|
| 1 |
|
| Динан вежарий! Доггах лаьа суна исраилхой а кӀелхьарбаьхна хила. Цунах лаьцна доьху аса Деле. |
|
| 2 |
|
| Царах тоьшалла до аса: хьекъалца нийса некъ шайна ца бовзахь а, Далла леррина гӀуллакх деш бу уьш. |
|
| 3 |
|
| Дала стаг Шена хьалха муха бакъво шаьш ца кхета дела, иза шайгара хилийта гӀиртина дела, Дала нах бакъбеш болчу некъана муьтӀахь ца хилира уьш. |
|
| 4 |
|
| Товрат-хьехамаш буьззина кхочуш а бина, Дала леррина Къобалвинарг цу хьехамийн чаккхе хилира, Цунах тешарехула Далла хьалха бакъвар хӀоранна а хилийтархьама. |
|
| 5 |
|
| Товрат-хьехамаш кхочушбарца Далла хьалха адам бакъдарх лаьцна Муса-пайхамаро иштта боху: «Товрат-хьехамаш кхочушбийриг цаьрца вехар ву». |
|
| 6 |
|
| Ткъа тешарца Далла хьалха адамаш бакъдарх лаьцна цо иштта боху: «Шайн дегнашкахь ма хетта: „Мила вер ву стигалшка хьала?“ — бохуш», (иза ду Дала леррина Къобалвинарг кхуза охьавалорхьама). |
|
| 7 |
|
| «Иштта ма хетта шайн дегнашкахь: „Мила вуссур ву эхарте?“ — бохуш», (иза ду, Дала леррина Къобалвинарг беллачарна юкъара кхуза хьалаваккхархьама). |
|
| 8 |
|
| ХӀан-хӀа! ХӀун аьлла ду Делан Йозанашкахь? «Делан дош хьуна юххехь а ду, хьан матта тӀехь а ду, хьан дог чохь а ду». И дош вай адамашна хьоьхуш долчу тешарх лаьцна ду. |
|
| 9 |
|
| «Ӏийса Веза Эла ву!» — бохург хьайн баганца ахь къобалдахь, Дала Иза веллачуьра денвина хиларх хьо даггара тешахь, хьо кӀелхьарваьккхина хир ву. |
|
| 10 |
|
| ХӀунда аьлча даггарчу тешаро стаг Далла хьалха бакъвина хиларна тӀевалаво, ткъа баганца къобалдаро стаг кӀелхьарваьккхина хиларна тӀевалаво. |
|
| 11 |
|
| Делан Йозано боху: «Муьлхха а Цунах тешаш верг юьхьӀаьржачу хӀуттур вац». |
|
| 12 |
|
| Иштта, цхьа а тайпа башхо яц жуьгтичунна а, кхечу къомах волчунна а юкъахь, хӀунда аьлча Веза Эла массарна а цхьаъ ву, ткъа Шега кхойкхуш мел верг хӀорра а алссам декъалво Цо. |
|
| 13 |
|
| Делан Йозанашкахь яздина ма ду: «ХӀорра а, Везачу Элан цӀе а йоккхуш, Цуьнга кхойкхуш верг, кӀелхьарвоккхур ву». |
|
| 14 |
|
| Ткъа Цуьнга муха кхойкхур бу уьш, Цунах шаьш тешаш ца хилча? Муха тешар бу уьш, Цунах лаьцна шайна хезна а ца хилча? Муха хезар ду царна, Цунах лаьцна цхьаммо а дӀакхайкхош ца хилча? |
|
| 15 |
|
| Ткъа наха муха дӀакхайкхор ду, дӀакхайкхо шаьш бохуьйтуш ца хилча? Яздина ма-хиллара: «Хаза кхаъ бахьаш болчу геланчийн когаш мел хаза бу!» |
|
| 16 |
|
| Амма исраилхоша массара а ца ийцира и хаза кхаъ тӀе. ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро аьллера: «Веза Эла! Мила тийшира оха хьехначух?» |
|
| 17 |
|
| Делахь, Дала леррина Къобалвинчух лаьцна долу дош цхьаммо кхайкхийча, адамашна хаза кхаъ хеза, ткъа и кхаъ хезча, адамаш Цунах теша. |
|
| 18 |
|
| Ткъа аса хоьтту: царна ца хезнера хаза кхаъ? Дера хезнера. Делан Йозано боху: «Дерриг а лаьтта тӀехула чекхъяьлла церан лар. Дуьне мел ду дӀакхаьчна церан тоьшалла». |
|
| 19 |
|
| Аса юха а хоьтту: Исраилан халкъ кхетта дацара ткъа? Муса-пайхамаро дуьххьара иштта боху: «Халкъ доцучу халкъе Ас хьагӀ хуьлуьйтур ю шун, ткъа кхетам боцучу халкъан гӀоьнца Аса оьгӀазло хуьлуьйтур ю шуьгахь». |
|
| 20 |
|
| Ткъа ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро майрра боху: «Ца лехначарна Со карийна, Сох лаьцна ца хоьттучарна Со вовзийтина Аса». |
|
| 21 |
|
| Ткъа Исраилан халкъах лаьцна Дала ЕшаӀ-ЯхӀугахула иштта боху: «Дийнахь сарралц Ӏийра Со Сайн куьйгаш дӀакховдийна муьтӀахь доцучу а, карзахдуьйлучу а халкъе». |
|
|
|
|