|
| 1 |
|
| Нукха-Деми цӀе йолу парушхойх цхьа стаг вара. Жуьгтийн коьртачу кхеташонан декъашхо вара иза. |
|
| 2 |
|
| Нукха-Демис, буьйсанна Ӏийса волчу а веана, элира Цуьнга: «Рабби! Хьо Дала ваийтина устаз вуй хаьа тхуна. ХӀунда аьлча шеца Дела ца хилча, цхьаьнгге а гайталур яц и Ахь гойтуш йолу тамашийначу гӀуллакхийн билгалонаш». |
|
| 3 |
|
| Ӏийсас жоп делира цуьнга: «Баккъалла а боху Ас хьоьга, адам юха шолгӀа ца кхолладелча, хаалур дац цунна Делан Олалла». |
|
| 4 |
|
| Нукха-Демис элира Ӏийсага: «Цкъа къанделла адам шолгӀа муха кхоллалур ду? Юха шен ненан кийра а ваьлла, кхоллавала-м ца веза иза?» |
|
| 5 |
|
| Ӏийсас жоп делира: «Баккъалла а боху Ас хьоьга, нагахь санна адам хих а, Делан Синах а кхолла ца делча, тӀелоцийла дац цуьнан Делан Олалла. |
|
| 6 |
|
| Адамийн бераш адамех хуьлу, ткъа Делан бераш Делан Синах бен ца хуьлу. |
|
| 7 |
|
| Хьо цец ма вала Ас хьайга аьллачух: „Шун шолгӀа кхолладала деза“, — аьлла. |
|
| 8 |
|
| Делан Са мох санна ду. Иза шена луъучухула лела. Механ гӀовгӀа хеза, ткъа иза мичара богӀу а, мича боьду а ца хаьа. Иштта хуьлу хӀора а Делан Синах кхоллавелларг а». |
|
| 9 |
|
| «Ткъа иза муха хилало?» — хаьттира Нукха-Демис Ӏийсага. |
|
| 10 |
|
| Ӏийсас жоп делира цуьнга: «Хьуо исраилхойн Ӏелам стаг воллушехь, иза а ца хаьа-кх хьуна? |
|
| 11 |
|
| Баккъалла а боху хьоьга, оха тхайна хуург а дуьйцу, тхайна гиначух тоьшалла а до, ткъа аша тхан и тоьшаллаш тӀе ца лоцу. |
|
| 12 |
|
| Ас шайга лаьттахь долчух аьлча а, шу ца тешча, стигалшкахь долчух лаьцна дийцича, муха тешар ду шу? |
|
| 13 |
|
| Адамех цхьа а стигалшка хьала а ца ваьлла, Адамийн КӀант бен стигалшкара охьа а ца воьссина. |
|
| 14 |
|
| Яьссачу аренгахь волуш Муса-пайхамаро хьаладаьккхинчу лаьхьанан суьрте терра Адамийн КӀант а ву хьалаваьккхина хила везаш, |
|
| 15 |
|
| Цунах тешнарш Дела волчохь хедар доцучу дахаре кхачийтархьама». |
|
| 16 |
|
| ХӀунда аьлча Шен цхьаъ бен воцу КӀант дӀаваллал дезна Далла хӀара дуьне, муьлхха а Цунах тешнарг, хӀаллак а ца хуьлуш, Ша волчохь долчу хедар доцучу дахаре кхачийтархьама. |
|
| 17 |
|
| Дуьненна кхел ян ца ваийтинера Дала Шен КӀант, ткъа Цуьнгахула дуьне кӀелхьардалийтархьама ваийтинера. |
|
| 18 |
|
| Цунах тешначунна кхел яц. Ткъа Цунах ца тешначунна кхел йина ю, иза Делан цхьаъ бен воцучу КӀантах цатешарна. |
|
| 19 |
|
| Кху дуьнен чу Делах йолу серло яьржина, амма адамашна серлонал бода беза, шаьш до гӀуллакхаш Далла хьалха вон долу дела. |
