|
| 1 |
|
| Шен мурдашна Ӏийсас кхин цхьа хьекъале дийцар далийра: «Цхьана хьалдолчу стеган бахаман дола деш урхалхо хилла. Цхьаммо аьлла цу хьолахочуьнга, цуьнан бахам урхалхочо байина дӀабоккхуш бу аьлла. |
|
| 2 |
|
| Урхалхо тӀе а кхайкхина, хӀусамдас хаьттина: „И хӀун ду суна хьох лаьцна хезаш дерг? ДӀа а гӀой, хьайн балхах жоп дала кечам бе, кхин дӀа хьоьга урхалла ца дойту ас“, — аьлла. |
|
| 3 |
|
| ТӀаккха урхалхочо ойла йина: „Ас хӀун дан деза? ХӀусамдас со балхара дӀавоккхуш ву. Латта ахка ваха сан ницкъ бац, сагӀа деха эхь хета. |
|
| 4 |
|
| ХӀа! Суна хаьа хӀун дан деза, кхузара дӀаваьккхича кхечу меттехь со тӀеэцийта“. |
|
| 5 |
|
| Цхьацца кхойкхуш, шен хӀусамден декхархой тӀекхайкхина цо. Хьалхарчуьнга хаьттина: „Хьо мел декхарийлахь ву сан хӀусамдена?“ |
|
| 6 |
|
| Вукхо жоп делла: „БӀе черма зайтдаьтта“. Урхалхочо аьлла цуьнга: „ХӀара хьайн декхар тӀеяздина кехат схьа а эций, сихха охьахаий, дӀаязде: шовзткъе итт“. |
|
| 7 |
|
| Юха кхечуьнга хаьттина: „Хьо мел дала дезаш ву сан хӀусамдена?“ Цо аьлла: „Эзар гали кӀа“. Урхалхочо аьлла: „Хьайн декхаран кехат схьа а эций, дӀаязде: бархӀ бӀе гали“. |
|
| 8 |
|
| ХӀусамдас хастийна тешаме воцу урхалхо, сел кхетаме иза хиларна. Бан а бу хӀокху заманна хьакъ болу нах Делан нуьрехь болчу нахал кхетаме, шаьш санна болчаьрца гӀуллакх догӀуш. |
|
| 9 |
|
| Ас боху шуьга, харц дуьненан хьолах пайда а оьцуш, шайна доттагӀий лаха. Юха, и хьал шух дуьсур долчу хенахь, Дала Шен даим лаьттачу цӀа чохь тӀеоьцур ду шу. |
|
| 10 |
|
| КӀезигчу хӀуманна тӀехь тешаме верг доккхачунна тӀехь а тешаме ву, ткъа кӀезигчунна тӀехь тешаме воцург доккхачунна тӀехь а вац. |
|
| 11 |
|
| Нагахь шу дуьненан хьал гулдеш тешаме ца хиллехь, стигалахь бакъдолу хьал шух хьан тешор ду? |
|
| 12 |
|
| Неханиг шух тешна дита мегаш ца хилча, шуниг хьан лур ду шуна? |
|
| 13 |
|
| Шина хӀусамдена гӀуллакх далур дац цхьана ялхочуьнга. Цунна цхьа хӀусамда везар ву, важа везар вац, я цхьанна хьесталур ву, ткъа вукхунах вешар вац. Цундела цхьаьний — Далла а, хьолана а ялхой хилалур дац шу». |
|
| 14 |
|
| Ахча дукха дезаш болу парушхой и дерриг а хаза а хезаш, Ӏийсах боьлуш бара. |
|
| 15 |
|
| Ткъа Цо элира цаьрга: «Шу нахана хьалха диканаш хила гӀерташ ду, амма Далла хаьа шун дагахь дерг. Адамашна мехала хетарг Далла боьха хета. |
|
| 16 |
|
