|
| 1 |
|
| Пасахьан деза де тӀекхочуш дара. Ша кху дуьненара Шен Дена тӀеваха веза хан тӀекхаьчний хаьара Ӏийсана. Дуьненара Шенаш безара Ӏийсана, ткъа хӀинца Шен безам ма-барра кӀорггера гайтира Ӏийсас царна. |
|
| 2 |
|
| Суьйренан пхьор дуучу хенахь Ӏийсана ямартло ян дагатесира иблисо ШамӀа-Искархочун кӀантана ЯхӀудана. |
|
| 3 |
|
| Ткъа Ӏийса хууш вара стигалшкара Шен Дас дерриг а Шен кара деллий а, Ша Делера схьаваьллий а, хӀинца Далла тӀевоьдий а. |
|
| 4 |
|
| Иштта Ӏийсас, хьала а гӀаьттина, Шен тӀехулара бедар схьаяьккхира. ТӀаккха гата схьа а эцна, иза Шен гӀодаюкъах дихкира. |
|
| 5 |
|
| Цул тӀаьхьа теса чу хи доьттира Ӏийсас. ТӀаккха мурдийн когаш била а буьлуш, уьш Шен гӀодаюкъарчу гатанца бакъабан волавелира Иза. |
|
| 6 |
|
| Иштта ШамӀа-Кипина тӀе а вахара Ӏийса, ткъа вукхо элира Цуьнга: «Веза Эла, Ахь буьлур бара сан когаш?» |
|
| 7 |
|
| Ӏийсас жоп делира: «Ас дийриг цкъа хӀинца хӀун ду ца хаьа хьуна, амма тӀаьхьа кхетар ву хьо». |
|
| 8 |
|
| ТӀаккха Кипас элира Цуьнга: «Буьлур бац Ахьа-м сан когаш цкъа а». Ткъа Ӏийсас жоп делира Кипе: «Ас уьш ца билахь, Сох доьзна хьан хӀумма а хир дац-кх». |
|
| 9 |
|
| ТӀаккха ШамӀа-Кипас элира Цуьнга: «Веза Эла, когаш билина а ца Ӏаш, сан куьйгаш а, корта а билахь!» |
|
| 10 |
|
| Ӏийсас элира цуьнга: «Лийчиначун ши ког бен била ца оьшу, хӀунда аьлча иза верриг а цӀена ву. Шу а цӀена ду, дерриш дацахь а». |
|
| 11 |
|
| Ӏийсана-м вевзара Шена ямартло ен верг. Цундела элира Цо: «Шу дерриш цӀена дацахь а», — аьлла. |
|
| 12 |
|
| Мурдийн когаш билина а ваьлла, Шен бедар схьа а эцна, Ӏийса юха а Шен метте дӀатевжира. Ткъа мурдашка Цо элира: «Хаьий те шуна Ас шайна динарг хӀун ду? |
|
| 13 |
|
| Аша Сох „Устаз“ а, „Веза Эла“ а олу, иза нийса олу аша, Со Иза ван а ву. |
|
| 14 |
|
| Иштта, шун Веза Эла а, Устаз а воллушехь, Аса а шун когаш билча, аша а била беза вовшийн когаш. |
|
| 15 |
|
| Аса масал гайтира шуна. ХӀинца Ас шайна диннарг шуьга вовшашна а дайтархьама. |
|
| 16 |
|
| Баккъалла а боху Ас шуьга: „Ялхо шен олахочул лакхара вац. Иштта вахийтинарг а ша ваийтинчул лакхара вац“. |
|
| 17 |
|
| Иза шуна хаа а хаахь, и аша кхочуш а дахь, декъала хир ду шу. |
|
| 18 |
|
| Шух массарах лаьцна ца боху Ас иза. Суна бевза Айса хаьржинарш. Амма кхочушхила деза Делан Йозанаш тӀехь яздина долу: „Соьца бепиг дууш волчо Суна тӀе куьг айина“, — боху дешнаш. |
|
| 19 |
|
| ХӀинца хьалххе дӀахоуьйту Ас шуьга хиндерг, иза кхочушхилале, тӀаккха и кхочушхилла даьлча, Со Со Верг хиларх шу тешийта. |
|
| 20 |
|
