|
| 1 |
|
| Цхьана шоьтан дийнахь юха а гуламан цӀа чу веара Ӏийса. Цигахь куьг заьӀап долуш цхьа стаг вара. |
|
| 2 |
|
| Цхьадолу адамаш чӀогӀа Ӏийсан тергам беш дара, Далла леринчу шоьтан дийнахь Цо дарба до те я ца до те хьоьжуш, юха Иза бехке вархьама. |
|
| 3 |
|
| Ӏийсас куьг заьӀап долчу стаге элира: «Хьала а гӀаттий, массарна хьалха дӀахӀотта». |
|
| 4 |
|
| ТӀаккха оцу нахе Ӏийсас хаьттира: «ХӀун боху бакъоно, Далла леринчу шоьтан дийнахь хӀун дан мегаш ду, дика я вон? Стеган дахар кӀелхьардаккха я иза хӀаллакдан?» Ткъа уьш бист ца хилира |
|
| 5 |
|
| ТӀаккха, цаьрга массаьрга а реза воцуш хьажа а хьаьжна, церан къиза дегнаш хиларна халахетарца, Ӏийсас элира куьг заьӀап долчу стаге: «Схьакховдаде хьайн куьг!» Вукхо куьг схьакховдийра — иза оцу сохьта тоделира. |
|
| 6 |
|
| Ткъа парушхой, ара а бевлла, сихонца ХӀародан адамашца барт бан буьйлабелира, Ӏийса шаьш муха хӀаллаквийр вара те бохуш. |
|
| 7 |
|
| Цу хенахь Ӏийса Шен мурдашца Ӏома йисте веара. Дукха адам дара Цунна тӀаьхьа лелаш. Галилай-махкара а, ЯхӀуд-махкара а, |
|
| 8 |
|
| Ярушалаймера а, Эдом-меттигера а, Йорданан тӀехьара а, Цора-гӀалина а, ЦӀадан-гӀалина а гонах Ӏаш долу дукха адам деанера И волчу. Цо дечу гӀуллакхех лаьцна шайна хезна дела баьхкинера Цунна тӀе уьш. |
|
| 9 |
|
| Адам дукха тӀех гулдаларна, цаьрга Ша ца хьашийтархьама, хинкема кечдайтира Ӏийсас Шен мурдашка. |
|
| 10 |
|
| Дукхахболчу баьхкинчарна дарба дира Цо, цундела массо а цомгушнаш Ӏийсана юххе гӀертара, Цунах куьг Ӏотта гӀерташ. |
|
| 11 |
|
| ХӀоразза а харц жинашна Ӏийса гича, Цунна хьалха охьаоьгура уьш, мохь а хьоькхуш: «Хьо Делан КӀант ву!» — бохуш. |
|
| 12 |
|
| Ткъа Ӏийсас чӀогӀа доьхкура царна, Ша мила ву ма дийца бохуш. |
|
| 13 |
|
| Юха Ӏийсас, лам тӀе хьала а ваьлла, мурдашна юкъара Шена оьшурш тӀекхайкхира. Уьш Цунна тӀе баьхкира. |
|
| 14 |
|
| Царна юкъара Ӏийсас шийтта мурд схьакъастийра (царах Цо векалш элира), уьш Шена юххехь хилийтархьама а, цаьрга хьехамаш байтархьама а, |
|
| 15 |
|
| адамашна чуьра жинаш арадаха церан олалла хилийтархьама а. |
|
| 16 |
|
| Ӏийсас къастийна векалш хӀорш бара: ШамӀа (Ӏийсас тӀаьхьа, Кипа аьлла, цӀе тиллинарг), |
|
| 17 |
|
| Зевадин кӀант Якъуб, цуьнан ваша Яхьъя, (шайна Ӏийсас, Баней-Раговш аьлла, цӀе тиллинарш, иза «ткъесан кӀентий» бохург ду), |
|
| 18 |
|
| Ӏандар, Пилап, Барталамай, Маттай, ТӀама, ХӀалпайн кӀант Якъуб, Тхьада, ШамӀа (ша тӀелаьцнарг тӀевирззина кхочушдан гӀертарг), |
|
| 19 |
|
| ЯхӀуд-Искархо а, тӀаьхьа ямартхо хилларг. |
|
| 20 |
|
| Цул тӀаьхьа Ӏийса цӀа чу вахча, юха а дукха нах гулбелира, ур-атталла юург яа а меттиг ца йолуьйтуш Ӏийсана а, Цуьнан мурдашна а. |
|
| 21 |
|
| Ӏийсан цӀерачарна цунах лаьцна хезча, уьш Иза дӀавига баьхкира, хӀунда аьлча наха дуьйцура, Иза лар тӀехь вац бохуш. |
|
| 22 |
|
| Ткъа Ярушалаймера баьхкинчу Ӏелам наха олура: «Цунна чу БаӀал-Зебула-жин доьлла! Оцу харц жинийн элан олаллица жинаш арадоху Цо адамашна чуьра!» |
|
| 23 |
|
| ТӀаккха Ӏийсас, уьш Шена тӀе а кхайкхина, дустарш далийра царна: «Иблисо муха эккхор ду иблис? |
|
| 24 |
|
| Цхьана пачхьалкхехь вовшашлахь тӀом хилча, и пачхьалкх хӀаллакьхир ю. |
|
| 25 |
|
| Я цхьана доьзалехь цхьа барт бацахь, иза а бухур бу. |
|
| 26 |
|
| Ткъа иблис ша-шена дуьхьал даьлча, иблисан олалла шена чохь а декъаделча, иза кхин латталур дац, цуьнан тӀаьххьара де тӀекхочу. |
|
| 27 |
|
| Цхьа а ца воьду шел онданиг волчу цӀа чу, цуьнан хӀуманаш лачкъо, цкъа хьалха иза дӀавихкина бен, къола далур дац цуьнан цӀахь. |
|
| 28 |
|
| Баккъалла а боху Аса шуьга: „Адамийн кӀенташна муьлхха а къиношна гечдийр ду, цара Дела сийсазвар а тӀехь, |
|
| 29 |
|
| амма Делан Са сийсаздинчунна цкъа а гечдийр дац, иза гуттаренна къинойн баланехь хир ву“». |
|
| 30 |
|
| Иштта дешнаш элира Ӏийсас, Шех лаьцна наха «Иза харц жинашца тайна ву», — олу дела. |
|
| 31 |
|
| Ӏийса волчу Цуьнан наний, вежарий баьхкира. Уьш арахь севцира. Цара Ӏийса аракхайкхира, |
|
| 32 |
|
| хӀунда аьлча, гонах хиъна дукха адам хиларна, Цунна тӀе ца кхачалора уьш. Ӏийсага элира: «Хьажахь, Хьан наний, вежарий, йижарий бу-кх арахь Хьо хоьттуш». |
|
| 33 |
|
| Цо жоп делира: «Муьлш бу Сан наний, вежарий?» |
|
| 34 |
|
| ТӀаккха, Шена гонах хевшина болчаьрга а хьаьжна, Ӏийсас элира: «ХӀорш бу Сан наний, вежарий! |
|
| 35 |
|
| ХӀунда аьлча Делан лаам кхочушбеш берш бу Сан ваша а, йиша а, нана а». |
|
|
|
|