|
| 1 |
|
| Амма кхечунна бехк буьллуш волчу хьан бехказаволийла дац, хӀунда аьлча кхечунна еш йолу кхел ахь хьайна йо, кхиверг бехке веш волчу ахьа а изза леладо дела. |
|
| 2 |
|
| Ткъа вайна хаьа, иштта гӀуллакхаш дечарна Дала еш йолу кхел нийса юйла. |
|
| 3 |
|
| Иштта гӀуллакхаш дечарна кхел а еш, ткъа айхьа изза а лелош, Делан кхелах хьо кӀелхьарвер ву-м ца моьтту хьуна, ва стаг? |
|
| 4 |
|
| Я Делан шортта долчу диканах, эсалаллах, собарх ца веша те хьо? Ца кхета те хьо Шен диканца Дела хьо Шена тӀеверзо гӀерташ хиларх? |
|
| 5 |
|
| Амма хьайн юхахьарачу амалца а, дохко ца долучу дагца а ахьа-айхьа хьайна таӀзарш гулдо Делан оьгӀазло а, Цуьнан бакъйолу кхел а гучуйоккхучу денна. |
|
| 6 |
|
| Дала хӀоранна а, цуьнан гӀуллакхашка хьаьжжина, йийр ю кхел. |
|
| 7 |
|
| Дика гӀуллакхаш а деш, сийлалла а, ларам а, хедар доцу дахар а лоьхучарна Ша волчохь долу хедар доцу дахар лур ду Цо. |
|
| 8 |
|
| Ткъа дегала а болуш, билггал бакъдерг дӀа а тоттуш, харцдолчунна тӀаьхьахӀуьттучарна Делан луьралла а, оьгӀазло а хир ю. |
|
| 9 |
|
| Зулам деш волчу хӀоранна а гӀайгӀанаш а, баланаш а хир бу, цкъа хьалха жуьгташна, тӀаккха кхечу къаьмнех болчарна! |
|
| 10 |
|
| Мелхо а, сийлалла а, ларам а, синпаргӀато а хир ду дика деш волчу хӀоранна а, цкъа хьалха жуьгташна, тӀаккха кхечу къаьмнех болчарна! |
|
| 11 |
|
| ХӀунда аьлча Дала озабезам ца бо цхьаьнгге а. |
|
| 12 |
|
| Товрат-хьехамийн долахь а боцуш, къинош латийнарш, оцу хьехамашка а ца хьоьжуш, хӀаллакбийр бу. Ткъа хьехамийн долахь шаьш боллушехь, къинош летийначарна оцу хьехамашца йоггӀу кхел йийр ю. |
|
| 13 |
|
| ХӀунда аьлча товрат-хьехамашка ладегӀарх нах Далла хьалха бакъ ца бо, ткъа и хьехамаш кхочушбийраш Цунна хьалха бакъбийр бу. |
|
| 14 |
|
| Ткъа товрат-хьехамаш боцуш болчу кхечу къаьмнех болчара шайн лаамашца товрат-хьехамо тӀедиллинарг кхочушдича, цара шаьш гойту, магийнарг а, цамагийнарг а хӀун ду шайна хаар, товрат-хьехамаш шайн боццушехь а. |
|
| 15 |
|
| Оцу хьехамашка хьаьжжина лелар шайн дегнаш чохь дӀаяздина хилар гойту цара. Цунах лаьцна тоьшалла до церан дегнаша. Церан ойланаша уьш цкъа бехке бо, юха бехказабоху. |
|
| 16 |
|
| Иза иштта хир ду, аса кхайкхош болчу хазачу кхоо ма-бохху, адамийн къайлахчу ойланашна Дала Ша леррина къобалвинчу Ӏийсагахула кхел ечу дийнахь. |
|
| 17 |
|
| Ткъа хӀинца ша жуьгти ву бохучу хьох лаьцна хӀун ала дезаш ду? Хьан дегайовхо ю товрат-хьехамех, Делах дозалла а до ахьа. |
|
| 18 |
|
| Делан лаам а бевза хьуна, ткъа товрат-хьехамашна тӀера Ӏамийна дела, дика долчух а кхета хьо. |
|
| 19 |
|
| БӀаьрса доцучарна некъ гойтург хьо хиларх а теша хьо, боданехь болчарна хьайх серло яларх а теша хьо. |
|
| 20 |
|
| Кхетам боцучарна хьехамаш бо ахь, берийн хьехархо а хьо ву, хӀунда аьлча товрат-хьехамашкахь билггал бакъдерг хааран кеп хьуна дӀахӀоьттира. |
|
| 21 |
|
| Кхечарна хьехамаш беш волчу ахьа хьо Ӏамавой те? ХӀума ма лачкъае а бохуш, ткъа айхьа лечкъайой те ахьа? |
|
| 22 |
|
| Сийсаза ма лела а бохуш, хьо-хьо иштта лелий те? ЦӀуйх ца вешаш волчу ахьа харцделанийн цӀенош чохь айхьа къола дой те? |
|
| 23 |
|
| Товрат-хьехамех дозалла а деш, ткъа хьехамашца цадогӀург кхочуш а деш, Делан сий дойий те ахьа? |
|
| 24 |
|
| Яздина ма ду: «Шу бахьана долуш, емалвеш ву Дела кхечу къаьмнех болчу наха». |
|
| 25 |
|
| Сунтвина хилар пайденна ду, нагахь санна товрат-хьехамаш кхочушбеш белахь. Амма бакъонаш лар а ца еш, хьо зуламхо велахь, хьо сунт ца винарг санна лорур ву. |
|
| 26 |
|
| Цундела, нагахь санна сунтвина воцучо товрат-хьехамаша тӀедиллинарг кхочушдеш хилча, иза сунтвича санна лорийла дац ткъа? |
|
| 27 |
|
| Ша вичхьана а сунтвина воццушехь, товрат-хьехамаш кхочушбеш волчо бехке вийр вац ткъа хьо, сунтвина воллушехь, язйина йолу бакъонаш талхош верг? |
|
| 28 |
|
| ТӀехьаьжча, тера леларх жуьгти хир ма вац, ткъа сунтвар дилхан тӀера чкъор даккхар бен ма ца хуьлу. |
|
| 29 |
|
| Бакъволу «жуьгти» (Делан халкъах верг) шен даг чохь жуьгти верг ву. Иштта сунтвар — йозанца ван веза аьлла дела а доцуш, ткъа даг чохь Делан Синехула сунтвар ду. Цунна, адамашкара а боцуш, Делера хастам хир бу. |
|
|
|
|