|
| 1 |
|
| Ӏийса шен мурдашца дуьхьаларчу берда тӀехь лаьттачу ГӀарас цӀе йолчу меттиге веара. |
|
| 2 |
|
| Иза хинкеманна тӀера лаьтта ваьлча, Цунна дуьхьал нах дӀабухкучу хьехаш чуьра жинаша хьийзош волу цхьа стаг веара. |
|
| 3 |
|
| Оцу хьехаш чохь Ӏаш вара иза. Цхьаьнгге а ур-атталла зӀенашца а дӀа ца вехкалора иза, |
|
| 4 |
|
| хӀунда аьлча мосуьйттазза а зӀенашца вихкича а, когех буржалш тоьхча а, цо уьш хедадора. Цхьаьнггахь а иза теван ницкъ а бацара. |
|
| 5 |
|
| Массо дийнахь а, буса а къуббанашна а, баьрзнашна а юккъехула а лелаш, чӀогӀа мохь а хьоькхуш, тӀулгех ветталуш лелара иза. |
|
| 6 |
|
| Геннара Ӏийса вогӀу а гина, дуьхьал а ведда, Цунна хьалха гора а воьжна, |
|
| 7 |
|
| чӀогӀа мохь хьаькхира цо: «Хьуна хӀун оьшу соьгара, Ӏийса, Веза Воккхачун КӀант? Делан дуьхьа доьху Хьоьга, ма хьийзавехьа со?» |
|
| 8 |
|
| Ткъа Ӏийсас хӀетале омра динера жине: «Арадала оцу стагана чуьра!» — аьлла. |
|
| 9 |
|
| ТӀаккха Ӏийсас хаьттира жине: «ХӀун ю хьан цӀе?» — бохуш. Вукхо жоп делира: «„Эскар“, хӀунда аьлча тхо дуккха а ду». |
|
| 10 |
|
| Оцу жинаша чӀогӀа дехар дира Ӏийсага, шаьш оцу махкара дӀа ма довлийтахьара аьлла. |
|
| 11 |
|
| Циггахь лам тӀехь бежаш хьакхарчийн боккха бажа бара. |
|
| 12 |
|
| Жинаша Ӏийсага дийхира, шаьш царна чу довлийтахьара аьлла. |
|
| 13 |
|
| Цо царна пурба делира. Жинаш, оцу стагана чуьра ара а девлла, хьакхарчашна чудевлира. Ши эзар гергга йолу хьакхарчий, лекхачу берда тӀера хи чу а лилхина, Ӏоман буха яхара. |
|
| 14 |
|
| Ӏуй, бевдда дӀа а бахана, гӀалахь а, юххерчу ярташкахь а хиллачух лаьцна дуьйцуш бара. Нах хьажа баьхкира, хилларг хӀун ду те аьлла. |
|
| 15 |
|
| Ӏийсана юххе баьхкича, и жинаша хьийзина волу стаг, тӀе хӀума а юьйхина, метта а веана, шайна гича, уьш кхерабелира. |
|
| 16 |
|
| И дерриг гиначара дийцира баьхкинчаьрга цу стагах а, хьакхарчех а хиллачух лаьцна. |
|
| 17 |
|
| ТӀаккха цигара бахархоша дийхира Ӏийсага, шаьш а, шайн мохк а битина, дӀагӀахьара Хьо аьлла. |
|
| 18 |
|
| Ӏийса хинкеман тӀе волуш, жинех паргӀатваьллачу стага ша а вигар дийхира Цуьнга. |
|
| 19 |
|
| Амма Ӏийсас цунна ца магийра иза. Цо элира: «ЦӀа а гӀой, хьайн цӀерачаьрга дийца Везачу Эло хьайна мел дика дина а, Цо хьайх мел боккха къинхетам бина а». |
|
| 20 |
|
| Оцу стага, дӀа а вахана, Иттшахьар-махкахь бехачу нахе Ӏийсас шена динчу доккхачу диканах лаьцна дийцира, ткъа массо а цецбуьйлура. |
|
| 21 |
|
| Ӏийса Шен мурдашца хинкеман тӀехь Ӏоман берда тӀе юхавеача, Цуьнга хьоьжуш дукха адам дара. Уьш Цунна гонах гулделира. |
|
| 22 |
|
| Оцу хенахь И волчу гуламан цӀа чохь куьйгалхо волу Яир веара. Ӏийса а гина, иза, Цуьнан когашка охьа а воьжна, |
