|
| 1 |
|
| Цул тӀаьхьа Ӏийса гӀаланашкахула а, ярташкахула а чекхволура, Делан Олаллех лаьцна хаза кхаъ кхайкхош. Шен шийтта векал вара Цуьнца, |
|
| 2 |
|
| кхин масех зуда а, Цо жинех а, цамгарех а тойина йолу: шена чуьра ворхӀ жин схьадаьлла йолу Магдал-юьртара Марем а, |
|
| 3 |
|
| ХӀародан цӀен чохь куьйгалла деш волчу Хьозан зуда Яхьани а, Шушан а, кхин дуккха а берш. Оцу зударша шайн хьола тӀера дакъа луш гӀо дора Ӏийсана. |
|
| 4 |
|
| Ӏийса волчу дукха нах тӀеоьхура маьӀ-маьӀӀера. Цо царна цхьа хьекъале дустар далийра: |
|
| 5 |
|
| «Цхьа ахархо шен кха тӀе хӀу таса араваьлла. Цо хӀу тосучу хенахь цхьадолу буьртигаш некъан йистехула охьаэгна хилла. Схьадаьхкинчу олхазарша уьш дӀадиъна. |
|
| 6 |
|
| Кхидолу буьртигаш тӀулгаш долчу лаьтта тӀе ийгира. Церан зӀийдигаш гучуевлча, уьш якъаелира, хи а ца тоьъна. |
|
| 7 |
|
| Кхидерш коканийн коьллаш юкъа ийгира, амма коьллаша, юкъ а елла, хӀун зӀийдигаш къайлаехира. |
|
| 8 |
|
| Ткъа важа долу хӀу дика латта долчохь нисделира. Хьала а девлла, дӀадийначул бӀозза сов ялта делира цара». И дийцар чекх а даьккхина, Ӏийсас чӀоггӀа элира: «Лергаш долчунна хӀара хезийла!» |
|
| 9 |
|
| Цуьнан мурдаша хаьттира Цуьнга, хӀун маьӀна долуш ду и дийцар аьлла. |
|
| 10 |
|
| Ӏийсас элира: «Шун таро ю Делан Олаллех йолу къайленаш йовза, ткъа кхечаьрга Ас ишттачу дустаршца дуьйцу, уьш „хьоьжуш боллушехь, царна хӀумма а ца гархьама, ладугӀуш боллушехь, дуьйцучух ца кхетийтархьама“. |
|
| 11 |
|
| ХӀара маьӀна долуш ду и далийна дустар: буьртиг Делан дош ду. |
|
| 12 |
|
| Новкъа йистехь эгна буьртигаш — уьш Делан дош хезаш берш бу. Амма схьадеанчу иблисо церан дегнашкара и дош дӀахьо, уьш, цунах теша а тешна, кӀелхьара ца бовлийтархьама. |
|
| 13 |
|
| Ткъа тӀулгаш тӀе эгнарш — уьш, дош хезча, хазахетарца и тӀеоьцурш бу. Амма шайн цхьа а орам боцуш, уьш цхьана ханна теша, ткъа зуьйш йолчу хенахь, уьш юьстахбовлу. |
|
| 14 |
|
| Коканийн коьллаш юкъа эгна, кхиъалц стом ца белла буьртигаш — уьш дош хезнарш бу, амма юха дӀа а бахана, дахаран гӀайгӀанех, хьолах, дегӀана там лахарх Ӏехабелларш бу. |
|
| 15 |
|
| Ткъа дикачу лаьтта тӀе эгнарш — уьш, дош а хезна, дикачу, цӀеначу даг чохь и лардеш, собаре хиларца пайден стом луш берш бу». |
|
| 16 |
|
| «Цхьаммо стогар латийча, цунна тӀехула кхаба ца хӀоттайо, я маьнги кӀел ца хӀоттабо иза, амма чубогӀучарна серло гун йолччу лакха хьалахӀоттабо. |
|
| 17 |
|
| ХӀунда аьлча мел йоккха къайле а цхьанна ца хууш юьсур яц, мел чӀогӀа лечкъийнарг а гӀара ца долуш а, гучу ца долуш а дуьсур дац. |
|
| 18 |
|
| Цундела шайна хезачух лаций ойла елаш. ХӀунда аьлча долчунна кхин а тӀелур ду, ткъа доцучуьнгара шен ду моьттург а дӀадоккхур ду». |
