|
| 1 |
|
| Ӏуьйранна хьалххе, сатосучу хенахь, кӀиранан хьалхарчу дийнахь, шаьш кечдина хьакхарш а эцна, зударий къубба йолчу бахара. |
|
| 2 |
|
| Къуббанна тӀетовжийна тӀулг дӀакарчийна карийра царна. |
|
| 3 |
|
| Чоьхьа бевлча, царна Ӏийса-Элан дегӀ ца карийра. |
|
| 4 |
|
| Юха, уьш цецбевлла лаьттачу хенахь, царна хьалха хӀоьттира къегаш духар дуьйхина ши стаг. |
|
| 5 |
|
| Кхерабелла, бертал ийгира зударий. Шина стага элира цаьрга: «Дийнаниг беллачарна юкъахь хӀунда лоьху аш? |
|
| 6 |
|
| Иза кхузахь вац, Иза денвелла! Дагадаийта Ша Галилайхь волуш Цо шуьга аьлларг: |
|
| 7 |
|
| „Адамийн КӀант къинош летийначу нехан кара дӀалур ву, жӀарах дӀа а тухур ву, амма кхозлагӀчу дийнахь денлур ву“». |
|
| 8 |
|
| ТӀаккха царна дагадеара Ӏийсан и дешнаш. |
|
| 9 |
|
| Къубба йолчуьра юха а баьхкина, и дерриг цхьайтта векална а, кхечу мурдашна а дийцира цара. |
|
| 10 |
|
| Шайна гинарг векалшна дуьйцучаьрца бара Магдалера Марем а, Яхьани а, Якъубан нана Марем а, кхиболу зударий а. |
|
| 11 |
|
| Амма зударша дийцинчух цхьа а ца тийшира. Церан дешнаш даьсса хийтира. |
|
| 12 |
|
| Ткъа Кипа, хьалагӀаьттина, ведда къубба йолчу вахара. Чухьаьжначу цунна ша-ша яьхна Ӏохкуш кӀадинан кескаш карийра. Иза юхавеара, хиллачух чӀогӀа цец а вуьйлуш. |
|
| 13 |
|
| Цу дийнахь цигахь хиллачех ши стаг вара Ярушалаймера цхьайтта чаккхарма генахь йолчу Ӏаммас-эвла воьдуш. |
|
| 14 |
|
| Цу шиммо оцу хиллачу хӀуманех лаьцна дуьйцура. |
|
| 15 |
|
| Юха и шиъ къамел деш схьавогӀуш, тӀевеана Ӏийса цаьрца дӀаволавелира. |
|
| 16 |
|
| Дала цу шина стагана Ӏийса ца вовзийтира. |
|
| 17 |
|
| Ӏийсас хаьттира цаьрга: «ХӀун дуьйцуш ву шуьшиъ новкъахула вогӀуш?» Важа шиъ сецира, гӀайгӀане яххьаш а йина. |
|
| 18 |
|
| Царах цхьамма, цуьнан цӀе Кхалайп яра, элира: «Хьо, схьагарехь, Ярушалаймехь цхьаъ ву-кх хӀокху деношкахь хӀун ду ца хууш виснарг?» |
|
| 19 |
|
| «Ткъа хӀун хилла?» — хаьттира Ӏийсас. «Назартарчу Ӏийсаца доьзна хилларг, — жоп делира цара. — Иза пайхамар вара. Далла а, массо адамна а хьалха нуьцкъала Устаз а, инзаре хӀуманаш Дийриг вара И. |
|
| 20 |
|
| Динан коьртачу дайша а, тхан хьаькамаша а вен кхел а яйтина, жӀарах дӀатохийтира Иза. |
|
| 21 |
|
| Тхо чӀогӀа тешна дара Цо Исраил-мохк ПаргӀатбоккхург хиларх. Цу тӀе, хӀинца кхозлагӀа де а ду и дерриг а хилла. |
|
| 22 |
|
| Амма тхуна юкъара цхьаболчу зударша цецдаьхна тхо. ХӀокху Ӏуьйранна хьалххе, сатосучу хенахь, къубба йолчу бахача, |
|
| 23 |
|
| Ӏийсан дегӀ ца карийра царна. Схьабаьхкинчу цара дийцира тхуна, шайна хьалха цхьана суьртехь хӀиттинчу маликаша Иза дийна ву боху аьлла. |
|
| 24 |
|
| Цул тӀаьхьа тхан накъостий бахара уьш хиллачу къубба тӀе, зударша ма-дийццара карийра дерриг а, амма Ӏийса царна цигахь ца гира». |
|
| 25 |
|
| ТӀаккха Ӏийсас элира шина некъахочуьнга: «Ма сонта ду шу! Ма сиха дац шун дегнаш дерриге а пайхамарша дийцинчух теша! |
|
| 26 |
|
| Дала Леррина Къобалвинарг Ша болу баланаш лан дезаш вац, Шен сийлалле кхачархьама?» |
|
| 27 |
|
