|
| 1 |
|
| Динан вежарий! Нагахь шух цхьаъ ларамаза къино лаьцнехь, аша, Делан Сино лелош долчара, шайн эсалчу амалца нисве иштаниг, амма, хьовсалаш, шаьш къиношка ца зейта. |
|
| 2 |
|
| Дала леррина Къобалвинчо тӀедиллинарг кхочушдархьама, дахаран мохь базбелча, вовшашна гӀо де. |
|
| 3 |
|
| Нагахь цхьаннан, ша баккъалла а волчул, ша-шех лакхара ойла елахь, цо ша-шен Ӏехаво. |
|
| 4 |
|
| ХӀораммо а дечу гӀуллакхашца ша-шен зе, тӀаккха цуьнан дозалла дан а йиш хир ю, ша кхечаьрца а ца вустуш. |
|
| 5 |
|
| ХӀора адамна а Дала шен-шен дахаран мохь белла. |
|
| 6 |
|
| Ткъа Делан дош тӀеоьцуш волчо шен долуш дерг кховдаде и дош хьоьхуш волчуьнга. |
|
| 7 |
|
| Шу Ӏеха ма лолаш! Дела-м Ӏехалур вац, хӀунда аьлча адамо ша дӀадийнарг хьокхур а ду. |
|
| 8 |
|
| Шен хьарам лаам кхочушбеш, къилахь долу хӀу тосучо хӀаллакьхиларан ялта хьокхур ду. Ткъа Делан Синан лаам кхочушбеш хӀу тосучо, Делан Сино луш долчу, хедар доцучу дахаран ялта хьокхур ду. |
|
| 9 |
|
| Дика дан кӀад ма лолаш. Нагахь вай дика дан мало ца яхь, тӀейогӀур ю и хан, ваьш динчу гӀуллакхийн кхиамаш вайна карош. |
|
| 10 |
|
| Вайн дан таро йолччуьра, дер вай вежаршна дика, къаьсттина вешан динан вежаршна. |
|
| 11 |
|
| Гой шуна мел даккхийчу элпашца яздо ас шуьга сайн куьйгаца?! |
|
| 12 |
|
| Шу сунтдан тӀетеӀош берш шайх тамаш байта лууш бу. Царна ца лаьа Дала леррина Къобалвинарг жӀарах дӀатохар бахьана долуш шаьш хьийзадайта. |
|
| 13 |
|
| Ткъа и сунтбинарш шаьш а бац шайн дахарехь товрат-хьехамаш кхочушбеш бехаш. Ткъа царна лаьа шу сунтдан, тӀаккха и бахьана долуш дозаллаш дархьама. |
|
| 14 |
|
| Суна-м ца лаьа цхьана а хӀуманна тӀехь дозалла дан, вайн Везачу Элан, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан, жӀарах дӀатохаран тӀехь бен! И жӀара бахьана долуш хӀара дуьне суна дӀадаьллера, ткъа со а кху дуьненна дӀаваьллера. |
|
| 15 |
|
| Я сунтвар а, я сунт ца вар а хӀумма а доцу хӀума ду, хьох юхакхоьллинарг хилар воцург! |
|
| 16 |
|
| И дешнаш кхочушдеш долчу массарна а, Делан долчу Исраилан халкъана а Делан къинхетам а, машар а хуьлийла. |
|
| 17 |
|
| ТӀаьххьара а: цхьаммо а бала ма бойла суна, хӀунда аьлча Ӏийсан чевнаш аса сайн дегӀаца лелош ю. |
|
| 18 |
|
| Вайн Везачу Эло, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас, дина маьхза долу дика хуьлийла шун синошца, сан вежарий. Амин. |
|
|
|
|