|
| 19 |
|
| Ӏийса волчу Цуьнан наний, вежарий баьхкира, амма Цунна гонах дукха адам хиларна, тӀе ца кхачалора уьш. |
|
| 20 |
|
| Цхьаммо Цуьнга элира: «Хьан наний, вежарий бу арахь Хьо ган лууш». |
|
| 21 |
|
| Ӏийсас жоп делира: «Сан наний, вежарий Делан даше ла а дугӀуш, и кхочушдеш берш бу». |
|
| 22 |
|
| Цхьана дийнахь Шен мурдашца хинкеманна тӀе а хиина, Цо элира: «Ӏоман дехьа берда тӀе девр ду вай». Уьш хи тӀехула дӀабахара. |
|
| 23 |
|
| Хин кеманахь уьш богӀучу хенахь, Ӏийсана наб кхетта. Ӏома тӀехь чӀогӀа мох а баьлла, кеманна чу хи даьлла. Уьш кхерамечу хьолехь хилла. |
|
| 24 |
|
| Мурдаша самаваьккхина Ӏийса: «Устаз! Устаз! Вай хӀаллакьхуьлуш ду!» Цо, хьала а гӀаьттина, мохе а, тулгӀенашка а омра дира. Уьш совца а севцина, гонах тийналла дӀахӀоьттира. |
|
| 25 |
|
| ТӀаккха Цо хаьттира цаьрга: «Мичахь ду шун тешар?» Кхерабелла, цецбевлла вовшашка хоьттуш бара уьш: «Мила ву Иза? Цо хине а, мохе а омра до, цара ладугӀу Цуьнга». |
|
| 26 |
|
| Уьш Галилайна дуьхьалара берда тӀехь Ӏуьллучу ГӀарас цӀе йолчу метте баьхкира. |
|
| 27 |
|
| Ӏийса берда тӀе ваьлча, Цунна дуьхьал гӀалара жинаша хьийзош волу цхьа стаг веара. Иза, дукха хенахь дуьйна тӀе хӀума ца юхуш, нах дӀабухкучу хьехаш чохь Ӏаш вара. |
|
| 28 |
|
| 28-29 Ӏийса а гина, Цунна хьалха вуьйжира иза. Ӏийсас омра дира жине, оцу стагана чуьра арадала аьлла. Стага мохь тухуш элира: «ХӀун оьшу Хьуна соьгара, Ӏийса, Веза Воккхачун КӀант? Доьху Хьоьга, ма хьийзавехьа со». Жино дукха хенахь дуьйна хьийзош вара и стаг. ЗӀенашца дӀа а вихкина, ларвича а, уьш хеда а йой, жино бохург деш, цхьа а адам доцучу, яьссачу метте дӀавоьдура иза. |
|
| 29 |
|
| *** |
|
| 30 |
|
| Ӏийсас хаьттира цуьнга: «ХӀун ю хьан цӀе?» Цо элира: «Эскар», хӀунда аьлча дукха жинаш доьллера цунна чу. |
|
| 31 |
|
| Цу жинаша дехар дира Ӏийсага, шаьш бух боцучу Ӏинах ма кхийсахьара аьлла. |
|
| 32 |
|
| Циггахь лам тӀехь бежаш хьакхарчийн боккха бажа бара. Жинаша дийхира Ӏийсага, шаьш царна чу довлийта аьлла. Цо царна пурба делира. |
|
| 33 |
|
| Жинаш, стагана чуьра ара а девлла, хьакхарчашна чудевлира. Лекхачу берда тӀера хи чу а лилхина, буха яхара хьакхарчий. |
|
| 34 |
|
| Ӏуша, хилларг ган а гина, бевдда бахана дийцира и гӀалахь а, юххерчу ярташкахь а. |
|
| 35 |
|
| Хилларг хӀун ду хьажа адамаш даьхкира. Ӏийсана тӀебаьхкича, царна гира шена чуьра жинаш арадевлла стаг. ТӀе хӀума а юьйхина, метта а веана, Ӏийсан когашкахь Ӏаш вара иза. Схьабаьхкинарш чӀогӀа кхерабелира. |
|
| 36 |
|
| Хилларг гиначара дийцира царна, жинаша талхийна стаг муха товира. |
|
| 37 |
|
