|
| 1 |
|
| Оцу деношкахь Август цӀе йолчу паччахьера омра делира, Рим-пачхьалкхера массо а адам дӀаязде аьлла. |
|
| 2 |
|
| Сири-махкахь Куьрна-мехкан куьйгалхо волчу хенахь, адамийн дуьххьарлера дӀаяздар дара иза. |
|
| 3 |
|
| Цундела хӀора а ша схьаваьллачу гӀала вахара дӀаязвала. |
|
| 4 |
|
| Юсуп а вахара Галилайн махкарчу Назарт-гӀалара ЯхӀуд-махка Дауд-паччахь винчу Байтлахам-гӀала, хӀунда аьлча иза Даудан цӀийнах схьаваьлла вара. |
|
| 5 |
|
| Иза, доьзалхочух йолу а, шеца захало дийцина йолу а Марем а эцна, дӀаязвала воьдуш вара. |
|
| 6 |
|
| Уьш Байтлахамехь болуш доьзалхо дуьнен чу волу хан тӀекхечира. |
|
| 7 |
|
| Марема кӀант вира, шен дуьххьарлера доьзалхо. Цо иза, дӀа а хьарчийна, шаьш чохь долчу божалан хьаьвди чу виллира, хӀунда аьлча царна хьешан цӀа чохь меттигаш ца кхаьчнера. |
|
| 8 |
|
| Оцу махкахь арахь буьйсанна шайн жаш лардеш Ӏуй бара. |
|
| 9 |
|
| ЦӀеххьана царна хьалха Везачу Элан малик хӀоьттира, Везачу Элера долчу нуьраца уьш серла а бохуш. ЧӀогӀа кхерабелира Ӏуй. |
|
| 10 |
|
| Малико элира цаьрга: «Кхера ма лолаш! Со шуьга массо а адам даккхийден долу хаза кхаъ бахьаш деана! |
|
| 11 |
|
| Тахана Даудан гӀалахь дуьнен чу ваьлла шу кӀелхьардохург, Веза Эла волу Дала леррина Къобалвинарг. |
|
| 12 |
|
| ХӀара билгало ю шуна: ДӀахьарчийна Бер карор ду шуна хьаьвди чохь». |
|
| 13 |
|
| ЦӀеххьана маликана улло стигалара вуно доккха маликийн эскар доьссира. Цара, Далла хастамаш а беш, бохура: |
|
| 14 |
|
| «Лакхарчу стигалшкахь Далла хастам бу! Дуьнен тӀехь Дела реза волчу адамашна машар бу!» |
|
| 15 |
|
| Маликаш стигала хьаладевлча, Ӏуша вовшашка элира: «Байтлахаме а дахана, цигахь хӀун хилла хьовса деза вай, вайга Везачу Эло баийтинарг хӀун хаам бу». |
|
| 16 |
|
| Уьш цига сихонца бахара. Царна карийра Марем а, Юсуп а, хьаьвданахь Ӏуьллу Бер а. |
|
| 17 |
|
| Бер гиначу цара дийцира, Цунах болу шайга бинчу хаамах лаьцна. |
|
| 18 |
|
| Массо а ладугӀуш верг цецваьллера Ӏуша дийцинчунна. |
|
| 19 |
|
| Ткъа Марема дерриг а хезнарг шен даг чохь латтадора. |
|
| 20 |
|
| Ӏуй юхабирзира, Далла хастам а беш, хӀунда аьлча царна хезнарг а, гинарг а малико цаьрга ма-аллара хиллера. |
|
| 21 |
|
| БорхӀалгӀачу дийнахь кӀант хадо везаш вара. Цуьнан цӀе Ӏийса тиллира. И цӀе цунна малико, иза ненан кийра а вале, тиллина яра. |
|
| 22 |
|
| Муса-пайхамаран товрат-хьехамаш тӀехь яздина ма-хиллара, церан цӀена хуьлу Ӏадатан хан тӀекхаьчча, Марем а, Юсуп а, Ӏийса а эцна, Ярушалайме деара Иза Везачу Элана хьалха хӀотто. |
|
| 23 |
|
| ХӀунда аьлча Везачу Эло товрат тӀехь тӀе-ма-диллара: «Муьлхха а дуьххьарлера боьрша бер Везачу Элана лерина хила деза». |
|
| 24 |
|
| Цул сов, ши къоркхокха я ши кхокха, бен а бейтина, сагӀа даккха дезара, Везачу Эло товратехь ма-аллара. |
|
| 25 |
|
| Цу хенахь Ярушалаймехь ШамӀа цӀе йолуш цхьа стаг вара. Иза чӀогӀа Делах кхоьруш а, дика лелаш а, Исраилан халкъана синтем хиларе сатуьйсуш а стаг вара. Делан Са а дара цуьнца. |
|
| 26 |
|
| Цунна Делан Синера хаам бара, Везачу Эло леррина Къобалвинарг галлалц, иза лийр вац аьлла. |
|
| 27 |
|
