|
| 1 |
|
| Тхо юха а тхаьш хесто дуьйладала деза те? Цхьаболчу нахана юкъахь ма-хиллара, вайна юкъахь а лела деза те шуьга дӀа я шуьгара схьа долу хестадаран кехаташ? |
|
| 2 |
|
| Шу шаьш ду тхан дегнаш чохь дӀаяздина долу тхан хестадаран кехат. Иза массо а адамна девзаш а ду, массара доьшуш а ду. |
|
| 3 |
|
| Аша гойту Дала леррина Къобалвинчун кехат шаьш хилар, оха динчу гӀуллакхан жамӀ долу. И кехат шекъанца доцуш, ткъа дийна долчу Делан Синца яздина ду. ТӀулга тӀехь яздина доцуш, ткъа адамийн дегнаш чохь яздина ду иза. |
|
| 4 |
|
| Оцу тайпана болу Делах тешам бу тхан Дала леррина Къобалвинчуьнгахула. |
|
| 5 |
|
| Цхьа хӀума дан похӀма тхайгара ду-м дера ца моьттура тхуна, ткъа тхан и похӀма Делера ду. |
|
| 6 |
|
| Цо Ша делла тхуна похӀма керлачу а, йозанца боьзна а боцуш, ткъа синца боьзна болчу а бартана гӀуллакх дан. ХӀунда аьлча йозанца яздинчо адам доь, ткъа Делан Сино адам дендо. |
|
| 7 |
|
| Шайца валар дахьаш долу, дешнашца тӀулга тӀехь яздина дерг хилла дӀахӀоьттича, Делан сийлалла гучудаьккхира. Исраилхой ур-атталла Муса-пайхамаран сийлаллин нур лепачу юьхь тӀе ца хьажалора, и нур лагӀлуш хиллехь а. Иза а иштта сийлалла долуш хилча, |
|
| 8 |
|
| цул дуккха а сов сийлалла долуш хир дац ткъа Делан Сино дийриг?! |
|
| 9 |
|
| Кхелъярца чекхдолуш дерг а оццул сийлалла долуш хилча, мел тӀех сийлалла долуш ду Далла хьалха адам бакъдарца чекхдоккхург. |
|
| 10 |
|
| ХӀунда аьлча оцу хенахь сийлалла долуш хилларг хӀинца долчул сов долчу сийлалло кхоьлина хуьлуьйту. |
|
| 11 |
|
| Нагахь дӀадер дерг а сийлалла долуш хилча, тӀаккха хӀара цкъа а дӀадер доцург кхин а сийлалла долуш ду. |
|
| 12 |
|
| Тхайн иштта сатийсар долу дела, майрра къамел дан йиш ю тхан. |
|
| 13 |
|
| Исраилан халкъ довр долчу сийлаллин нуьре ца хьежийтархьама, шен юьхь-дуьхьал пардо уллуш хилла волу Муса-пайхамар санна ма дац вай. |
|
| 14 |
|
| Амма церан хьекъал артдина дара. Делаца бинчу ширачу бартах лаьцна долу тептарш шаьш доьшучу хенахь, и санна долу пардо церан кхетамна дуьхьалара дӀадаккхаза дуьсу. Ткъа нагахь санна стаг Дала леррина Къобалвинчуьнца воьзна бен вацахь, и пардо дӀадоккху. |
|
| 15 |
|
| Таханлерчу дийнахь а Муса-пайхамаран Товрат-хьехамаш адамаша боьшуш церан дегнаш тӀехь пардо хуьлу. |
|
| 16 |
|
| Йозанашкахь яздина ма ду: «Иза Везачу Элехьа мосазза воьрзу, и пардо дӀадоккхура». |
|
| 17 |
|
| Веза Эла — Са ду. Ткъа Везачу Элан Са долчохь — паргӀато а ю. |
|
| 18 |
|
| Ткъа вай массара а дуьхьал пардо доцучу яххьашца, куьзгано санна, Везачу Элан сийлалла дӀагойту. Массо а хенахь вайн сийлалла сов а йоккхуш, вай Цуьнан васте хуьйцуьйтуш ду Делан Са долчу Везачу Эло. |
|
|
|
|