|
| 1 |
|
| Делан нахана аша дала деза ахча гулдеш долу гӀуллакх, галатахойн динан тобанашна аса ма-хьеххара, леладе. |
|
| 2 |
|
| ХӀора кӀиранан дуьххьарлерчу дийнахь шух хӀораммо а, шайна карадеанчу ахчане хьаьжжина, цунах цхьадолу дакъа Ӏалашде, со дӀавеанчу хенахь ахча гулдар оьшуш ца хилийтархьама. |
|
| 3 |
|
| Со дӀавеанчул тӀаьхьа, аша къобал мел винарг аса Ярушалаймехь йолчу тобанан куьйгалхошна деша леринчу айса яздинчу кехаташца цхьаьна цига дӀахьажор ву, и гулдинарг цаьрга дӀадалийтархьама. |
|
| 4 |
|
| Нагахь сан Ярушалайме дӀавар диканца хилахь, уьш соьца дӀабогӀур бу. |
|
| 5 |
|
| Македон-махкахула чекхваьлча, со шу долчу вогӀур ву, хӀунда аьлча сан Македонехула ван ойла ю. |
|
| 6 |
|
| Шу долчохь со жимма соцур ву, аса Ӏа даккха а тарло шуьца. Цул тӀаьхьа аса шуьга со новкъа воккхуьйтур ву, мичча ваха дезаш иза делахь а. |
|
| 7 |
|
| ХӀунда аьлча тӀехволлушехь шу гина Ӏа ца лаьа суна. Везачу Эло сайна пурба лахь, шуьца дикка хан яккха лаьа суна. |
|
| 8 |
|
| Жуьгтийн «ШавуӀот» цӀе йолу ялта чудерзоран дезде тӀекхаччалц Ӏийр ву со Эпасехь. |
|
| 9 |
|
| Суна дуьхьалбевлларш дукха белахь а, хаза кхаъ дӀакхайкхо кхузахь йоккха а, шуьйра а неӀ дӀайиллина ю суна. |
|
| 10 |
|
| Нагахь шу долчу Тимапи вагӀахь, цунна цхьанна а агӀор кхерам ца хилийта хьовсалаш, хӀунда аьлча цо дийриг а, ас ма-дарра, Везачу Элана лерина гӀуллакх ду. |
|
| 11 |
|
| Цундела цхьа а цунах ца вешаш ма хилалаш. ТӀаккха иза гӀоза-маьрша новкъа ваккха, со волчу ван цуьнан таро хилийтархьама. Иза кхечу динан вежаршца цхьаьна схьаваре хьоьжуш ву со. |
|
| 12 |
|
| Вайн динан ваша волу Апа-Леса шу долчу кхочийла чӀогӀа лиира суна. Амма иза кхоччуш къар ца велира, цкъа хӀинца шу долчу дӀа ца веача. Иза, шен йиш ма-хилли, дӀавогӀур ву. |
|
| 13 |
|
| Шу сема хилалаш, шайн тешарехь чӀагӀлой Ӏелаш, доьналла долуш а, майрра а латталаш. |
|
| 14 |
|
| Аша массо а хӀума безамца деш хила деза. |
|
| 15 |
|
| Шуна массарна а бевза Сетипанан доьзал. Ахаехь болчу Ӏийсах тешначарна юкъахь уьш дуьххьарлерачарах буйла а хаьа шуна. Цара шайн дегнаш Делан нехан гӀуллакх дарна тӀедерзийна. Цундела аса доьху шуьга, динан вежарий, |
|
| 16 |
|
| уьш санна болчу нахана а, цаьрца цхьаьна гӀуллакх деш а, къахьоьгуш а мел болчарна а муьтӀахь хилалаш. |
|
| 17 |
|
| Сетипан, Партунат, Ахайк со волчохь хилар суна чӀогӀа хазахета. Шу суна юххехь ца хиларна, цара, шун метта гӀо дора суна. |
|
| 18 |
|
| Цара сан а, шун а синош иракарахӀиттийра. Уьш санна болчеран ларам белаш. |
|
| 19 |
|
| Асиа-махкарчу динан тобанаша маршаллаш доуьйту шуьга. Ӏакхилас а, ПхьаьрскӀилата а, церан цӀерачу динан тобанехь болчара а мерза маршаллаш доуьйту шуьга, шаьш, шу санна, Везачу Элан долахь хиларна. |
|
| 20 |
|
| Массо а динан вежарша а маршаллаш доуьйту шуьга. Доггах вовшашка маршалла хатта. |
|
| 21 |
|
| Аса, ПахӀала, сайн куьйган йозанца дӀадоуьйту шуьга и маршаллаш. |
|
| 22 |
|
| Нагахь Веза Эла ца везаш цхьаъ велахь, неӀалт хуьлийла цунна. Марана-тхьа. Волахь, вайн Веза Эла! |
|
| 23 |
|
| Веза Эла волчу Ӏийсан дика хуьлийла шуьца. |
|
| 24 |
|
| Сан безам а хуьлийла шуьца массаьрца а, Дала леррина Къобалвинчу Ӏийсан долахь вай долу дела. |
|
|
|
|