|
| 1 |
|
| Ткъа хӀинца, динан вежарий, оха дӀахоуьйту шуьга Македон-махкарчу динан тобанашна Дала деллачу диканах лаьцна. |
|
| 2 |
|
| Шаьш баккхий баланаш хьоьгуш боллушехь, цу тобанийн доккха хазахетар а, йоккха къоьлла а хьалдолчу комаьршалле делира. |
|
| 3 |
|
| Со теш ву цара доггах, шайн дала йиш йолччул а, сов а деллачунна. Шайн лаамца |
|
| 4 |
|
| цара чӀогӀа дийхира тхоьга, шайна там хилийтархьама, Ярушалаймехь болчу Делан нахана дан леринчу дикачу гӀуллакхехь шайга а дакъалацийтахьара бохуш. |
|
| 5 |
|
| Тхуна хила ма-лаъара хилла а ца Ӏаш, уьш хьалха Везачу Элана тӀе а боьрзура, тӀаккха Делан лаамца шаьш тхуна къобал а бора. |
|
| 6 |
|
| Цундела оха Тите чӀогӀа дийхира, ша долийна долу и дика гӀуллакх доладаре терра, чекхдаккха а шуна гӀо де аьлла. |
|
| 7 |
|
| Ткъа шун кхиамаш алсамбуьйлу тешарехь а, дашехь а, кхетамехь а, даггара хиларехь а, шайн тхоьга болчу безамехь а. Массо а оцу гӀуллакхашца шу тӀехдуьйлуш хиларе терра, шаьш дечу оцу дикачу гӀуллакхна тӀехь а тӀехдовлуш хуьлийла шу. |
|
| 8 |
|
| Иза шуна тӀедуьллуш ца боху аса, амма, кхиболчеран даггара хилар а гойтуш, шун безам билггал доггах буйла зуьйш ву со. |
|
| 9 |
|
| ХӀунда аьлча вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дика девза шуна. Ша хьал долуш воллушехь, шун дуьхьа къий а велла, Шен къоьлла бахьана долуш шу хьал долуш хилийтархьама, дина Цо иза. |
|
| 10 |
|
| Цу тӀехь шуна пайденна долу цхьа хьехар до аса, хӀунда аьлча стохка и дика гӀуллакх долийна а ца Ӏаш, и доло лаам а хилла шун. |
|
| 11 |
|
| Шаьш дан долийна гӀуллакх хӀинццехь кхочушде. Цу тайпана шун хӀетахьлерчу доггах хиллачу лаамах тарлур ду шайн долчу хьолах цу гӀуллакхна аша дакъа дӀадалар. |
|
| 12 |
|
| Нагахь цхьаъ шен хӀума дӀадала доггах лаам болуш велахь, Дала иза, цуьнан дала йолчу тароне хьаьжжина, тӀеоьцур ду, дала таро йоцург ца хьехош. |
|
| 13 |
|
| Шуна хало еш, ткъа кхечеран аьтто хилийта деш дац иза, амма массарна а цхьабосса хилийтархьама деш ду. |
|
| 14 |
|
| ХӀинца шун совдаьллачо церан кхачамбацар меттахӀоттор ду. Ткъа тӀаьхьо церан совдаьлларг шун эшам болчун метта хир ду. Цу тайпана шуна массарна а иза цхьабосса хир ду. |
|
| 15 |
|
| Делан Йозанаш тӀехь яздина ма-хиллара: «Дукха гулдиначун совнаха а ца хуьлура, ткъа кӀезиг гулдиначунна тӀеоьшуш а ца хуьлура». |
|
| 16 |
|
| Тхуна санна, Титин даг чу а шуна гӀо дан лаам тесна волчу Далла баркалла боху оха. |
|
| 17 |
|
| Тхан дехар тӀеэцна а ца Ӏаш, Тита, шен а боккха лаам хиларна, шен деган лаамца дӀавогӀу шу долчу. |
|
| 18 |
|
| Хаза кхаъ дӀакхайкхор бахьанехь, массо а динан тобанашкахь хестош волу кхин а цхьа динан ваша дӀавоуьйту оха цуьнца. |
|
| 19 |
|
| Цул сов, и дика гӀуллакх дарна тӀехь тхуна улловаккха хаьржина ву иза динан тобанашна юкъара. Тхаьш гӀо дан кийча хилар гойтуш, Везачу Элан сийлаллина кхочушдо оха и гӀуллакх. |
|
| 20 |
|
| ХӀара гулдина доккха хьал бахьанехь, цхьаннан а тхаьшна тӀехтохам ца хилийта ларлуш ду тхо. |
|
| 21 |
|
| ХӀунда аьлча Везачу Элана хьалха хилла а ца Ӏаш, адамашна хьалха а оьзда дерг дан дагахь ма ду тхо. |
|
| 22 |
|
| Тхайна юкъара кхоолгӀа динан ваша а воуьйту оха цаьрца цхьаьна. Дукхазза а массо а тайпана гӀуллакхашна тӀехь зийча, иза чӀогӀа кийча хилар зеделира тхуна. Иза хӀинца кхин а чӀогӀа лууш ву шу долчу ван, ша шух кӀорггера теша дела. |
|
| 23 |
|
| Титех лаьцна аьлча — иза сан юххера стаг ву, шуна гӀуллакх дарехь соьца цхьаьна къахьоьгуш волу. Ткъа кхечу тхан динан вежарех аьлча — уьш Дала леррина Къобалвинчунна сийлалла яхьаш болу динан тобанашна юкъара къобалбинарш бу. |
|
| 24 |
|
| Цундела динан тобанашна хьалха тоьшаллаш дейша шайн безамах лаьцна, оха хьакъ долуш шайх дозалла дар а гойтуш. |
|
|
|
|