|
| 1 |
|
| Цхьана стага шен бахам дӀабоьхкира. Цу стеган цӀе Хьанас яра, цуьнан зудчун цӀе Шаппира яра, |
|
| 2 |
|
| Амма шена кхаьчначу ахчанах цхьа дакъа цо дӀалачкъийра. Цуьнан зудчунна а хаьара иза. Диснарг, схьа а деана, векалийн когашка охьадиллира цо. |
|
| 3 |
|
| Кипас элира цуьнга: «Хьанас, мича бахьанина йиллина иблисо хьан даг чу ойла, Делан Синна аьшпаш а боьттина, айхьа, латта а доьхкина, схьаэцначу ахчанах цхьа дакъа хьайна дита аьлла? |
|
| 4 |
|
| Ахьа дӀадохкале а и латта хьан ма дара, ткъа цунах схьаэцна ахча а ма дара хьан. ХӀунда дира ахьа иза? Ахьа и аьшпаш нахана ца боьттина, Далла боьттина». |
|
| 5 |
|
| И дешнаш хезча, Хьанас, охьа а воьжна, велира. ЧӀогӀа кхерам тесира и хезначийн массеран а кийра. |
|
| 6 |
|
| Схьабаьхкинчу кегийчу наха дакъа, дӀа а хьарчийна, дӀа а даьхьна, дӀадоьллира. |
|
| 7 |
|
| Цул тӀаьхьа, кхин кхо сахьт даьлча, цига Хьанасан зуда еара. Цунна ца хаьара хилларг. |
|
| 8 |
|
| Кипас хаьттира цуьнга: «Алал соьга, хӀокху мехах доьхкирий аша латта?» Зудчо элира: «ХӀаъ, оцу мехах». |
|
| 9 |
|
| Кипас элира цуьнга: «Муха даьхьира шуьшиъ бартбан Делан Са зерхьама? НеӀарехь когийн тата хезий хьуна? Хьан майра дӀа а воьллина, чубогӀу нах бу хьуна уьш. Хьо а дӀахьур ю хьуна цара». |
|
| 10 |
|
| Цу сохьта, цуьнан когашка охьа а йоьжна, елира и зуда. Чубаьхкинчу кегийчу нахана и елла Ӏуьллуш гира. ДӀаяьхьна, шен майрачунна улло дӀайоьллира иза. |
|
| 11 |
|
| Ӏийсах тешначийн ерриг тоба а, и хилларг хезнарш а кхерамо бахьийнера. |
|
| 12 |
|
| Дала векалшкахула нахана дуккха а тамашийна билгалонаш а, инзаре хӀуманаш а гойтура. Массо а, цхьа барт а болуш, Сулим-паччахьан цӀарах йолчу меттехь гуллора. |
|
| 13 |
|
| Наха уьш лоруш белахь а, хийрачех цхьа а царна юкъа ваха ца хӀуттура. |
|
| 14 |
|
| Амма Везачу Элах тешна болу божарий а, зударий а алсамбуьйлура царна юкъахь. |
|
| 15 |
|
| Наха шайн цомгуш берш маьнгешна а, гоьнашна а тӀехь урамашка арабохура, тӀехволучу Кипин ӀиндагӀ мукъана а царна тӀедожийта. |
|
| 16 |
|
| Ярушалаймана гонахарчу гӀаланашкара адамийн тобанаш оьхура. Цара шайн цомгуш болу а, жинаша хьийзош болу а нах балабора. Массарна а дарбанаш хуьлура. |
|
| 17 |
|
| Динан коьрта да а, динан садукъойн тобанах болу цунна уллоранаш а хьогӀах буьзна бара. |
|
| 18 |
|
| Цара векалш, дӀа а лецийтина, халкъана йина йолчу набахти чу бохкийтира. |
|
| 19 |
|
| Буьйсанна Везачу Элан малико, набахтин ков схьа а диллина, арабехира уьш. |
|
| 20 |
|
| Цо элира цаьрга: «Делан цӀийнан керта а гӀой, нахана хӀокху керлачу дахарх лаций дийца», — аьлла. |
|
| 21 |
|
| Ӏуьйранна, шайга ма-аллара, Делан цӀийнан керта а баьхкина, нахана хьехам бан хӀиттира векалш. Ткъа динан коьртачу дас а, цуьнан уллорачара а Исраилан халкъан тхьамданаш коьртачу кхеташоне а кхайкхина, набахтера векалш схьабало шайн ялхой бахийтира. |
|
| 22 |
|
| Набахте баьхкинчу эпсаршна цу чохь векалш ца карийра. Цара, юха а баьхкина, элира: |
