|
| 1 |
|
| Коьртачу кхеташонехь болчу нахе а хьаьжна, ПахӀала элира: «Сан вежарий! Таханлерчу дийне кхаччалц Далла хьалха цӀеначу дагца ваьхна ву со». |
|
| 2 |
|
| Динан коьртачу дас Хьанаса шена хьалха лаьттачаьрга омра дира, ПахӀалан бета тӀе хӀума тоха аьлла. |
|
| 3 |
|
| ПахӀала элира цуьнга: «Дала таӀзар дийр ду хьуна, шалхонча. Нийсонца кхел ян хиъна хьо воллушехь, хӀетте а харцонца суна етта боху-кх ахь». |
|
| 4 |
|
| Уллохь лаьтташ болчара элира ПахӀале: «Динан коьрта да сийсазво ахьа!» |
|
| 5 |
|
| ПахӀала элира: «Вежарий, суна ца хаьара иза динан коьрта да вуйла. Яздина ма ду: „Хьайн халкъана тӀехь волчу куьйгалхочунна лен ма ле“, — аьлла». |
|
| 6 |
|
| Гулбеллачу нахана юкъахь цхьаберш садукъой, вуьш парушхой буйла шена хиъча, ПахӀала чӀоггӀа элира: «Вежарий! Со парушхочух схьаваьлла парушхо ву шуна! Белларш денлуш хиларх сатесна ву аьлла, валийна ву со кхуза кхел ян». |
|
| 7 |
|
| Цо иза аьлча, парушхошна а, садукъошна а юкъахь къовсам а баьлла, гулам шина декъе бекъабелира. |
|
| 8 |
|
| (ХӀунда аьлча садукъоша я денвалар а, я маликаш а, я жинаш а дац бохура, ткъа парушхоша и дерриг а ду бохура.) |
|
| 9 |
|
| Йоккха гӀовгӀа елира. Парушхойх болчу цхьаболчу Ӏеламчу наха бохура: «Кху стагехь тхуна цхьа а вониг ца карадо. ХӀун хаьа, цуьнца жино я малико къамел динийла». |
|
| 10 |
|
| Амма къовсам кхин а чӀогӀа баларна тӀеман коьртачу хьаькамо, наха ПахӀал вовшахваккхарна кхоьруш, тӀемалошка омра дира, лаха чу а диссий, царна юкъара схьа а ваккхий, иза гӀопе дӀавига аьлла. |
|
| 11 |
|
| Буьйсанна ПахӀална хьалха хӀоьттинчу Везачу Эло элира: «ЧӀагӀлолахь, ПахӀал. Айхьа Ярушалаймехь Сох тоьшалла ма-дарра, Римехь а иза дан дезар ду хьан». |
|
| 12 |
|
| Де тӀекхаьчча, цхьаболчу жуьгташа, барт а бина, дуй биира ПахӀал шаьш веллалц ца яа а, ца мала а. |
|
| 13 |
|
| И барт беш декъехь вара шовзткъа сов стаг. |
|
| 14 |
|
| Динан коьрта да а, баккхий нах а болчу а бахана, цара элира: «Оха дуй биъна ца яа а, ца мала а ПахӀал веллалц. |
|
| 15 |
|
| Аша а, коьртачу кхеташоно а тӀеман коьртачу хьаькаме дехар де, ПахӀал шаьш долчу валавайта алий, цуьнан гӀуллакх кхин цкъа а дикка таллархьама. Шуна тӀекхачале, иза вен тхо кийчча ду». |
|
| 16 |
|
| Цара бинчу бартах лаьцна ПахӀалан йишин кӀантана хиира. Цо, гӀопе а веана, ПахӀале дӀахаийтира и гӀуллакх. |
|
| 17 |
|
| ТӀаккха ПахӀала, римхойн эскарера цхьана тӀеман хьаькаме схьа а кхайкхина, элира: «ХӀара жима стаг тӀеман коьртачу хьаькамна тӀевига, цуьнга цхьа хӀума ала деза кхуьнан», — аьлла. |
