|
| 1 |
|
| Тибар паччахь волу пхийтталгӀа шо долчу хенахь, Понти Пулат ЯхӀуд-махкахь мехкан куьйгалхо волуш, ХӀарод Галилайхь куьйгалхо волуш, цуьнан ваша Пилап и санна Итурейхь а, Трахонехь а куьйгалхо волуш, ткъа Лусан Абали цӀе йолчу меттигехь куьйгалхо волуш, |
|
| 2 |
|
| динан коьрта дай бара Ӏанна а, Кайба а. Оцу шарахь яьссачу арахь Закрин кӀанте Яхьъяга Делера хаам хилира. |
|
| 3 |
|
| Цул тӀаьхьа Яхьъя Йордан-хин бердаш тӀехь болчу махкахула вогӀура. Цо кхайкхам бора нахе: «Далла тӀе а дерзий, шаьш хих чекхдахийта, Деле шайн къиношна гечдайтархьама», — бохуш. |
|
| 4 |
|
| Цуьнан хьехамех лаьцна ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро яздина: «Яьссачу аренгахь кхойкхучун аз хезаш ду: „Везачу Элана некъ кечбе! Нисде Цунна хьалха некъан тачанаш! |
|
| 5 |
|
| ХӀора тогӀи хьалаюзур ю, хӀора лам а, гу а охьахедар бу. Харц некъаш нислур ду, доьхнарш шарлур ду. |
|
| 6 |
|
| Массарна а гур ду Дала адамаш кӀелхьардахар!“» |
|
| 7 |
|
| Хих чекхбахийта баьхкинчу нахе Яхьъяс бохура: «Шу лаьхьанан кӀорнел а чӀогӀа зуламе адамаш ма ду! Хьан бина шуьга, тӀедогӀучу къематан дийнах кӀелхьардовла деза аьлла, хаам? |
|
| 8 |
|
| Шу Далла тӀедирзина делахь, шайн дахарехь иза гайта. „Тхан да ИбрахӀим ву“, — алий, тоам ма бе. Ас боху шуьга, Делан таро ю оцу Ӏохкучу тӀулгех а ИбрахӀимна тӀаьхье ян. |
|
| 9 |
|
| Орамашна тӀехула диг хьалаайина ду: хӀора шена тӀе пайден болу стом ца латтош долу дитт, хада а дой, цӀера юккъе кхуссу». |
|
| 10 |
|
| «Ткъа хӀун де оха?» — бохуш хоьттура наха. |
|
| 11 |
|
| Яхьъяс жоп лора: «Шен ши коч йолчо цхьа а йоцучунна цхьаъ дӀало, шен яа хӀума йолчо изза де». |
|
| 12 |
|
| Ял йоккхуш берш а богӀура шаьш хих чекхбахийта. «Устаз! — хоьттура цара, — оха хӀун дан деза?» |
|
| 13 |
|
| «Нахера совнаха ял ма яккха», — бохура цо цаьрга. |
|
| 14 |
|
| ТӀемалоша хаьттира цуьнга: «Оха хӀун дан деза?» Яхьъяс жоп делира: «Нуьцкъах нахера хӀуманаш схьа ма яха, бехке воцург бехке ма ве, шайн алапах тоам бе». |
|
| 15 |
|
| Адам цхьана хӀумане сатуьйсуш Ӏара, массеран дагахь дара: «Дала леррина Къобалвинарг вуй теша Яхьъя?» |
|
| 16 |
|
| Яхьъяс бохура цаьрга массаьрга а: «Ас шу хих чекхдоху, амма сол нуьцкъалниг вогӀур ву шуна, со Цуьнан мачийн бахтарш дӀадаста а хьакъ вац. Цо Делан Синах дузор а ду, цӀерца а дахчор ду шу. |
|
| 17 |
|
