|
| 1 |
|
| Лоруш волу Теапил, сайн хьалхарчу жайни тӀехь ас яздинера хьоьга Ӏийсас дан а, хьеха а долийначу дерригенах а лаьцна, |
|
| 2 |
|
| Шен векалшна Делан Синехула омра а дина, стигала Иза хьалаваьккхинчу денна тӀекхаччалц. |
|
| 3 |
|
| Хала баланаш а, кхалхар а лайра Цо. Юха, ден а велла, цу векалшна тӀевеара Ӏийса, царна Ша гойтуш. Цо дукхазза а Ша денвалар билгал бакъ хилар гойтуш долу тоьшаллаш делира. Ӏийсас, кхин а шовзткъа дийнахь царна хьалха а хӀуттуш, Делан Олаллех лаьцна дуьйцура. |
|
| 4 |
|
| Цкъа, векалш шуьне гул а бина, Цо омра дира цаьрга: «Ярушалайм-гӀалара дӀа а ма довла, Аса шуна дийцинчу, Дадас шуна лур ду аьллачу дикане сатуьйсуш а хила. |
|
| 5 |
|
| ХӀунда аьлча Яхьъяс шу хих чекхдехира, ткъа масех де даьлча, шу Делан Синах дузур ду». |
|
| 6 |
|
| Мурдаша, гул а белла, хаьттира Ӏийсага: «Эла, Ахьа Исраилан пачхьалкх юха меттахӀоттайо хан тӀе ца кхаьчна?» — аьлла. |
|
| 7 |
|
| Цо жоп делира: «Дадас Шен бакъонца ехкина хенаш а, денош а хаар шун гӀуллакх дац. |
|
| 8 |
|
| Амма шуна тӀе Делан Са а доьссина, шуьга ницкъ беача, Сан тешаш хир ду шу Ярушалаймехь а, берриг ЯхӀуд-махкахь а, Шамранан махкахь а, дуьненан йисте кхаччалц а». |
|
| 9 |
|
| Иза а аьлла, церан бӀаьргашна хьалха стигала хьалаваьхьна волу Ӏийса мархи юкъахь кхарна гучуьра къайлавелира. |
|
| 10 |
|
| Мурдаш леррина стигала хьоьжуш лаьттара Иза хьалахьочу хенахь. ЦӀеххьана царна хьалха кӀайн духар тӀехь долу ши стаг дӀахӀоьттира. |
|
| 11 |
|
| «Галилай-мехкан бахархой, — элира цара, — шу хӀун деш лаьтта, стигала а хьоьжуш? Шу долчуьра Ӏийса стигала хьалавоккхуш шуна гина ма-хиллара, Иза иштта юха а вогӀур ву». |
|
| 12 |
|
| Цул тӀаьхьа векалш, Зайт-диттийн лам тӀера чу а биссина, Ярушалайме баьхкира. И лам Ярушалаймана уллохь бара, садоӀучу шоьтан дийнахь бан магийначу некъан барамехь хиллал. |
|
| 13 |
|
| ГӀала а баьхкина, уьш лакхарчу цӀа чохь гулбелира. Векалийн цӀераш яра: Кипа, Яхьъя, Якъуб, Ӏандар, Пилап, ТӀама, Барталамай, Маттай, ХӀалпайн кӀант Якъуб, Якъубан кӀант ЯхӀуд, ШамӀа, ша тӀелаьцнарг тӀевирззина кхочуш дан гӀертарг. |
|
| 14 |
|
| Уьш гуттар а цхьаьна гуллора доӀанаш дан. Масех зуда а яра цаьрца, иштта Ӏийсан нана Марем а, Ӏийсан вежарий а бара. |
|
| 15 |
|
| Цкъа уьш гулбеллачу метте бӀе ткъа гергга динан ваша веара. Кипас, хьала а гӀаьттина, элира: |
|
| 16 |
|
| «Вежарий! Делан Йоза кхочуш ца хилча ца долу. Ӏийса лоцуш болчарна тӀехь куьйгалла дина волчу ЯхӀудах лаьцна хиндерг Делан Сино Даудехула аьлла дара оцу Йозан тӀехь. |
|
| 17 |
|
| ЯхӀуд вайх цхьаъ вара, вай Далла гӀуллакх дечу хенахь вайца дакъа а лецира цо». |
|
| 18 |
|
| Ӏийсана йинчу ямартлонах шена деллачу ахчанах цо латта эцнера. Цу лаьтта тӀехь велла карийна иза, даьттӀачу гай чуьра араяьлла чоко а йолуш. |
|
| 19 |
|
| Ярушалаймехь массарна а хаьара оцу хиллачух лаьцна, цундела шайн маттахь цара «ХӀакал-дама» аьллера цу лаьттах. Иза «ЦӀийн латта» бохург ду. |
|
| 20 |
|
| «Забур тӀехь цхьанхьа яздина ду: „Цуьнан керт дӀатесна хуьлийла, цигахь цхьа а кхин ма вехийла“, вукхунхьа: „Далла гӀуллакх дечохь цуьнан меттиг кхечо дӀалоцийла“. |
|
| 21 |
|
| Цундела вайна оьшу гуттар а вайца Ӏийсана уллохь а хилла, |
|
| 22 |
|
| ткъа иштта Яхьъяс нах хих чекхбохуш хиллачул хенахь дуьйна, Ӏийса вай долчуьра стигала хьалаваккхалц хилла волу стаг. Иза, вай санна, Ӏийса денваларан теш хила а веза». |
|
| 23 |
|
| Шиъ билгалваьккхира: шех Бар-Сабба я «Юст» олу Юсуп а, Маттахьи а. |
|
| 24 |
|
| Векалша доӀа дира: «Веза Эла! Хьуна хӀораннан а дог девза, гайтахьа тхуна |
|
| 25 |
|
| ша ваха веззачу метте дӀаваханчу ЯхӀудан метта, Айхьа векал а вина, гӀуллакх дан хаьржинарг». |
|
| 26 |
|
| Юха цара кхаж тесира. И кхаж Маттахьин белира. Иза, шийтталгӀа векал а хилла, вукху цхьайттаннах дӀакхийтира. |
|
|
|
|