|
| 1 |
|
| Ӏийсас элира Шен мурдашка: «Стаге къа латадойтуш долу хӀума тӀе ца догӀуш дуьсур дац. Амма декъаза ву ша бахьана долуш нахе къа латадайтина стаг. |
|
| 2 |
|
| Делах тешаш болчу лахара болчех цхьаьнга къа латадойтучул, хьеран тӀулг, коча а оьллина, ша хӀорда чу кхоссийтар гӀоле ю цу стагана. |
|
| 3 |
|
| Шаьш ларлолаш! Нагахь хьан вашас къа латадахь, бехк баккха цуьнгара, амма иза дохковалахь, гечде цунна. |
|
| 4 |
|
| Нагахь хьан вашас дийнахь ворхӀазза хьуна дуьхьал къа латадахь, амма ворхӀаззе а хьо волчу а веана: „Со дохковаьлла“, — алахь, гечде цунна». |
|
| 5 |
|
| ТӀаккха векалша элира Ӏийсага: «Алсамбаккхахьа тхан тешам», — аьлла. |
|
| 6 |
|
| Ӏийсас элира: «Нагахь санна шун тешам жимачу буьрттигал а белахьара, аш оцу комарийн дитте ала тарлора: „Орамашца схьа а далий, хӀорда чу догӀало!“ Цо аш бохург дийр дара. |
|
| 7 |
|
| Масала, шун цхьаннан охуш я жа дажош ялхо ву. Иза арара балхара цӀа веача, хьан эр ду аш цуьнга: „Схьавола, хӀокху метте агӀорвалий, хьайна хӀума яа“? |
|
| 8 |
|
| Мелхо а, аш цуьнга эр ду: „Суна яа хӀума кечъе, юкъ а ехкий, сан гӀуллакхе хьажа со йиина а, мелла валлалц, тӀаккха — айхьа а яа а яа, мала а мала“. |
|
| 9 |
|
| Шена тӀедиллинарг ялхочо кхочушдича, цунна баркалла хьан эр ду аш? |
|
| 10 |
|
| Иштта аша а, шаьш дан деза гӀуллакх кхочушдай, ала: „Тхо хьакъ доцу ялхой бен дац — оха тхайна тӀедиллина гӀуллакх кхочушдина“». |
|
| 11 |
|
| Ярушалайме воьдуш, Шамранан а, Галилайн а шина мехкан дозанехула схьавогӀуш вара Ӏийса. |
|
| 12 |
|
| Иза цхьана юьрта чувулуш, Цунна дуьхьалкхийтира дӀа ца йоьрзу чкъуран цамгар йолу итт стаг. Геннахь севцина, |
|
| 13 |
|
| маьхьарий хьаькхира цара: «Ӏийса! Устаз! Къинхетам бехьа тхох!» — аьлла. |
|
| 14 |
|
| Уьш гиначу Ӏийсас элира: «Даха а гӀой, динан дайшна шаьш гайта», — аьлла. Цомгуш нах, дӀабоьлххушехь, новкъахь шайн цамгарх цӀинбелира. |
|
| 15 |
|
| Царах цхьаъ, ша товеллий а хиъна, мохь туххуш Далла хастам а беш, вуха вирзира. |
|
| 16 |
|
| Ӏийсана хьалха гора а воьжна, Цунна баркаллаш баха хӀоьттира иза. Иза шамранхо вара. |
|
| 17 |
|
| ТӀаккха Ӏийсас хаьттира: «Итт стаг ца товелла цамгарх? Важа исс мичахь ву? |
|
| 18 |
|
| Далла хастам бан веанарг кхечу къомах волу хӀара стаг бен ма вац?» |
|
| 19 |
|
| ТӀаккха цу шамранахочуьнга элира Цо: «ХьалагӀатта, дӀавало. Хьан тешаро цамгарх кӀелхьарваьккхи хьо». |
|
| 20 |
|
| Цкъа парушхоша хаьттира Ӏийсага: «Делан Олаллин де тӀе маца кхочур ду?» — аьлла. Цо жоп делира: «Шуна гучу кепехь догӀур дац Делан Олалла. |
|
| 21 |
|
| Цхьаьнгге а алалур дац: „Иза кхузахь ду“ я „ДӀогахь ду“, хӀунда аьлча Делан Олалла шуна юкъахь ду». |
|
| 22 |
|
| ТӀаккха Шен мурдашка элира Цо: «Цхьа хан йогӀур ю Адамийн КӀентан денойх цхьа де гина а, ган шу сатесна долуш, амма шуна и де гур дац. |
|
| 23 |
|
| Шуьга эр ду: „Иза кхузахь ву“, я „ДӀогахь ву“, амма И гур вара алий, шу дӀа ма хьовда. |
|
| 24 |
|
| Ерриг а стигал цхьана йистера вукху йисте кхаччалц серлаяьккхина, стелахаьштиг санна, хир ву Адамийн КӀант Шен дийнахь. |
|
| 25 |
|
| Амма и де тӀекхачале, дуккха а баланаш лан дезар ду Цуьнан. ХӀокху адамийн тӀаьхьено эккхор а ву Иза. |
|
| 26 |
|
| Нохьа-пайхамаран деношкахь ма-хиллара хир ду Адамийн КӀентан деношкахь а. |
|
| 27 |
|
| Нах дууш, молуш, зударий балош, маре оьхуш бара Нохьа-пайхамар хӀордкеманна чу валлалц. Амма цул тӀаьхьа хи а хьаьдда, и берриг нах хӀаллакьхилира. |
|
| 28 |
|
| Изза дара ЛутӀа волчу деношкахь а: дуура, молура, оьцура, духкура, дӀадоьра, гӀишлош йора. |
|
| 29 |
|
| Амма ЛутӀа Седамера араваьллачу дийнахь стигалара, догӀа санна, деанчу цӀеро а, саьмгало а дерриг а адам хӀаллакдира. |
|
| 30 |
|
| Иштта хир ду Адамийн КӀант гучувоккхучу дийнахь а. |
|
| 31 |
|
| Оцу дийнахь тхов тӀехь нисвелларг шен хӀуманаш схьаэца цӀа чу ма гӀо. Эрна арахь верг цӀа юха ма верза. |
|
| 32 |
|
| Дагадаийта шайна ЛутӀин зудчух хилларг. |
|
| 33 |
|
| Шен са лардечо иза хӀаллакдийр ду, ткъа са дӀалочо иза Ӏалашдийр ду. |
|
| 34 |
|
| Билггала боху шуьга: цу буса цхьаьна дӀабийшинчех цхьаъ дӀаоьцур ву, ткъа важа вуьтур ву. |
|
| 35 |
|
| КӀа оручу шина зудчух цхьаъ дӀаоьцур ю, важа юьтур ю». |
|
| 36 |
|
| *** |
|
| 37 |
|
| «Мичахь хир ду иза, Эла?» — аьлла, хаьттира Цуьнан мурдаша. Ӏийсас элира: «Дакъа долчу хьаргӀанаш а гуллур ю». |
|
|
|
|