|
| 23 |
|
| «Набахтин ков дика дӀакъевлина ду, иза лардеш гӀаролаш а ду, амма иза схьадиллича, чохь цхьа а кара-м ца ви тхуна», — аьлла. |
|
| 24 |
|
| Цаьрга ла а доьгӀна, Делан цӀийнан гӀаролан хьаькам а, динан коьрта дай а инзарабевлла бара, «ХӀара хӀун ду?» — бохуш. |
|
| 25 |
|
| Юха цхьаммо, ван а веана, хаам бира: «Аша набахти чу боьхкинарш Делан цӀийнан кертахь нахана хьехамаш беш бу», — аьлла. |
|
| 26 |
|
| ТӀаккха гӀаролан хьаькамо, эпсаршца ваха а вахана, векалш схьабалийра. Цара векалшна ницкъ ца бира схьабалочу хенахь, хӀунда аьлча наха шайна тӀулгаш деттарна кхоьрура уьш. |
|
| 27 |
|
| Векалш коьртачу кхеташоне чубалийра. Динан коьртачу дас элира цаьрга: |
|
| 28 |
|
| «Оха шуна чӀогӀа дихкинера, цу стеган цӀарца ма хьеха аьлла, амма аша шайн хьехам ерриге а Ярушалаймехь дӀасабаржийна. Цул сов, цу стеган цӀий тхох хьарчадо аша». |
|
| 29 |
|
| Кипас а, кхечу векалша а жоп делира: «Наханачул а сов Далла муьтӀахь хила деза тхо! |
|
| 30 |
|
| Амма дечигах хьала а оьллина, аша вийна волу Ӏийса вайн дайн а Дала веллачуьра денвина. |
|
| 31 |
|
| Амма Дала Иза, Эла а, кӀелхьардохург а вина, Шен аьтту куьйга айира, Исраилан халкъ, дохко а даьлла, Далла тӀедерзийтархьама а, цу халкъана гечдархьама а. |
|
| 32 |
|
| Тхо тешаш ду оцу дерригенна а. Ша бохург деш волчунна Дала делла Деза Са а ду оцунна теш». |
|
| 33 |
|
| И дуьйцург а хезна, динан коьрта да а, чохь берш а чӀогӀа оьгӀазбахара. Векалш байа лууш бара уьш. |
|
| 34 |
|
| Наха лоруш а волуш, парушхо а волуш, цхьа Ӏелам стаг вара царна юкъахь. Цуьнан цӀе Гамлиал яра. Кхеташона хьалха а хӀоьттина, цхьана ханна векалш арабахийтира цо. |
|
| 35 |
|
| Цул тӀаьхьа цо кхеташонан декъахошка элира: «Исраилхой, дика ойла елаш оцу нахана шаьш дан гӀертачун. |
|
| 36 |
|
| Дукха хан йоццуш кхузахь, ша тхьамда ву аьлла, Тхьада цӀе йолуш цхьа стаг гучувелира. Цунна тӀаьхьа виъ бӀе гергга стаг хӀоьттира. Амма иза вийначул тӀаьхьа, цуьнан накъостий дӀасабевдира. ХӀумма а доцург а хилла, дӀаделира и гӀуллакх. |
|
| 37 |
|
| Цул тӀаьхьа Галилайра Яхьуд гучувелира. Нах дӀаязбечу хенахь веанчу цо гӀаттамана тоба вовшахтуьйхира. Иза а вийра, цунна тӀаьхьахӀиттинарш а дӀасабевдира. |
|
| 38 |
|
| Цундела хӀокху хӀуманна тӀедоьгӀна сан хьехар ду шуна: и нах Ӏадбита, дӀахеца уьш. Цара долийна хӀума нахера делахь, иза, дайна, дӀадер ду. |
|
| 39 |
|
| Нагахь и Делера делахь, шуьга иза сацалур дац. Шу шаьш а Далла дуьхьал девлларш хир ду». |
|
| 40 |
|
| Цо бохучуьнга ладуьйгӀира цара. Векалш, чу а кхайкхина, царна етта а йиттина, Ӏийсан цӀарах лаьцна кхин дийцар дехка а дихкина, дӀахийцира цара. |
|
| 41 |
|
| Векалш кхеташонера арабевлира, Ӏийсан дуьхьа шаьш сийсазбан хьакъ хиларна баккхий а беш. |
|
| 42 |
|
| ХӀора денна Делан цӀийнан кертахь а, цӀеношкахь а ца хеддаш хьехамаш а беш, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах лаьцна нахе хаза кхаъ кхайкхабора цара. |
|
|
|
|