|
| 1 |
|
| Кипас а, Яхьъяс а нахаца къамел дечу хенахь царна тӀе динан дай а, Делан цӀийнан гӀаролхойн хьаькам а, динан тобанан садукъой цӀе йолу нах а баьхкира. |
|
| 2 |
|
| Уьш чӀогӀа реза бацара Кипас а, Яхьъяс а нахана хьоьхуш хиларна а, Ӏийса веллачуьра денвелла бохуш кхайкхам барна а. |
|
| 3 |
|
| Цара и шиъ, схьа а лаьцна, ларвайта гӀароле дӀавелира, хӀунда аьлча тӀееана суьйре а яра, хан а яьллера. |
|
| 4 |
|
| Ткъа цу шиннан хьехамашка ладоьгӀна болу дукхахберш тийшира цара дийцинчух, цундела Ӏийсах тешнарш пхи эзар гергга хилира. |
|
| 5 |
|
| ШолгӀачу дийнахь хьаькамаш а, баккхий нах а, Ӏелам нах а Ярушалаймехь цхьаьна гулбелира. |
|
| 6 |
|
| Динан коьрта да Ӏанна а, иштта Кайба а, Яхьъя а, Искандар а, динан коьртачу ден доьзалхой а, кхиболу гергара нах а бара цигахь. |
|
| 7 |
|
| Кипий, Яхьъяй юккъе а ваккхийтина, цаьрга барт хатта буьйлабелира уьш: «Муьлхачу ницкъаца а, хьенан цӀарах а дара аша динарг?» — бохуш. |
|
| 8 |
|
| Делан Синах вуьзна волчу Кипас жоп делира: «ЛадогӀалаш, халкъан тхьамданаш а, баккхий нах а! |
|
| 9 |
|
| Нагахь санна цомгуш волчу стагах бинчу къинхетамах аша тахана тхоьгара жоп дехахь, |
|
| 10 |
|
| дӀахаалаш шуна а, дерриг Исраилан халкъана а: аша, жӀарах дӀа а тоьхна, вейтинчу, Дала веллачуьра денвинчу, Назартарчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дуьхьа товина волу хӀара стаг шуна хьалха лаьтташ ву! |
|
| 11 |
|
| Ӏийса — Иза, „гӀишлошъечу пхьераша дӀа а кхоьссина, сонан йисте дӀахӀоьттина болу тӀулг“ бу. |
|
| 12 |
|
| Кхин цхьаьнггахь а кӀелхьардовлар дац, хӀунда аьлча стигал кӀелахь кхин цӀе яц адамашна кӀелхьардовла елла». |
|
| 13 |
|
| Барт хоттуш берш цецбевллера Кипин а, Яхьъян а доьналлех. ХӀара шиъ дешна а воцуш, мискачу нахах ма вара. Юха кхелахошна хиира хӀорш Ӏийсаца хиллий. |
|
| 14 |
|
| Амма царна уллохь лаьтташ товина стаг а гуш, дуьхьал ала хӀума дацара кхелахойн. |
|
| 15 |
|
| Юха векалшка, коьртачу кхеташонера арадовла аьлла, омра а дина, барт бан хӀиттира уьш. |
|
| 16 |
|
| «ХӀун де вай оцу нахана? — бохура цара. — Ярушалайман бахархошна гина цара дина тамашийна хӀума. Вайга иза дайалур дац. |
|
| 17 |
|
| Амма хиллачух лаьцна хабар нахана юкъахь ца даржийта, вай дехка деза царна Ӏийсан цӀарах хьехам бар». |
|
| 18 |
|
| Юха а Кипий, Яхьъяй чу а валавайтина, омра дира цара, Ӏийсан цӀе а ма яккха, Цунах лаьцна хьехамаш а ма бе аьлла. |
|
| 19 |
|
| Амма Кипас а, Яхьъяс а жоп делира: «Ойла ейша шаьш а, нийса дуй Далла хьалха, Делал хьалха шуьга ладогӀар? |