| Цуьнан карахь кӀа ору баьхьа бу, хьаьттахь долу кӀа, цӀан а дина, цӀа чу схьагулдархьама. Ткъа кегаш цкъа а дӀайовш йоцучу цӀера юкъахь ягор ю Цо». |
|
| 18 |
|
| Оцу дешнашца а, кхин дуккха а кхидолчу тӀедожоршца а халкъе хазачу кхоах лаьцна хаамаш бора Яхьъяс. |
|
| 19 |
|
| Цу хенахь Яхьъяс бехке вира махкана тӀехь куьйгалла деш волу ХӀарод, шен вешин зуда ХӀародад ялийна аьлла а, кхин а цуьнгара даьлла зуламаш бахьанехь а. |
|
| 20 |
|
| ХӀарода шегара девллачу зуламашна тӀе кхин цхьаъ а туьйхира: цо Яхьъя чувоьллира. |
|
| 21 |
|
| Схьавеанарг массо а хих чекхвоккхуш, Ӏийса а ваьккхира. Иза доӀа дан хӀоьттира — стигал еллаелира. |
|
| 22 |
|
| Ӏийсана тӀе Делан Са доьссира кхокханан суьртехь. Стигалара аз хезира: «Хьо ву Сан хьоме КӀант! Хьоьца бу Сан лаам!» |
|
| 23 |
|
| Ӏийсан ткъе итт шо гергга дара, Иза Делах лаьцна хьехамаш бан волавелча. Иза, массарна ма-моттара, Юсупан кӀант вара, ткъа Юсуп Ӏелин кӀант вара, |
|
| 24 |
|
| Ӏела Маттатан вара, Маттат Левин вара, Леви Мелхин, Мелхи Яннайн, Яннай Юсупан, |
|
| 25 |
|
| Юсуп Маттит-ЯхӀун, Маттит-ЯхӀу Амосан, Амос Нахьуман, Нахьум Элсин, Элси НагӀайн, |
|
| 26 |
|
| НагӀай Махьатан, Махьат Маттит-ЯхӀун, Маттит-ЯхӀу ШамӀин, ШамӀа Юсахан, Юсах Йовдин, |
|
| 27 |
|
| Йовди Йохьанан, Йохьан Решан, Реша Зурбабелан, Зурбабел Шалтаалан, Шалтаал Неран, |
|
| 28 |
|
| Нера Мелхин, Мелхи Адин, Ади Къосаман, Къосам Ӏелмадин, Ӏелмади Ӏаьран, |
|
| 29 |
|
| Ӏаьр ЮшаӀан, ЮшаӀ ЭлиӀазаран, ЭлиӀазар Йораман, Йорам Маттатан, Маттат Левин, |
|
| 30 |
|
| Леви ШимӀин, ШимӀа ЯхӀудан, ЯхӀуд Юсупан, Юсуп Йонаман, Йонам Элъякъиман, |
|
| 31 |
|
| Элъякъим Мелин, Мели Минадин, Минади Маттетан, Маттет Натин, Ната Даудан, |
|
| 32 |
|
| Дауд Юшаян, Юшай Ӏабадин, Ӏабади БоӀазан, БоӀаз Салманан, Салман Нахьшонан, |
|
| 33 |
|
| Нахьшон Ӏамминадабан, Ӏамминадаб Адманан, Адман Раман, Рам Хьацранин, Хьацрани Парасан, Парас ЯхӀудан, |
|
| 34 |
|
| ЯхӀуд Якъубан, Якъуб Исхьакхан, Исхьакх ИбрахӀиман, ИбрахӀим ТӀахьиран, ТӀахьир Нахьиран, |
|
| 35 |
|
| Нахьир СерагӀан, СерагӀ Рахьун, Рахьу ПалагӀан, ПалагӀ Ӏебаран, Ӏебар Селахьан, |
|
| 36 |
|
| Селахь Къаиман, Къаим Арпахшадан, Арпахшад Шимин, Шима Нохьин, Нохьа ЛемакӀан, |
|
| 37 |
|
| ЛемакӀ Матушалахьан, Матушалахь ХӀанохан, ХӀанох Ярадан, Ярад Махьаллалан, Махьаллал Къаиман, |
|
| 38 |
|
| Къаим Эношан, Энош ШатӀин, ШатӀа Адаман, ткъа Адам — Делан кӀант вара. |
|
|
|
|