|
| 1 |
|
| Берриг а ЯхӀуд-махкахь болчу векалшна а, динан вежаршна а хезнера, кхечу къаьмнех болчара Делан дош тӀеэцна бохуш. |
|
| 2 |
|
| Цундела Кипа Ярушалайме веача, Ӏийсах тешаш болу сунтбинарш хӀокхуьнга бехкаш даха хӀиттира. |
|
| 3 |
|
| «Сунтбаза болчеран чу а воьдуш, цаьрца хӀума йиъна ахь», — бохура цара. |
|
| 4 |
|
| ТӀаккха дерриге а муха хилла, царна ма-дарра дийца волавелира Кипа. |
|
| 5 |
|
| «Со Яппи-гӀалахь доӀанаш деш вара, — дуьйцура цо, — шовкъ еанчу суна сурт хӀоьттира. Еа маьӀӀера схьа а лаьцна, стигалара со волчу охьайоуьйтуш йолу цхьа йоккхачу шаршух тера хӀума гира суна. |
|
| 6 |
|
| Цу чу хьаьжча, суна гира биъ ког болу дийнаташ а, акхарой а, кхин а текхаргаш а, олхазарш а. |
|
| 7 |
|
| Юха суна аз хезира: „Кипа, хьала а гӀаттий, яйа а яйий, яа уьш“, — аьлла. |
|
| 8 |
|
| Ас жоп делира: „Ма ала иза соьга, Веза Эла! Цкъа а хьарам йолу хӀума йиъна яц аса“, — аьлла. |
|
| 9 |
|
| Стигаларчу озо юха а элира: „Дала магийтинарг хьарам ма хета“. |
|
| 10 |
|
| Иштта кхузза хилира, юха шаршу стигала хьалаяьхьира. |
|
| 11 |
|
| Оццу хенахь со волчу цӀенна уллохь кхо стаг сецира. Уьш со волчу Кхесрин-гӀалара бахкийтина бара. |
|
| 12 |
|
| Делан Сино, шек а ца волуш, цаьрца дӀагӀо элира соьга. ХӀара ялх динан ваша а веара соьца. Тхо соьга кхайкхинчу стеган цӀа чу дахара. |
|
| 13 |
|
| Цу стага дийцира, цӀа чохь шена малик гина бохуш. Малико аьлла цуьнга: „Яппи-гӀала ШамӀе схьакхайкха бахийта. Цунах кхин Кипа а олу. |
|
| 14 |
|
| Цо цхьа хаза кхаъ бахьар бу шуна. И кхаъ бахьанехь хьо а, хьан цӀеранаш а кӀелхьарбевр бу“. |
|
| 15 |
|
| Со дийца волавелча, хьалха тхуна тӀе санна, царна тӀе а Делан Са доьссира. |
|
| 16 |
|
| ТӀаккха суна Везачу Элан дешнаш дагадеара: „Яхьъяс адамаш хих чекхдохура, ткъа шу Делан Синах дузур ду“. |
|
| 17 |
|
| Цундела Дала леррина къобалвинчу Ӏийса-Элах тешачу вайна Дала делларг царна а делла хилча, со мила ву Далла дуьхьал вала?» |
|
| 18 |
|
| Оцу дерригене а ладоьгӀча, церан дуьхьал ала хӀумма а дацара. Цара Далла хастам бора: «Дала кхечу къаьмнех болчарна а некъ белла Шена тӀеберза, Шеца дахар хилийта». |
|
| 19 |
|
| Тапа вийначул тӀаьхьа шайна беш хиллачу ницкъах бевдда кӀелхьарбевлла Ӏийсах тешнарш Пиники-гӀала а, Кипре а, Антиохе а кхечира. Ӏийсах болу хаза кхаъ жуьгташна бен ца бовзуьйтура. |
|
| 20 |
|
| Амма цхьацца болу кипрхой а, къуринхой а Антиохе а баьхкина, Ӏийса-Элах лаьцна хаза кхаъ грекашна а бийца буьйлабелира. |
|
| 21 |
|
| Цаьрца Везачу Элан лаам бара, цундела дукхахберш церан дешнех а тешна, Везачу Элана тӀебирзира. |
|
| 22 |
|
| Цунах лаьцна хаам Ярушалаймехь болчу Ӏийсах тешачу нахе кхечира. Цигара Антиохе Бар-Нааб вахийтира. |
|
| 23 |
|
| ДӀа а кхаьчна, билггала хилла болу Делан къинхетам шена гича, хазахеттачу Бар-Нааба, Ӏийсах тешна нах иркарахӀиттош, къамел дира, Везачу Элах тешар шайн дегнашкахь латтаде бохуш. |
|
| 24 |
|
| Делах тешарх а, Делан Синах а вуьзна волу Бар-Нааб дика стаг вара. Иза бахьана долуш дукха адам Везачу Элана тӀедирзира. |
|
| 25 |
|
| Цул тӀаьхьа Бар-Нааб Тарсе вахара, цигахь Шаул лахархьама. |
|
| 26 |
|
| Схьа а лехна, иза Антиохе схьавалийра цо. Дийнна шарахь Ӏийра Бар-Нааб а, Шаул а Антиохехь Ӏийсах тешачийн тоба йолчохь. Цара дуккха а нахана хьийхира. Антиохехь дуьххьара элира мурдех «Дала леррина Къобалвинчун берш». |
|
| 27 |
|
| Цу хенахь Ярушалаймера Антиохе масех пайхамар веара. |
|
| 28 |
|
| Агав цӀе йолчу царах цхьаммо, дӀа а хӀоьттина, Делан Синан цӀарах хаам бира, римхойн пачхьалкхехь мацалла хӀуттур ю аьлла. (Калабди Рим-мехкан паччахь волчу хенахь хилира иза.) |
|
| 29 |
|
| Цундела мурдаша сацам бира, шайн тароне хьаьжжина, ЯхӀуд-махкахь болчу динан вежаршна гӀо дан. |
|
| 30 |
|
| Иштта дан а дира цара. Ярушалаймехь болчу Ӏийсах тешачийн тобанан тхьамданашка шаьш гулдинарг Бар-Наабе а, Шауле а дӀадахьийтира цара. |
|
|
|
|