|
| 1 |
|
| Адамийн карзахдийларш дӀасевцча, Ӏийсан мурдаш схьа а кхайкхина, цаьрга дог иракарахӀоттош къамел а дина, церан Ӏодика а йина, Македоне дӀавахара ПахӀал. |
|
| 2 |
|
| Ша воьдучу новкъахь нахана тӀекхаьч-кхаьчначохь Ӏийсах тешачийн дог ойуш дерг дуьйцура цо. Юха иза грекийн махка веара. |
|
| 3 |
|
| Цигахь цо кхо бутт баьккхира. Сири-махка иза дӀаваха кечвеллачу хенахь жуьгташа къайлаха барт бира цунна дуьхьал. Цо сацам бира, Македонехула Сири-махка юхаваха. |
|
| 4 |
|
| Цуьнца бара накъостий: Берия-гӀалара Пирран кӀант Сопатар а, Тассалник-гӀалара Арестах а, Секант а, Дерби-гӀалара Гаяс а, Тимапи а, Асиа-махкара шиъ — ТихӀак а, ТрахӀим а. |
|
| 5 |
|
| Уьш, хьалххе дӀа а бахана, Троя-гӀалахь тхоьга хьоьжуш Ӏаш бара. |
|
| 6 |
|
| Пилап-гӀалара хӀордкеманца дӀадахара тхо, совсазчу баьпкан деза денош дӀадевлча. Пхи де даьлча, Троя-гӀалахь царах дӀа а кхетта, цигахь кӀира даьккхира оха. |
|
| 7 |
|
| КӀийрандийнахь тхо бепиг дохо цхьаьна гулделча, ПахӀала къамел дира тхоьца. ШолгӀачу дийнахь дӀаваха ойла йолуш волу иза буьйса юккъе яххалц Ӏийра хьехамаш беш. |
|
| 8 |
|
| Лакха тӀехь, тхо гулделлачу цӀа чохь, дуккха а къуьданаш яра. |
|
| 9 |
|
| ПахӀала шен хьехам бечу хенахь корехь хиъна Ӏачу Овтах цӀе йолчу жимачу стагана наб озийра. Эххар а наб кхетта волу иза кхозлагӀчу гӀат тӀера корехула чувуьйжира. Меттахъхьавича, иза велла карийра. |
|
| 10 |
|
| Чувоьссинчу ПахӀала, тӀе а кхетта, иза мара а воьллина, элира: «Са ма гатде аша, иза денвелла», — аьлла. |
|
| 11 |
|
| Хьалаваьлла, царна бепиг а декъна, хӀума йиира цо. Сахиллалц цаьрца къамел деш а Ӏийна, дӀавахара иза. |
|
| 12 |
|
| Денвелла волу жима стаг цӀа вигира. Массарна а цунах боккха синтем белира. |
|
| 13 |
|
| Тхо хӀордкеманца Асс-гӀала дахара, цигара ПахӀал схьаэцархьама. ГӀаш цига ваха ойла йолчу цо, и гӀуллакх иштта кхочушде аьлла, тӀедиллинера тхуна. |
|
| 14 |
|
| Асс-гӀалахь тхаьш вовшахкхетча, иза тхешан кеманна тӀе хьала а ваьккхина, Митилена-гӀала дӀадахара тхо. |
|
| 15 |
|
| ШолгӀачу дийнахь цигара дӀа а дахана, Хиос-гӀайренна гена доццуш севцира тхо. КхоалгӀачу дийнахь, хил дехьа а девлла, Самос-гӀайрен юххехь севцира, ткъа кхин цхьа де даьлча, Милет-гӀала кхечира. |
|
| 16 |
|
| Ша сиха хиларна, Асиа-махкахь кхин хан а ца йойуш, Эпас-гӀалина чу а ца воьрзуш, тӀехвала сацам хилира ПахӀалан. Цунна лаьара, аьтто балахь, жуьгтийн ШавуӀот цӀе йолу ялта чудерзоран деза де тӀекхачале Ярушалайме кхача. |
|
| 17 |
|
| Милет-гӀалара Эпас-гӀала нах бахийтира ПахӀала цигарчу Ӏийсах тешачийн тобанан тхьамданашка кхайкха. |
|
| 18 |
|
| Уьш схьакхаьчча, цо элира цаьрга: «Асиа-махка схьавеъначу дийнахь дуьйна со шайца муха Ӏийна хаьа шуна. |
