|
| 1 |
|
| Лоруш волу Теапил, Тхуна юкъахь кхочушхиллачу хӀуманех лаьцна дийцар хӀинцале а дукха нах яздан гӀиртира. |
|
| 2 |
|
| Тхуна а оцу хӀуманех лаьцна ма-дарра дийцина, уьш ган а гина, цул тӀаьхьа Делан Дош адамашна юкъахь дӀасадаржочу наха. |
|
| 3 |
|
| И хезнарг дерриг леррина талла а теллина, хьоьга цунах лаьцна ма-дарра яздийр дара аьлла, сацам хилла сан, |
|
| 4 |
|
| айхьа Ӏамийнарг хьуна билггала бакъ дуй хаийтархьама. |
|
| 5 |
|
| ЯхӀуд-махкахь ХӀарод паччахь волчу хенахь Аби-ЯхӀун цӀе йолчу тобанах а волуш, Закри цӀе йолуш цхьа динан да вара. Элисат цӀе йолуш зуда яра цуьнан, АхӀаронан тӀаьхьенах схьаяьлла. |
|
| 6 |
|
| И шиъ Везачу Эло тӀедиллина гӀуллакх леррина кхочушдеш а, Далла хьалха цӀена а дара. |
|
| 7 |
|
| Церан бераш дацара, Элисат доьзалхо ца хуьлуш хиларна. Ший а ханна доккха а дара и шиъ. |
|
| 8 |
|
| Цкъа шайна юкъахь Закри волчу динан дайн тобанан рагӀ кхечира Везачу Элана гӀуллакх дан. |
|
| 9 |
|
| Динан дайн Ӏедалехь ма-хиллара, кхаж тесира. Иштта Закрина кхаж белира Везачу Элан цӀа чохь хаза хьожа йолу хӀума яго. |
|
| 10 |
|
| Цу хенахь оцу цӀенна хьалха дукха адам гулделлера, шаьш гуттар а ма-дарра, цхьаьна ламаз дан. |
|
| 11 |
|
| Закри волчу Везачу Элан малик деара цу хенахь. Хаза хьожа йогӀу хӀума ягочу кхерчана аьтту агӀор дӀахӀоьттира иза. |
|
| 12 |
|
| Иза гина Закри чӀогӀа кхеравелира. |
|
| 13 |
|
| Малико элира цуьнга: «Кхера ма лолахь, Закри! Хьан доӀанна жоп делла: Элисата кӀант вийр ву хьуна. Цуьнан цӀе ахь Яхьъя туьллур ю. |
|
| 14 |
|
| Цунах чӀогӀа воккха а вийр ву хьо. Дукха нахана хазахетар хир ду иза дуьнен чу валарна. |
|
| 15 |
|
| ХӀунда аьлча иза Везачу Элан бӀаьргашна хьалха чӀогӀа сийлахь стаг хир ву, цо цкъа а чагӀар а, кхин йолу вахош йолу хӀуманаш а мер яц. Ненан кийрахь волуш дуьйна Делан Синах вуьзна хир ву иза. |
|
| 16 |
|
| Дукха исраилхой церан Везачу Далла тӀеберзор бу цо. |
|
| 17 |
|
| Везачу Элана хьалха вогӀуш хир ву Яхьъя, Эли-ЯхӀу-пайхамарца хилла долу нуьцкъала са а долуш волу, дайн дегнаш церан берашна тӀе дерзорхьама, аьрханаш, нийсачу новкъа а хӀиттина, Делан лаамехь берш санна хилийтархьама, Веза Эла вале, и кечам бина халкъ дуьхьал хӀотторхьама». |
|
| 18 |
|
| Закрис хаьттира малике: «Со муха тешар ву ахьа бохучух? Со къена ву, сан зуда а хан яьлла ю». |
|
| 19 |
|
| Малико жоп делира: «Хьоьга и хаза кхаъ бахьаш даийтина, Далла гергахь долу Джабраил ду со. |
|
| 20 |
|
| ХӀинца дуьйна хьан мотт соцур бу, и дийцинарг кхочуш хиллалц. Хьан мотт сацар хьо сан дешнех ца тешарна хир ду, ткъа ас дийцинарг шен хенахь билггала хир долуш ду». |
|
| 21 |
|
| Адамаш арахь Закрига хьоьжуш дара, иза Везачу Элан цӀа чохь хьеваларна цец а дуьйлуш. |
|
| 22 |
|
| Закри, араваьлча, вист ца хилалора, цундела куьйга эшарца дийца дийзира цуьнан. Массо а кхийтира, цунна Делан цӀа чохь сурт хӀоьттинийла. |
|
| 23 |
|
| Далла гӀуллакх деш долу денош чекхдевлча, Закри цӀа вирзира. |
