Шайна кхераме доллушехь, цара со кӀелхьарваьккхира. Со цхьаъ хилла ца Ӏа царна баркаллаш бохуш верг, кхечу къаьмнех болчу нехан динан массо а тобанаша а боху и.
Маршалла ло церан цӀахь гуллуш йолчу динан тобане а. Маршалла ло сан хьомечу Эпанте а. Иза Асиа-махкахь Дала леррина Къобалвинчунна тӀебирзинчарах хьалхарниг ву.
Маршалла ло Ӏандарнике а, Юнига а. Уьш сан къомах бу. Соьца цхьаьна тутмакхаш а хилла уьш, векалшна юкъахь лоруш а бу, Дала леррина Къобалвинчух сол а хьалха тешна а бу.
Маршалла ло Везачу Элан дуьхьа къахьоьгуш йолчу Тарипате а, Тарипуте а. Маршалла ло сан хьомечу Парсатига а. Иза а Везачу Элан дуьхьа дукха къахьегна ю.
Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах лаьцна Ас кхайкхош болчу хазачу кхоэхула Дела ницкъ болуш ву шайн тешар тӀехь шу чӀагӀдан. БӀешерашкахь дуьйна дӀакъевлина долчу бакъдолчуьнца цхьаьнабогӀуш бу и хаза кхаъ.
И бакъдерг хӀинца гучудаьккхина пайхамарийн тептаршкахула. Даима а волуш волчу Делан омрица и къайле дӀакхайкхийна массо а халкъашна, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах уьш тешийтархьама.