|
| 19 |
|
| Даггара Везачу Элана гӀуллакх дина ас, Цунна муьтӀахь а волуш, жуьгташа къайлаха барт бар бахьана долуш, баланаш а ловш, сингаттам тӀебеача, бӀаьрхиш а Ӏенош. |
|
| 20 |
|
| Шек а ца волуш, нахана юкъахь, арахь а, цӀенош чу воьдуш а, шуна пайденна болу хьехам бина ас. |
|
| 21 |
|
| Жуьгташка а, грекашка а цхьабосса дийцина ас, лелийначунна дохко а довлий, Далла тӀедерза бохуш. Вайн Везачу Элах Ӏийсах тешаре а кхайкхина ас цаьрга. |
|
| 22 |
|
| Ткъа хӀинца Делан Синан лаамца Ярушалайме воьду со. Цигахь сайга хӀун догӀу а ца хаьа суна. |
|
| 23 |
|
| Цхьа хӀума хаьа суна, хӀора гӀалахь а Делан Сино олу соьга сан халонаш а, набахти а лан дезарх лаьцна. |
|
| 24 |
|
| Амма сайн дахар цхьана а меха ца хета суна, Везачу Элера Ӏийсагара схьаэцна гӀуллакх — нахана Делан боккхачу къинхетамах болу хаза кхаъ дӀакхачор — кхочушдарца сайн дахаран некъ чекхбаьлчхьана. |
|
| 25 |
|
| Кхин а хаьа суна, шух цхьанна а — со шен цӀа чохь а хилла, Делан олалла кхайкхош со кхин гур вац. |
|
| 26 |
|
| Цундела ас тахана дӀахоуьйту шуьга, со жоьпехь хир вац, шух цхьаъ кӀелхьара ца валахь, |
|
| 27 |
|
| хӀунда аьлча, шеко а йоцуш, хӀумма а лечкъа а ца деш, ас шуна Делан лаам кхайкхийна. |
|
| 28 |
|
| Сема а, ларлуш а хила. Ӏуьно Ӏалашбо бажа санна, Дала Шен КӀентан цӀийца яьккхина йолу, Делан Сино шайга елла йолу Ӏийсах тешачу нехан тоба Ӏалашъе. |
|
| 29 |
|
| Суна хаьа, со шуна юкъара дӀавахча, дерачу берзалоша, чу а яьхкина, бажа кхоор бац. |
|
| 30 |
|
| Шуна юкъахь а хир бу бакъдерг харцахьадаьккхина нах, Ӏийсан мурдаш шайна тӀаьхьа хӀитторхьама. |
|
| 31 |
|
| Цундела сема хила. Шайна аса кхаа шарахь дийнахь а, буса а хӀоранга а бӀаьрхица дӀахьедина хилар дагахь латтаде. |
|
| 32 |
|
| ХӀинца ас шу дӀало Деле. Цуьнан къинхетамах болчу хазачу кхоо шу Ӏалашдийр ду, хӀунда аьлча цо шу чӀагӀдан а, Делан нахана юкъахь декъахой хилийта а мега. |
|
| 33 |
|
| Со шуьца волчу хенахь цкъа а цхьаннан а ахча а, деза духар а ца дезна суна. |
|
| 34 |
|
| Шуна шайна а хаьа, сан а, соьца болчеран а хьашташ кхочушдинарш хӀара куьйгаш дуйла. |
|
| 35 |
|
| Сайн ницкъ ма-кхоччу, ас шуна гайтина, ас санна, аша а къахьегарца гӀийлачарна гӀо дан дезар. Дагахь латто деза Везачу Элан Ӏийсан дешнаш: „ХӀума дӀадаларехь ирс алсам ду схьаэцарехь чул“». |
|
| 36 |
|
| Иза а аьлла, горахӀоьттина, массаьрца а доӀа дира цо. |
|
| 37 |
|
| Массо а воьлхура, иза мара а вуьхкуш, цунна барташ а дохуш. |
|
| 38 |
|
| Уьш сингаттаме бара, къаьсттина цо аьллачу дешнийн бахьаненна: «Со кхин гур вац шуна». Цул тӀаьхьа цара иза хӀордкеманна тӀе дӀакхетийра. |
|
|
|
|