|
| 24 |
|
| Дукха хан ялале цуьнан зуда Элисат доьзалхочух хилира. Пхеа баттахь адамех лечкъаш лийлира иза. |
|
| 25 |
|
| Цо бохура: «ХӀара суна Везачу Элера ду! Со хенара йоллушехь, сох къинхетам а бина, нахана хьалха со юьхькӀайчу хӀоттийна Цо». |
|
| 26 |
|
| Элисат доьзалхочух йолу ялхалгӀа бутт болуш, Дала Джабраил-малик дахийтира Галилай-махкара Назарт цӀе йолчу гӀала |
|
| 27 |
|
| Марем цӀе йолу йоӀстаг йолчу. Дауд-паччахьан тӀаьхьенах волчу Юсупца захало дийцина яра Марем. |
|
| 28 |
|
| Иза йолчу а деана, малико элира: «Маршалла ду хьоьга, Дала хьуна диканиг динарг! Веза Эла хьоьца ву!» |
|
| 29 |
|
| И дешнаш бахьана долуш, Марем синтем байна яра, цо ойла йора, хӀун маьӀна долуш ду и маршалла бохуш. |
|
| 30 |
|
| Малико бохура: «Ма кхера, Марем! Дала хьуна диканиг дина! |
|
| 31 |
|
| Хьо берах хир ю, ахь кӀант вийр ву, цуьнан цӀе Ӏийса а туьллур ю ахь. |
|
| 32 |
|
| Иза сийлахь хир ву, Цунах Веза Воккхачун КӀант эр ду. Везачу Дала Цунна Цуьнан ден Даудан паччахьалла лур ду, |
|
| 33 |
|
| гуттар а ерриг Якъубан тӀаьхьенна тӀехь куьйгалла деш хир ву Иза, Цуьнан паччахьалла цкъа а кхачор дац». |
|
| 34 |
|
| «Иза муха хир ду, — хаьттира Марема, — со хӀинца а йоӀстаг ма ю?» |
|
| 35 |
|
| Малико жоп делла: «Хьуна тӀе Делан Са дуьссур ду, Веза Воккхачун ницкъо дӀахьулйийр ю хьо, цундела хьан хиндолу бер Деза хир ду, Цунах Везачу Делан КӀант а эр ду. |
|
| 36 |
|
| Хьан гергара йолчу Элисата а кӀант вийр ву, ша ханна йоккха елахь а. Цунах, иза доьзалхо хуьлуш яц бохуш, дуьйцура, ткъа иза ялхалгӀа бутт бу доьзалхочух йолу. |
|
| 37 |
|
| Деле дан а ца луш хӀумма а ма дац!» |
|
| 38 |
|
| «Со Делан лай ю, — элира Марема, — ахь ма-бохху, дерриг и хуьлийла соьца». Юха малик дӀадахара иза йолчуьра. |
|
| 39 |
|
| Масех де даьлча, Марем сихонца ЯхӀуд-мехкан ламанца йолчу цхьана юьрта яхара. |
|
| 40 |
|
| Закрин цӀа чу а яьлла, Элисате маршалла хаьттира цо. |
|
| 41 |
|
| Элисатна Мареман маршалла хезча, цуьнан кийрара бер тохаделира. Оццу хенахь Элисат Делан Синах юьзира. |
|
| 42 |
|
| Цо элира чӀоггӀа: «Зударшна юкъахь декъала ю хьо! Хьан кийрара бер а ду декъала! |
|
| 43 |
|
| Соьгара хӀун диканиг даьлла теша, сан Элан нана со йолчу ярна? |
|
| 44 |
|
| Хьан маршалла хезча, сан кийрара бер хазахетта тохаделира. |
|
| 45 |
|
| Декъала ю Дала бохург кхочушхиларх тешнарг!» |
|
| 46 |
|
| ТӀаккха Марема элира: «Сан даго къобалво Веза Эла, |
|
| 47 |
|
| Цунна со кӀелхьарйоккхучу Далла доккхадеш ду иза, |
|
| 48 |
|
| хӀунда аьлча Цуьнан лай йолчу сан кӀезиг хиларан тидам бина Цо! ХӀинца массо а тӀаьхьенаша сох декъалниг эр ду, |
|
| 49 |
|
| хӀунда аьлча Нуьцкъалчо суна сийлахь гӀуллакхаш дина дела. Цуьнан цӀе еза ю! |
|
| 50 |
|
| Цуьнан къинхетам тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашка Цунах кхоьручарах бу! |
|
| 51 |
|
| Шен нуьцкъалчу куьйгаца Цо сийлахь гӀуллакхаш кхочушдина, Цо, баржийна, дӀасабаьхна шайн дегнашкахь курабевлларш, |