|
| 18 |
|
| Цу хьаькамо, и кӀант тӀеман коьртачу хьаькамна тӀе а вигина, элира: «Тутмакха ПахӀала, соьга схьа а кхайкхина, хӀара жима стаг хьуна тӀевига элира. Кхуьнан хьоьга ала цхьа хӀума ду боху цо». |
|
| 19 |
|
| ТӀеман коьртачу хьаькамо, куьг лаьцна юьстаха а ваьккхина, хаьттира кӀанте: «ХӀун дара хьан соьга ала?» — аьлла. |
|
| 20 |
|
| КӀанта элира: «Жуьгташа барт бина, хьоьга ПахӀал кхана коьртачу кхеташоне валаве аьлла, дехар дан, цуьнан гӀуллакх дикка толлучуха. |
|
| 21 |
|
| Цаьрга ла ма догӀалахь, хӀунда аьлча шовзткъа сов стаг ву цунна кӀело йина Ӏаш. Цара дуй биъна ца яа а, ца мала а шаьш иза веллалц. Уьш хӀинца кийчча Ӏаш бу, ахь ден долчу омре хьоьжуш». |
|
| 22 |
|
| ТӀаккха тӀеман коьртачу хьаькамо жима стаг дӀавахийтира: «Айхьа соьга аьлларг цхьаьнгге а ма дийцалахь», — аьлла. |
|
| 23 |
|
| Цул тӀаьхьа, шен тӀеман хьаькамех шиъ схьа а кхайкхина, цо элира: «Кхесрин-гӀала ваха ши бӀе гӀашло а, кхузткъе итт дин-бере а, ши бӀе гоьмукълелорхо а кечве, буьйсанна исс сахьт долуш уьш дӀа а хьовсабе. |
|
| 24 |
|
| Иштта, варраш а кечъе, тӀе а хаавай, ПахӀал мехкан куьйгалхо Пелакъ волчу дӀавигийта». |
|
| 25 |
|
| Цул сов, иштта чулацам болуш кехат а яздира цо: |
|
| 26 |
|
| «Цуьнан сийлалле мехкан куьйгалхочуьнга Пелакъе маршалла доуьйту Калабди Лосас. |
|
| 27 |
|
| ХӀара стаг, схьа а лаьцна, жуьгташа вуьйчуьра тӀемалошца веанчу ас кӀелхьарваьккхина ву, Риман вахархо вуй ма-хиъинехь. |
|
| 28 |
|
| Кхуьнан хӀун бехк бу хаархьама, ас хӀара церан коьртачу кхеташоне валийра. |
|
| 29 |
|
| Цигахь билгалделира кхуьнан бехк бу аьлла лоруш дерг церан шайн товратан хьехамашца доьзна хилар. Амма хӀара вен я дӀалаца бахьана долуш хӀума дацара. |
|
| 30 |
|
| Сайна кху стагана дуьхьал барт бинийла ма-хиъинехь, ас сихонца хӀара хьо волчу дӀахьажийра, ткъа кхуьнан кхелахошка, гӀуллакх хьоьга къастадайта аьлла, омра дира». |
|
| 31 |
|
| ТӀемалоша шайна деллачу омрица ПахӀал, схьа а эцна, буьйсанна Анти-Патар-гӀала дӀавигира. |
|
| 32 |
|
| Ткъа шолгӀачу дийнахь, иза говрашкахь болчаьрга кхидӀа вига а аьлла, гӀопе юхабирзира уьш. |
|
| 33 |
|
| Вукхара, Кхесрин-гӀала схьакхаьчча, кехат мехкан куьйгалхочуьнга дӀа а делла, ПахӀал цунна хьалха хӀоттийра. |
|
| 34 |
|
| Мехкан куьйгалхочо, кехат а дешна, ПахӀале хаьттира, иза муьлхачу меттера ву аьлла. ХӀара Киликера вуйла хиъча, цо элира: |
|
| 35 |
|
| «Ас хьан гӀуллакхе ладугӀур ду, хьо бехке веш берш схьакхаьчча». ТӀаккха гӀароле, иза кхел еш долчу ХӀародан цӀийнехь ларве аьлла, омра дира цо. |
|
|
|
|