|
| 1 |
|
| Далла лерина шоьтан де дӀадаьллачу хенахь Магдалера Марема а, Якъубан нанас Марема а, Шалумата а хаза хьожа йогӀу хьакхарш ийцира, уьш Ӏийсан докъана хьакхархьама. |
|
| 2 |
|
| Ӏуьйранна, сатосучу хенахь, кӀирандийнахь и зударий къубба йолчу бахара. |
|
| 3 |
|
| Цара вовшашка хоьттура: «Къуббанан неӀарера тӀулг хьан дӀабоккхур бу те вайна?» — бохуш. |
|
| 4 |
|
| Ткъа дӀахьаьжча, тӀулг дӀакарчийна гира зударшна. И тӀулг чӀогӀа боккха бара. |
|
| 5 |
|
| Уьш къубба чу бевлча, аьтту агӀор хиъна, кӀайн духар а долуш, кӀант гира царна. Уьш чӀогӀа Ӏадийнера. |
|
| 6 |
|
| Ткъа цо элира зударшка: «Кхера ма ло. ЖӀарах дӀатоьхна хилла Назартера Ӏийса лоьху аш? Иза денвелла. И кхузахь вац. ХӀара ю Иза охьавиллина хилла меттиг. |
|
| 7 |
|
| Амма аш, гӀой, Цуьнан мурдашка а, Кипе а ала: „Ӏийса Галилай-махка шул хьалхаваьлла гӀур ву, цигахь гур ву шуна Иза, Цо шуьга ма-аллара“». |
|
| 8 |
|
| Зударий, къубба чуьра ара а бевлла, дӀабевдира. Уьш чӀогӀа кхерабаларна боьхнера, цара цхьаьнгге а хӀумма а ца дийцира. |
|
| 9 |
|
| КӀирандийнахь, хьалххе, веллачуьра ден а велла, Ӏийса хьалха Магдалера, шена чуьра ворхӀ жин арадаьккхинчу Маремана дуьхьал хӀоьттира. |
|
| 10 |
|
| Цо яхана шена гинарг Цуьнца хьалха хиллачаьрга, ткъа хӀинца Цунна боьлхуш Ӏаш болчаьрга дӀадийцира. |
|
| 11 |
|
| Амма Ӏийса дийна ву аьлла хезча а, Марема шена Иза гина аьлча а, хӀетте а уьш ца тийшира. |
|
| 12 |
|
| Цул тӀаьхьа мурдех шинна а, уьш юьрта боьлхучу хенахь, кхечу куьцехь а волуш, дуьхьалхӀоьттира Ӏийса. |
|
| 13 |
|
| Цара а, юхабирзича, дӀахаийтира иза кхечаьрга, амма царах а ца тийшира уьш. |
|
| 14 |
|
| ТӀаьххьара а оцу цхьайтта векална а, цара хӀума юучу хенахь, дуьхьалхӀоьттира Ӏийса. Цо тӀехтуьйхира царна церан тешар ца хилар а, дегнаш шагделла хилар а, уьш Ша веллачуьра денвелла гинчарех а ца тешарна. |
|
| 15 |
|
| Цо элира цаьрга: «Дуьне мел ду дӀа а гӀой, массо а адамашна дӀакхайкхабе хаза кхаъ. |
|
| 16 |
|
| Оцу кхоах теша а тешна, ша хих чекхваккхийтинарг кӀелхьарвоккхур ву, ткъа ца тешачунна — кхел хир ю. |
|
| 17 |
|
| Ткъа тешначарна иштта билгалонаш хир ю: Сан цӀарца жинаш а арадохур ду цара, кхечу меттанашца а дуьйцур ду. |
|
| 18 |
|
| Цаьрга лаьхьанаш караэцийтича а, я дӀовш малийтича а зе хир дац царна, цара цомгушчарна тӀе куьйгаш диллича, цомгушнаш толур бу». |
|
| 19 |
|
| Иштта цаьрца къамел динчул тӀаьхьа Ӏийса-Эла, стигала хьала а ваьккхина, Далла аьтту агӀор охьахиира. |
|
| 20 |
|
| Ткъа Цуьнан мурдаша, бахана, массанхьа а хаза кхаъ кхайкхийра. Везачу Эло гӀо дора царна. Мурдаша дахьачу хазачу кхоан дешнаш инзаре билгалонашца чӀагӀдора Цо. |
|
|
|
|