| Муса-пайхамарна тӀера дӀаволавелла, массо а пайхамарша Шех лаьцна Делан Йозанаш тӀехь аьлларг царна дийцира Ӏийсас. |
|
| 28 |
|
| Уьш цхьана юьрта йисте кхаьчча, Ӏийсас Ша кхин а дӀаваха воллу сурт хӀоттийра. |
|
| 29 |
|
| Амма цара дехарш дира Цуьнга: «Тхоьца сацахьа, де суьйренгахьа а лестинера», — аьлла. Ӏийса цаьрца сацархьама цӀа чу вахара. |
|
| 30 |
|
| ХӀума яа буьйлалуш Иза бепиг, схьа а эцна, доӀанца цунах баркалла а аьлла, декъа а декъна, цаьрга дӀакховдо вуьйлира. |
|
| 31 |
|
| Дала цу шина стагана Ӏийса вовзийтира. Амма Ӏийса царна ца гуш хилира. |
|
| 32 |
|
| Уьш вовшашка хетта буьйлабелира: «Вай новкъа догӀуш, къамел деш а, Цо Делан Йозанан маьӀна дуьйцуш а дегнаш айаделла догуш дацара вайн?» — бохуш. |
|
| 33 |
|
| Сихха хьалагӀаьттина, и шиъ Ярушалайме вахара. Цигахь царна гулвелла цхьайтта векал а, цаьрца берш а карийра. |
|
| 34 |
|
| Векалша дийцира: «Веза Эла билггала денвелла! Иза ШамӀина хьалха хӀоьттинера!» |
|
| 35 |
|
| Юха кху шиммо дийцира шайца новкъахь хиллачух а, Цо бепиг кагдечу хенахь, шайна Ӏийса вовзарх а лаьцна. |
|
| 36 |
|
| Церан къамел чекх а ца даьллера, Ӏийса, Ша царна юкъа а веана: «Машар хуьлда шуьца», — аьлла, вистхилча. |
|
| 37 |
|
| Уьш, кхерабелла, дӀасевцира, шайна гуш дерг гӀаларт ду моьттуш. |
|
| 38 |
|
| Ткъа Цо бохура: «Шу кхера хӀунда делла? Шеко хӀунда йогӀу шу дегнаш чу? |
|
| 39 |
|
| Хьовсал Сан куьйгашка а, Сан когашка а. ХӀара Со ву! Куьг Ӏоттал Сох, схьахьовсал. ГӀалартан дегӀ а, даьӀахкаш а ца хуьлу, ткъа Сан, шуна ма-гарра, дегӀ ду». |
|
| 40 |
|
| Иза а аьлла, Цо Шен куьйгаш а, когаш а гайтира. |
|
| 41 |
|
| Амма уьш цецбевлла а, хазахетта а ца тешара гучух. ТӀаккха Ӏийсас хаьттира: «Яа хӀумма а юй шун?» |
|
| 42 |
|
| Цара беттина чӀара белира Цунна. |
|
| 43 |
|
| Цо, схьа а эцна, биира иза царна хьалха. |
|
| 44 |
|
| «ХӀара дара Ас шуна дийцинарг Со шуьца волчу хенахь, дерриг а Сох лаьцна Мусан товратана тӀехь а, кхечу пайхамарийн тептарш тӀехь а, Забурана тӀехь а яздинарг кхочуш ца хилча ца долу», — элира Цо. |
|
| 45 |
|
| Цул тӀаьхьа церан хьекъал кӀаргдира Цо, Делан Йозанах уьш дика кхетийтархьама. |
|
| 46 |
|
| Цо элира цаьрга: «Яздина ду, Дала Леррина Къобалвинарг бала лан а, веллачуьра кхозлагӀчу дийнахь денвала дезаш а ву аьлла. |
|
| 47 |
|
| Цуьнан дуьхьа массо а халкъашка, Ярушалайм тӀера дӀадуьйладелла, кхайкха деза, къиношна гечдайтархьама дохко а довлий, Далла тӀедерза аьлла. |
|
| 48 |
|
| Шу оцу хӀуманийн тешаш хилла дӀахӀуьттур ду. |
|
| 49 |
|
| Сан Дас лур ду аьлларг Ас дӀакхочуьйтур ду шуна, амма, лакхара шайна чу ницкъ боссалц, шу гӀалахь совца деза». |
|
| 50 |
|
| Цаьрца Ярушалаймера ара а ваьлла, Бет-ХӀине кхаччалц дӀавахара Иза. Куьйгаш хьала а айина, уьш декъалбира Цо. |
|
| 51 |
|
| Юха, уьш декъал а беш, царна гена а волуш, стигала хьалаваьккхира Иза. |
|
| 52 |
|
| Мурдаш, Цунна сужде а бахана, корта а тоьхна, доккхачу хазахетарца Ярушалайме юхабаьхкира. |
|
| 53 |
|
| Цу дийнахь дуьйна, Далла хастамаш беш, гуттар а Делан цӀийнан кертахь бара уьш. |
|
|
|
|