|
| 52 |
|
| паччахьаш шайн гӀанташкара биссийна, ткъа миска нах Цо айина. |
|
| 53 |
|
| Цо мецанаш дикачу кхачанах бузийна, хьалдерш хӀума ца луш дӀабахийтина. |
|
| 54 |
|
| 54-55 Цо гӀо дина шен ялхочунна, Исраилан халкъана. Цуьнан дагахь дара ИбрахӀимна а, цуьнан тӀаьхьенна а гуттаренна а къинхетам бан, вайн дайшка Цо ма-аллара». |
|
| 55 |
|
| *** |
|
| 56 |
|
| Марем, кхаа баттахь гергга Элисат йолчохь хьошалгӀахь а Ӏийна, цӀа еара. |
|
| 57 |
|
| Хан тӀекхаьчча, Элисата кӀант вира. |
|
| 58 |
|
| Лулахой а, гергарнаш а, ла а дугӀуш, Везачу Эло цунна и дика болх барна, Элисатца цхьаьна хазахеташ, баккхийбеш бара. |
|
| 59 |
|
| БорхӀалгӀачу дийнахь кӀант хадо баьхкинарш цуьнан цӀе шен ден санна Закри тилла дагахь бара. |
|
| 60 |
|
| Амма нанас элира: «ХӀан-хӀа! Цунах Яхьъя эр ду». |
|
| 61 |
|
| Цуьнга элира: «И цӀе йолуш шун гергара цхьа а ма вац!» |
|
| 62 |
|
| Цара куьйга эшарца дега хаьттира, цунна кӀентан цӀе хӀун тилла лаьа аьлла. |
|
| 63 |
|
| Закрис, цхьа жима у а дехна, массо цец а воккхуш, яздира: «Цуьнан цӀе Яхьъя ю». |
|
| 64 |
|
| Оцу сохьта цуьнан мотт паргӀат а баьлла, цуьнга Дела хестош хабар дийцаделира. |
|
| 65 |
|
| Лулахой ларамах буьзира. Хиллачух лаьцна массанхьа а ламанца болчу ЯхӀуд-махкахь дуьйцуш дара. |
|
| 66 |
|
| Массо а, и хезнарш, шайн дагахь а, вовшийн а хоьттуш бара: «Воккха хилча мила хир ву теша и кӀант?» — бохуш. ХӀунда аьлча Везачу Элан ницкъ бара Яхьъяца. |
|
| 67 |
|
| Цуьнан да Закри, Делан Синах а вуьзна, Делера болу хаам бан волавелира: |
|
| 68 |
|
| «Декъала хуьлда Эла, Исраилан халкъан Дела, ван а веана, Шен халкъ безачу мехах паргӀатдаьккхина. |
|
| 69 |
|
| Шен ялхочун Даудан тӀаьхьенах волу нуьцкъала стаг ваийтина Цо вай кӀелхьардаха, |
|
| 70 |
|
| Ша гуттар хьалха Шен безачу пайхамаршкахула ма-баххара. |
|
| 71 |
|
| Цо кӀелхьардохуш ду вай вешан мостагӀех а, вай цадезачеран куьйгех а. |
|
| 72 |
|
| Цо вайн дайх къинхетам а бина, Шен беза барт дагахь латта а бина — |
|
| 73 |
|
| вайн дега ИбрахӀиме йина чӀагӀо. Дала ИбрахӀиме ваӀда дина, |
|
| 74 |
|
| вай мостагӀех кӀелхьардохур ду аьлла, цхьаннах а ца кхоьруш, вайга Шена гӀуллакх дайтархьама, |
|
| 75 |
|
| дуьненахь йоккху хан Цунна хьалха цӀена а, дика а яккхийтархьама. |
|
| 76 |
|
| Ткъа хьох, сан жиманиг, Веза Воккхачун пайхамар эр ду, хӀунда аьлча хьо Везачу Элана хьалха вогӀуш хир ву, Цунна некъ кечбеш, |
|
| 77 |
|
| Цуьнан халкъана церан кӀелхьардовлар къиношна гечдарца дуйла хоуьйтуш. |
|
| 78 |
|
| Вайн Делера болу кӀорга безам бахьана долуш, лакхара йолу серло санна Верг вай долчу вогӀур ву, |
|
| 79 |
|
| Ӏожаллин боданехь Ӏаш берш серлабахархьама а, машаран новкъа вайн когаш бахархьама а». |
|
| 80 |
|
| Жима бер доккха хуьлуш а, синан доьналлица чӀагӀлуш а дара. Иза акхачу, адам кӀезиг долчу меттехь Ӏаш дара, Исраилан халкъана гӀуллакх даллал ша хиллалц. |
|
|
|
|