|
| 23 |
|
| чӀогӀа дехар дан хӀоьттира: «Сан йоӀ леш ю. Доьху Хьоьга, ван а волий, цунна тӀе куьйгаш а дахкий, то а яй, дийна йисийтахьа иза», — бохуш. |
|
| 24 |
|
| Ӏийса Яирца дӀавоьдуш, Цунна тӀаьххье дукха адам дахара, Иза халла бен чекх а ца валалуш. |
|
| 25 |
|
| Царна юкъахь цхьа зуда а яра, шийтта шарахь цӀий ца соцуш, бала хьоьгуш йолу. |
|
| 26 |
|
| Дуккха а лоьраша гӀо дечу метта бала хьегийтинера оцу зудчуьнга. Амма лоьрашна шен долахь мел дерг а дойуш, алссам харж йича а, гӀоле хуьлучу метта, кхин а чӀагӀъеллера иза. |
|
| 27 |
|
| Ӏийсах лаьцна шена хезча, цо, адамашна юккъехула тӀехьашха Цунна тӀе а яхана, Ӏийсан бедарх куьг Ӏоьттира. |
|
| 28 |
|
| ХӀунда аьлча оцу зудчо ойла йинера: «Нагахь санна Цуьнан тӀера бедарх хьакхаелча а, со толур ю», — аьлла. |
|
| 29 |
|
| Оцу сохьта дӀаоьху цӀий а сецна, ша тоеллий хиира зудчунна. |
|
| 30 |
|
| Ткъа Ӏийсана сихха хааделира Шех ницкъ дӀакъаьстиний. Гонах долчу адамашкахьа а вирзина, Ӏийсас хаьттира: «Мила ву Сан бедарх куьг Ӏоьттинарг?» — аьлла. |
|
| 31 |
|
| Цуьнан мурдаша элира: «Хьайна тӀегӀоьртина оццул адам гушшехь, хоьтту-кх Ахь: „Мила ву Сох куьг Ӏоьттинарг?“» |
|
| 32 |
|
| Амма Ӏийса леррина гонах хьоьжура, и динарг мила ву те ган лууш. |
|
| 33 |
|
| ТӀаккха зудчо, шена хилларг хӀун ду а хиъна, дукха кхераяларна ега а еш, Ӏийсан когашка а йоьжна, дерриге а ма-дарра дӀадийцира Цуьнга. |
|
| 34 |
|
| Ткъа Ӏийсас элира зудчуьнга: «Сан йоӀ, хьан тешаро тойина хьо. Маьрша дӀагӀо хьайна, хӀинца чул тӀаьхьа кхин оцу цамгаро хьийзор яц хьо». |
|
| 35 |
|
| Ӏийса къамел дина а валале, гуламан цӀийнан куьйгалхочун Яиран цӀера геланчаш баьхкира. «Хьан йоӀ елла. Устазана хало ян ца оьшу», — элира цара. |
|
| 36 |
|
| Ткъа, цара дуьйцург а хезна, Ӏийсас Яире элира: «Кхера ма ло, амма теша». |
|
| 37 |
|
| Кипа а, Якъуб а, Якъубан ваша Яхьъя а бен, кхин цхьа а ца ваийтира Ӏийсас Шеца. |
|
| 38 |
|
| Уьш Яиран керта схьакхаьчча, Цунна доьхна а, чӀогӀа доьлхуш а адамаш гира. |
|
| 39 |
|
| ЦӀа чу ваьлча, Ӏийсас элира цаьрга: «Аша хӀун до доьхна а, доьлхуш а? ЙоӀ елла яц, иза йижина ю». |
|
| 40 |
|
| Ткъа адамаш Цунах дуьйлуш дара цадашарца. Ӏийсас массо а араваьккхира. Шеца йоьӀан да-нана а, цигахь волу кхо мурд а эцна, йоӀ йолчу чоьхьавелира Иза. |
|
| 41 |
|
| Ӏийсас, йоьӀан куьг схьа а лаьцна, элира: «ТалитӀа кхуми!» (иза «ЙоӀ, хьалагӀатта боху хьоьга!» — бохург ду). |
|
| 42 |
|
| И ма-элли, йоӀ, хьала а гӀаьттина, дӀайолаелира (иза шийтта шо кхаьчна йоӀ яра). Чохь берш чӀогӀа цецбевлла биснера. |
|
| 43 |
|
| Ӏийсас чӀогӀа тӀедиллира царна хилларг цхьаьнгге а цахаийтар. «ЙоӀана яа хӀума ло», — элира Цо цаьрга. |
|
|
|
|