| Товрат-хьехамаш а, пайхамарша яздинарг а Яхьъя-пайхамар гучуваллалц лелла, ткъа цу хенахь дуьйна Делан Олаллех лаьцна болу хаза кхаъ а кхайкхош бу. Массо а чӀогӀа Делан Олалла тӀелаьцначарна юкъахь хила лууш а ву. |
|
| 17 |
|
| Амма стигалний а, латтаний а атта хир ду дӀакъовладала, товрат-хьехамаш тӀера цхьа сиз дӀадовчул. |
|
| 18 |
|
| ХӀора, шен зуда а йитина, кхин ялош верг ямарта волуш ву, и санна ямарта йитина зуда ялош верг а ву». |
|
| 19 |
|
| Юха Ӏийсас дийцира: «Вехаш хилла цхьа хьалдолу стаг. Деза а, хаза а духар тӀе а духий, хӀора дийнахь той а хӀоттадой, сакъоьруш хилла цо. |
|
| 20 |
|
| Ткъа цуьнан кевнна йисттехь Ӏуьллуш, ЛаӀзар цӀе йолуш сагӀадоьхург хилла, дерриг дегӀ дӀалаьцна даьӀнаш а долуш. |
|
| 21 |
|
| Хьолахочун стоьла тӀера охьаэгна юьхкаш йиъна а, хӀума яа лууш хилла цунна. ЖӀаьлеша, тӀе а догӀий, цуьнан даьӀнашна тӀе мотт хьоькхуш хилла. |
|
| 22 |
|
| Эххар а сагӀадоьхург велла. Маликаша ИбрахӀимна юххе, баьрччехь йолчу метте, дӀаваьхьна иза. Хьолахо а велла, иза дӀавоьллина. |
|
| 23 |
|
| Жоьжахатин цӀергахь Ӏазапехь воллуш, дӀахьаьжначу хьолахочунна геннахь ИбрахӀим а, цунна уллохь ЛаӀзар а гина. |
|
| 24 |
|
| Мохь а тухуш, дехар дина хьолахочо: „Ва сан да ИбрахӀим! Къинхетам бехьа сох. ЛаӀзар ваийтахьа, шен пӀелг хи чу а Ӏоьттина, сан мотт шелбайта, хӀокху цӀергахь чӀогӀа холчохь ву-кх со!“ — аьлла. |
|
| 25 |
|
| Амма ИбрахӀима аьлла: „Сан кӀант! Дагадаийта, хьо муха Ӏаш вара. Хьуна дерриг а диканиг кхаьчнера хьайн дахарехь, ткъа ЛаӀзарна — дерриг вониг. ХӀинца цунна кхузахь синтем хилла, ткъа хьо баланехь ву. |
|
| 26 |
|
| Цул сов, хьуна а, тхуна а юкъахь чӀогӀа кӀорга Ӏин даьккхина. Нагахь кхузара цхьанна хьуна тӀеван лиъча а, иза дӀавалур вац, цигара цхьа а кхуза сехьа а валалур вац“. |
|
| 27 |
|
| ТӀаккха аьлла хьолахочо: „Ас доьху хьоьга, ЛаӀзар вахийтахьа сан ден хӀусаме, |
|
| 28 |
|
| сан пхи ваша ма ву. Цаьрга дӀахоуьйтур дара цо кхузахь дерг, хӀара Ӏазап хьега уьш кхуза ца кхачийта“. |
|
| 29 |
|
| ИбрахӀима аьлла цуьнга: „Церан Мусан а, кхечу пайхамарийн а деза йозанаш ду, цара яздинчуьнга ладогӀа дезаш ма бу уьш!“ |
|
| 30 |
|
| Хьолахочо жоп делла: „ХӀан-хӀа, дада ИбрахӀим! Нагахь веллачех цхьаъ шайна тӀевеача, лелийначунна дохко а бевлла, Далла тӀебоьрзур бара уьш“. |
|
| 31 |
|
| ТӀаккха ИбрахӀима аьлла цуьнга: „Нагахь Мусага а, кхечу пайхамаршка а ла ца догӀахь, веллачуьра денвеллачух а уьш тешар бац“». |
|
|
|
|