийсас элира: «Могуш болчарна лор оьшуш вац, цомгуш болчарний бен. |
|
| 13 |
|
| Даха а гӀой, хьажа Делан Йозанашкахь яздинчуьнга: „Суна шун вовшашца къинхетамалла хилар деза ду, аша Сан дуьхьа дохучу сагӀанел“. Бакъахьара лелачаьрга кхайкхам бан ца веана Со, къинош летийначаьрга бен». |
|
| 14 |
|
| Яхьъян мурдаша, Ӏийсана тӀе а баьхкина, хаьттира: «Охий, парушхоший кест-кестта марха кхобу, ткъа Хьан мурдаша цкъа а марха кхобуш ма ца го?!» |
|
| 15 |
|
| Ткъа Ӏийсас элира: «Зуда ялош волчун накъостий гӀайгӀане хуьлий, иза шайна юкъахь мел ву? Амма тӀедогӀур ду зуда ялош верг кхарна юккъера дӀавуьгун волу цхьа де. ТӀаккха хир бу уьш гӀайгӀане, марха кхаба а болалур бу. |
|
| 16 |
|
| Цхьаммо а ца латайо цӀеначу кӀадих тишачу бедарна йома, хӀунда аьлча и йома гатъелла, оза а елла, дӀахӀоьттича, бедар тӀера Ӏуьрг кхин а доккха хир ду. |
|
| 17 |
|
| Керла чагӀар тишачу пӀаьлдиг чу а ца дутту. ПӀаьлдиг бетӀар бу, чагӀар чуьра охьагӀур ду. ПӀаьлдиг а хӀаллакьхир бу. Амма керла чагӀар керлачу пӀаьлдиг чу дутту: пӀаьлдиг а, чагӀар а шен меттехь хир ду». |
|
| 18 |
|
| Цо и къамел дечу хенахь Ӏийсана тӀевеара гуламан цӀийнан куьйгалхо. Цунна хьалха гора а хӀоьттина, цо элира: «Сан йоӀ хӀинцца дӀаяьлла. Хьо ван а веана, Ахьа цунна тӀе куьйгаш дехкича, иза денлур яра». |
|
| 19 |
|
| Ӏийса, хьала а гӀаьттина, Шен мурдашца цунна тӀаьхьа дӀавахара. |
|
| 20 |
|
| Цигахь, шийтта шарахь цӀий ца соцуш, цомгуш йолу зуда яра. Ӏийсана тӀехьахула тӀе а еана, Цуьнан бедарх кхозуш йолчу чечакхах дӀахьакхаелира иза. |
|
| 21 |
|
| Массо а хенахь ша-шега цо олура: «Цкъа мукъана а Цуьнан бедарх со дӀахьакхаелча, со толур яра». |
|
| 22 |
|
| Ӏийсас, юха а вирзина, и зуда Шена гича, элира: «Доьналла долуш хила, Сан йоӀ! Хьан тешаро тойина хьо!» И зуда цу сохьта тоелира. |
|
| 23 |
|
| Ӏийса гуламан цӀийнан куьйгалхо волчу цӀа веача, Цунна гира зурманчаш а, доьлхуш, доьхна адам а. |
|
| 24 |
|
| Цо элира: «ДӀагӀо кхузара! ЙоӀ яла ца елла, иза йижина Ӏуьллуш ю!» Амма нах Кхунах боьлуш лаьтташ бара. |
|
| 25 |
|
| Уьш цӀа чуьра аралаьхкича, Ӏийсас, йоӀ йолчу чу а вахана, цуьнан куьг схьалецира. ЙоӀ Ӏуьллучуьра хьалагӀаьттира. |
|
| 26 |
|
| Цу тамашийначу хӀуманах лаьцна хабар массо а метте дӀасадаьржира. |
|
| 27 |
|
| Ӏийса цигара дӀавоьдучу хенахь Цунна тӀаьхьавогӀуш вара бӀаьрзе ши стаг. Цара, кест-кеста мохь тухуш, олура: «Къинхетам бехьа тхох, Даудан КӀант!» |
|
| 28 |
|
| Ӏийса цӀа чу ваьлча, бӀаьрзенаш Цунна гергга тӀебаьхкира. Цо цаьрга элира: «Шу теший Аса шун бӀаьрса юхадоуьйтург хиларх?» Цара элира: «Теша, Веза Эла!» |
|
| 29 |
|
| Ӏийсас церан бӀаьргех куьг Ӏоьттира. Цо элира: «Шу тешаш дерг хилийталахь!» |
|
| 30 |
|
| ТӀаккха церан бӀаьрса схьадеара. Ӏийсас царна чӀоггӀа тӀедиллира: «Цхьанна а стагана Сох лаьцна хаа йиш йолуш дац шуна». |
|
| 31 |
|
| Амма шаьш дӀабаханчул тӀаьхьа, цара Цунах лаьцна массо а маьӀӀе дӀасадаржийра. |
|
| 32 |
|
| Шен мурдашца Иза дӀаваха кечвеллачу хенахь Ӏийса волчу валийра мотт сецна волу стаг. Иза жино хьийзош вара. |
|
| 33 |
|
| Ӏийсас жин дӀалаьллиначу хенахь и стаг къамел дан волавелира. Наха цецбовларца бохура: «И санна долу хӀума Исраилан махкахь цкъа а хилла дац». |
|
| 34 |
|
| Ткъа парушхоша бохура: «Цо жинаш лохку жинийн элан гӀоьнца». |
|
| 35 |
|
| Ӏийса массо а гӀаланашкахула, ярташкахула чекхволура. Цо нехан гуламан цӀеношкахь Ӏамадора, Стигалийн Олаллех хаза кхаъ кхайкхабора, нах массо а цамгарех тобора. |
|
| 36 |
|
| Адамийн тоба Шена гуш, Цунна нахах къахетара. Уьш чӀогӀа гӀайгӀане а, дуьненах дог диллина, Ӏу воцу бажа санна, лелаш бара. |
|
| 37 |
|
| Цо Шен мурдашка олура: «Хьовсал, мел дукха адам кийча ду Делан Олалла тӀелаца. Уьш кхиъна доккха ялта санна бу, амма и ялта чудерзо белхалой кӀезиг бу. |
|
| 38 |
|
| Ялта долчу Дега деха, иза чуэца кхин а белхалой бахкийта алий». |
|
|
|
|