|
| 20 |
|
| Цундела тхайна гинарг а, хезнарг а ца дуьйцуш тхо Ӏалур дац». |
|
| 21 |
|
| Ткъа вукхара, кхерамаш а тийсина, дӀахийцира Кипий, Яхьъяй, кхарна хӀун таӀзар дийр ду а ца хиъна. Хиллачунна Далла хастамаш беш дара дерриг а халкъ. |
|
| 22 |
|
| ХӀунда аьлча и тамашийна дарба хиллачу стеган шовзткъа сов шо дара. |
|
| 23 |
|
| Шаьш дӀахецча, Кипас а, Яхьъяс а, шайн накъостий болчу а веана, шайга динан коьрта дайша а, баккхийчу наха а баьхнарг дӀадийцира. |
|
| 24 |
|
| И дерриге а шайна хезча, Делах тешаш берш цхьаьний аз айдина доӀа дан хӀиттира: «Хьалдолу Эла! Ахьа стигал а, латта а, хӀорд а, царна чохь мел дерг а кхоьллина! |
|
| 25 |
|
| Ахьа аьлла Хьайн ялхо волчу тхан ден а Даудан багахула Делан Синца: „Хийрачу мехкашкара нах карзах хӀунда буьйлу? Цахиндерг халкъаша дага хӀунда лаьцна? |
|
| 26 |
|
| Дуьненан паччахьаш цхьаьнакхеташ бу, лаьттан куьйгалхой вовшех дагабуьйлуш бу, Везачу Элана дуьхьал а бевлла, Цо къобалвинчунна новкъарло йо цара“. |
|
| 27 |
|
| Билггала, хӀокху гӀалахь ХӀарод а, Понти Пулат а кхечу къаьмнийн нахаца а, Исраилан халкъаца а цхьаьнакхийтира Хьан Везачу а, Ахьа къобалвинчу а Ялхочунна Ӏийсана кхел ян. |
|
| 28 |
|
| Ахьа Хьайн лаамца а, куьйгаца а тӀедиллинарг кхочушдира цара. |
|
| 29 |
|
| ХӀинца а, Веза Эла, хьажахьа цара туьйсучу кхераме. Тхуна, Хьайн ялхошна, ницкъ лохьа ерриге а майраллица Хьан дош кхайкхо, |
|
| 30 |
|
| ткъа Ахьа Хьайн Везачу Ялхочун Ӏийсан цӀарах дарба дан а, тамашийна хӀуманаш а, инзаре гӀуллакхаш а гайта а кховдадо Хьайн куьг!» |
|
| 31 |
|
| Цара доӀа чекхдаьккхича, уьш лаьтташ болу меттиг егийра, цу сохьта берриш а Делан Синах буьзира. Цул тӀаьхьа цара майрра кхайкхадора Делан дош. |
|
| 32 |
|
| Делах тешнарш дегнашца а, хьекъалца а цхьаьна бара. Цхьаммо а ца бохура шен долахь дерг шен бен дац. Шайн мел дерг юкъахь доькъура цара. |
|
| 33 |
|
| Векалша боккхачу ницкъаца тоьшалла дора Ӏийса-Эла денваларх лаьцна. Дала а къобалбора уьш. |
|
| 34 |
|
| 34-35 Латта а, цӀенош а долчу наха, уьш дӀа а духкий, схьадеана ахча векалийн когашка охьадилларна, цхьа а къен стаг вацара царна юкъахь. И ахча цунна оьшучуьнга хьаьжжина лора. |
|
| 35 |
|
| *** |
|
| 36 |
|
| Масала, Кипр-гӀайре тӀера Юсуп цӀе йолчу, Леви тайпанах волчу стага (векалша цунах Бар-Нааб а олура, ткъа иза «синтеман кӀант» бохург ду) |
|
| 37 |
|
| шен латта дӀа а доьхкина, схьадеана ахча векалийн когашка охьадиллира. |
|
|
|
|