| Баккъалла боху Ас шуьга: Ас Вохуьйтург тӀеоьцуш волчо Со тӀеоьцу, ткъа Со тӀеоьцучо Со Ваийтинарг а тӀеоьцу». |
|
| 21 |
|
| И къамел дича, Ӏийсан са бӀарзделлера. Цо, тоьшалла деш, элира: «Бакъдерг боху Ас шуьга, шух цхьаммо ямартло йийр ю Суна». |
|
| 22 |
|
| ТӀаккха мурдаш, цецбевлла, вовшашка хьоьжура, Цо хьанах лаьцна боху ца кхеташ. |
|
| 23 |
|
| Мурдех Ӏийсана къаьсттина везаш волу цхьаъ Цуьнан некха тӀе тевжина Ӏаш вара. |
|
| 24 |
|
| Оцу мурде ШамӀа-Кипас хичаш йира, и Цо вуьйцург мила ву те, Ӏийсага хаттахь аьлла. |
|
| 25 |
|
| Оцу мурдо, Ӏийсан некха тӀе корта а биллина, хаьттира Цуьнга: «Веза Эла! Мила ву иза?» — аьлла. |
|
| 26 |
|
| Ӏийсас жоп делира: «Аса хӀара баьпкан юьхк, кеда чу а Ӏоьттина, дӀакховдон ерг ву». ТӀаккха Ӏийсас баьпкан юьхк, кеда чу а Ӏоьттина, ШамӀа-Искархочун кӀанте ЯхӀуде дӀакховдийра. |
|
| 27 |
|
| ЯхӀуда и баьпкан юьхк схьа-ма-ийцци, цу сахьттехь, цунна чу иблис дуьйлира. ТӀаккха Ӏийсас элира ЯхӀуде: «И хьо дан воллург сихха дей вала». |
|
| 28 |
|
| Амма Ӏийсана юххехь дӀатевжина Ӏаш болчех цхьа а ца кхийтира, Ӏийсас стенах лаьцна боху цуьнга. |
|
| 29 |
|
| ЯхӀудехь ахча долу тӀоьрмаг хиларна, царах цхьаболчарна моьттира, Ӏийсас цуьнга: «Дезачу денна вайна оьшург эца», — я: «Мискачарна сагӀа ло», — боху. |
|
| 30 |
|
| Ткъа ЯхӀуд, и баьпкан юьхк схьа а эцна, цу сахьтехь аравелира. Арахь буьйса яра. |
|
| 31 |
|
| Иштта, ЯхӀуд араваьлча, Ӏийсас элира: «ХӀинца Адамийн КӀентан сийлалла а гучуели, ткъа Делан сийлалла Цуьнгахула гучуяьккхи. |
|
| 32 |
|
| Нагахь Делан сийлалла Цуьнгахула гучуяьккхича, тӀаккха Дала а Шегахула Адамийн КӀентан сийлалла гучуйоккху. Кестта Дала Цуьнан сийлалла гучуйоккхур ю. |
|
| 33 |
|
| Бераш! ХӀокхул тӀаьхьа кхин дукха хир вац Со шуьца. Лоьхур ву аша Со. Амма Ас динан куьйгалхошка ма-аллара: „Со воьдучу шун догӀийла яц“, иштта хӀинца шуьга а боху Ас изза. |
|
| 34 |
|
| ХӀинца керла гӀуллакх тӀедуьллу Ас шуна: вовшийн дезаш хила. Суна шу ма-деззара, иштта шуна а дезийла вовшийн. |
|
| 35 |
|
| Нагахь шун вовшашка безам хилахь, тӀаккха хуур ду массарна а шу Сан мурдаш хилар». |
|
| 36 |
|
| ШамӀа-Кипас хаьттира Ӏийсага: «Веза Эла! Хьо стенга воьду?» Ӏийсас жоп делира цуьнга: «Со воьдучу цкъа хӀинца валур вац хьо, амма тӀаьхьо вогӀур ву хьо Суна тӀаьххье». |
|
| 37 |
|
| Кипас хаьттира Ӏийсага: «Сан йиш хӀунда яц те хӀинцца Хьуна тӀаьхьа ван? Сайн са а дӀалур ду-кх ас Хьан дуьхьа». |
|
| 38 |
|
| Ӏийсас жоп делира: «Хьайн са а дӀалур ду боху ахь Сан дуьхьа? Бакъдерг боху Ас хьоьга: „НӀаьна кхайкха а кхайкхале, кхузза Сох дӀакъаьстар ву хьо“». |
|
|
|
|