|
| 20 |
|
| ХӀунда аьлча хӀора вон дечунна серло ца еза, иза серлонга а ца воьду, шен вон гӀуллакхаш гучу ца далийтархьама. |
|
| 21 |
|
| Ткъа Делах долчу бакъдолчуьнца вехаш верг серлонга волу, ша деш долу гӀуллакхаш Делан гӀоьнца деш хилар гайтархьама. |
|
| 22 |
|
| Цул тӀаьхьа Ӏийса а, Цуьнан мурдаш а ЯхӀуд-махка баьхкира. Уьш цигахь, адамаш хих чекхдохуш, севцира. |
|
| 23 |
|
| Цу хенахь Яхьъя а вара нах хих чекхбохуш. Шалейм олучу меттигна гена йоцучу Ӏейнан-юьртахь дара иза. Цигахь алссам хи дара, цундела наха шаьш Яхьъяга хих чекхбохуьйтура, |
|
| 24 |
|
| хӀунда аьлча цу хенахь Яхьъя хӀинца а набахти чу воллаза вара. |
|
| 25 |
|
| Яхьъян мурдашна а, жуьгтийн динан куьйгалхочунна а юкъахь къовсам хилира. И къовсам баьллера хица цӀано яран хьокъехь дино тӀедиллина долчух. |
|
| 26 |
|
| ТӀаккха, Яхьъяна тӀе а баьхкина, цара элира: «Устаз, хьо Йорданан вукху агӀор волуш, хьоьца хилла волу, ахь Шех тоьшалла динарг а ву-кх нах хих чекхбохуш. Ткъа массо адам Цунна тӀеоьхуш ду». |
|
| 27 |
|
| Яхьъяс жоп делира: «Адамо хӀумма а шена тӀелаца йиш яц, нагахь санна иза цунна стигалшкара Дала делла дацахь. |
|
| 28 |
|
| Шу шаьш а теш дар-кх ас шуьга аьллачунна: „Со Дала леррина Къобалвинарг вац. Со Цунна хьалхара некъ кечбан ваийтина Дала“. |
|
| 29 |
|
| Нускал а далийначун долахь хуьлу, ткъа зудаялийначун доттагӀа а хуьлу зудаялийначунна уллохь Ӏаш, цунна хьалхара гӀуллакх а деш. Хазахетарх вуьзна хуьлу иза, зуда ялийна волу шен доттагӀа чувогӀуш, цуьнан аз хезча. И сан хазахетар хӀинца кхочушхилла. |
|
| 30 |
|
| Иза вазвала веза, ткъа со лахвала веза». |
|
| 31 |
|
| Лакхара ОхьавогӀург массарал а лакхара ву. Кху Лаьттара ваьлларг Лаьттара ву, цо Лаьттахь долчух лаьцна дуьйцу. Ткъа стигалара Веанарг массарал а лакхара ву. |
|
| 32 |
|
| Шена гиначух а, хезначух а тоьшалла до Цо, ткъа Цуьнан тоьшаллаш цхьаммо а тӀе ца лоцу. |
|
| 33 |
|
| Цуьнан тоьшаллаш тӀелаьцначо шен мухӀар тохарца чӀагӀдо Дела бакъхилар. |
|
| 34 |
|
| ХӀунда аьлча Ша Дала Ваийтинчо Делан дешнашца дуьйцу, Дала иза барам боццуш Шен Сих вуьзна дела. |
|
| 35 |
|
| Дена Шен КӀант веза. Цо массо а хӀума Шен КӀентан кара дӀаделла. |
|
| 36 |
|
| КӀантах тешачунна Дела волчохь хедар доцу дахар хир ду. Ткъа КӀантана муьтӀахь ца хуьлучунна цкъа а гур дац и дахар, амма Делан оьгӀазло а йолуш ю цунна тӀехь. |
|
|
|
|