Со шозлагӀа веанчу хенахь, аса дӀахьедар динера къинош летош болчаьрга а, кхиболчу массаьрга а, ткъа хӀинца, со шу долчу дӀавале, ас кхин цкъа а дӀахоуьйту цаьрга: со юха дӀавеача, цхьаннах а къинхетам бийр бац аса.
Баккъалла а тешарехула шаьш дехаш дуй те аьлла, шаьш-шайн зелаш. Шаьш-шайн талла. Я шуна ца хаьа те, Дала леррина Къобалвина Ӏийса шуьца вуйла? Я зерах чекх ца девлла те шу?
Со шу долчу вале, яздо аса шуьга, шу долчу веача, Везачу Эло сайна хӀаллакдан а доцуш, синца чӀагӀдарна деллачу олаллица со шуьца тӀех буьрса ца хилийтархьама.