| Делан Сино валийра иза Делан цӀийнан керта. Мареммий, Юсуппий, жима Ӏийсай цига баьхкича, Ӏийсана тӀехь, Дала товратахь тӀе-ма-диллара, гӀуллакх дан, |
|
| 28 |
|
| ШамӀас, Ӏийса куьйгаш тӀе схьа а эцна, Далла хастам а беш, элира: |
|
| 29 |
|
| «ХӀинца, Айхьа ма-аллара, садалар атта долуш, Хьайн лай волу со дӀахецахьа, Хьалдолу Эла, |
|
| 30 |
|
| хӀунда аьлча сан бӀаьргашна гира адамаш кӀелхьардоху дерг, |
|
| 31 |
|
| Ахь массо а халкъашна хьалха кечдина долу. |
|
| 32 |
|
| Иза кхечу къаьмнашна Дела гучуваккхаран серло а ю, Хьан Исраилан халкъан сий а ду!» |
|
| 33 |
|
| Дай-наний чӀогӀа цецдаьллера шайн кӀантах лаьцна ШамӀас дийцинчух. |
|
| 34 |
|
| ШамӀас Деле дийхира, уьш къобалбе аьлла. Беран нене Мареме цо элира: «ХӀара бер Дала къобалдина ду, Исраилан халкъана юкъара дукхахберш хӀаллакьхилархьама а, кӀелхьарбахархьама а. ХӀара Бер Дала елла билгало хир ю, амма Кхунна резабоцурш а хир бу. |
|
| 35 |
|
| Иштта, дукхачу адамийн дагахь дерг гучудер ду. Амма хьан дог, тур чекхдаьккхича санна, баланехь хир ду». |
|
| 36 |
|
| Кхузахь яра Ашаран цӀийнах а йолуш, шегахь Делера хаам болуш йолу Пануалан йоӀ Ӏайнаъ. Иза вуно къанъелла яра. Майрачуьнца ворхӀ шо бен цхьаьна даьккхина яцара иза. |
|
| 37 |
|
| Важа йолу хан йисина Ӏаш яьккхинера цо. ХӀинца цуьнан дезткъе диъ шо дара. Иза, Делан цӀийнан кертара дӀа ца йолуш, дийнахь а, буса а Далла марханашца а, доӀанашца а гӀуллакх деш яра. |
|
| 38 |
|
| Оцу хенахь царна тӀееана, цо, Далла баркалла а бохуш, Ярушалайм паргӀатъяккхаре сатуьйсучу нахе оцу Берах лаьцна дуьйцура. |
|
| 39 |
|
| Юсуп а, Марем а Везачу Эло тӀедиллина гӀуллакх дина а даьлла, шайн Галилай-махкарчу Назарт-гӀала юхадирзира. |
|
| 40 |
|
| Ткъа Бер, де дийне мел дели, синца чӀагӀлуш а, хьекъал тӀекхеташ а, кхуьуш дара, Делан дика а дара Цуьнца. |
|
| 41 |
|
| ХӀора шарахь цуьнан да-нана Пасахь олучу дезачу дийнахь Ярушалайме доьдура. |
|
| 42 |
|
| Иштта КӀентан шийтта шо кхаьчча а, дезчу дийнахь Ярушалайме, лам тӀе хьалабевлира уьш, шайн Ӏедалехь ма-хиллара. |
|
| 43 |
|
| Дезде чекхдаьлча, уьш цӀа богӀуш, Ӏийса Ярушалаймехь висира. Дений-нанний иза ца хиира. |
|
| 44 |
|
| Царна моьттура Иза кхечаьрца схьавогӀуш ву. Цхьана дийнахь некъ бинчул тӀаьхьа, Иза гергарчаьргахь а, бевзачаьргахь а леха буьйлабелира уьш. |
|
| 45 |
|
| Иза ца карийча, Ярушалайме юхабаьхкира уьш, Иза лоьхуш. |
|
| 46 |
|
| Кхо де даьлча, карийра царна Иза Делан цӀийнан кертахь. Ӏеламчу нахана юкъахь Ӏаш вара Иза, цаьрга ладоьгӀуш а, хеттарш деш а. |
|
| 47 |
|
| Массо а ладугӀуш берш цецбуьйлура Цуьнан кхетамах а, Цо лучу жоьпех а. |
|
| 48 |
|
| Да-нана цецдаьллера, Иза цигахь а гина. Нанас хаьттира Цуьнга: «КӀант, хӀара хӀун ду ахь тхоьца деш дерг? Хьан да а, со а чӀогӀа сагатдеш, Хьо лоьхуш лелаш ма ду». |
|
| 49 |
|
| «Аш хӀунда лоьху Со? — хаьттира Цо. — Шуна ца хаьара, Со Сайн Да волчохь хила везаш вуйла?» |
|
| 50 |
|
| Амма уьш ца кхийтира Цо аьллачу дешнех. |
|
| 51 |
|
| Иза цаьрца Назарте схьавеара. Цара бохург деш, царна муьтӀахь вара Иза. Ткъа нанас дерриг а хилларг шен даг чохь латтадора. |
|
| 52 |
|
| Ӏийса воккха хуьлуш а, хьекъалца совволуш а вара. Цунна Дела а, нах а реза бара. |
|
|
|
|