| Оцу ГӀарасара мел болчу бахархоша, шаьш чӀогӀа кхерабелла хиларна, дехар дира Ӏийсага, шаьш а дитина, дӀагӀахьара Хьо аьлла. Иза хӀордкемана тӀе а хиина юхавирзира. |
|
| 38 |
|
| Шена чуьра жинаш дӀалаьхкинчу стага дехар дира Цуьнга, ша а ваийтахьара аьлла. Амма Ӏийсас дӀавахийтира иза: |
|
| 39 |
|
| «ЦӀа а гӀой, хьайна Дала мел дика дина дийца ахь», — аьлла. Цу стага дӀавахана гӀалахь бехачаьрга шена Ӏийсас динчу доккхачу диканах лаьцна дийцира. |
|
| 40 |
|
| Дуккха а адам Ӏийсага хьоьжуш Ӏийра. Иза юхавеача, наха Цуьнга маршалла хаьттира. |
|
| 41 |
|
| Гуламан цӀа чохь куьйгалхо волу Яир веара Ӏийсана тӀе. Гора а воьжна, дийхира цо, шен цӀен тӀе вагӀахьара Хьо аьлла. |
|
| 42 |
|
| ХӀунда аьлча цуьнан цхьаъ бен йоцу, шийтта шо кхаьчна йоӀ яра яла йоллуш Ӏуьллуш. Ӏийса дӀавоьдуш Цунна гонах чӀогӀа дуькъа адам дара, Иза халла бен чекх ца валалуш. |
|
| 43 |
|
| Оцу нахана юкъахь цхьа зуда яра шийтта шарахь цӀий ца соцуш бала хьоьгуш, лоьрашна шен дерриг ахча а доьхкина, церан ян гӀоле а йоцуш. |
|
| 44 |
|
| ТӀехьашхула тӀе а еана, Ӏийсан бедарх кхозучу чечакхах куьг Ӏоьттира цо, оцу сохьта цуьнан дӀаоьху цӀий сецира. |
|
| 45 |
|
| «Мила вара Сох куьг Ӏоьттинарг?» — аьлла, хаьттира Ӏийсас. Цхьаммо а даре ца дира. Кипас элира: «Устаз! Нах ма бу Хьуна гонах, цара дӀаса ма тоьтту Хьо, ткъа Ахь хоьтту: „Мила ву Сох куьг Ӏоьттинарг?“» |
|
| 46 |
|
| Амма Ӏийсас элира: «Сох цхьаммо куьг Ӏоьттира, хӀунда аьлча Суна хаабелира Сайх дӀакъаьстина ницкъ». |
|
| 47 |
|
| Зуда, ша гучуяьллий а хиина, ехьош тӀееана, Ӏийсана хьалха юьйжира. Массарна а хьалха дийцира цо, ша Цунах куьг хӀунда Ӏоьттира а, шена оцу сохьта гӀоле муха хилира а. |
|
| 48 |
|
| ТӀаккха Ӏийсас элира цуьнга: «Сан йоӀ, хьан тешаро тойина хьо. Маьрша дӀагӀо хьайна». |
|
| 49 |
|
| Ӏийса къамел дина а валале, гуламан цӀийнан куьйгалхочун Яиран цӀера геланча веара. «Хьан йоӀ елла, — элира цо. — Устазана хало ян ца оьшу». |
|
| 50 |
|
| Амма Ӏийсас, и къамел а хезна, элира Яире: «Кхера ма кхера, амма теша, тӀаккха хьан йоӀ толур ю». |
|
| 51 |
|
| Яиран керта а веана, Цо цхьанна а чу ван пурба ца делира, Кипиний, Яхьъяний, Якъубаний, йоӀан дений-нанний бен. |
|
| 52 |
|
| Кертара адамаш оцу йоӀана доьлхуш дара. «Ма делха, — элира Ӏийсас, — иза ца елла, иза йижина ю». |
|
| 53 |
|
| Уьш Цунах бийла хӀиттира, хӀунда аьлча царна хаьара и йоӀ еллийла. |
|
| 54 |
|
| Ӏийсас, йоьӀан куьг схьа а лаьцна, элира: «ХьалагӀатта, йоӀ!» |
|
| 55 |
|
| ЙоӀана чу са деара, иза цу сохьта хьалагӀаьттира. Ӏийсас цунна яа хӀума ло элира. |
|
| 56 |
|
| Дай-наний чӀогӀа цецдаьлла дара. Амма Ӏийсас элира цаьрга, хилларг цхьаьнгге а ма дийца аьлла. |
|
|
|
|