|
| 1 |
|
| Ткъа шу хӀетахь делла дара, шайн зуламаш а, къинош а бахьана долуш. |
|
| 2 |
|
| Цхьана хенахь, и къинош тӀехь а долуш, кху дуьненан вочу некъашна тӀедевлла а, хӀаваан ницкъийн элана тӀаьхьахӀиттина а лелаш ма дара шу. Цу эло хӀинца а муьтӀахь боцучу нехан дегнаш чохь болх бо. |
|
| 3 |
|
| Цхьана хенахь вай массо а Ӏийра оцу нахана юкъахь, вешан хьайна болчу лаамех а дуьзна. Вешан догӀмийн а, ойланийн а хьарам болу лаамаш кхочушбора вай. Кхиболу нах санна, вайн амалшка хьаьжжина, Делан оьгӀазло тӀеян дезаш дерш дара вай. |
|
| 4 |
|
| Амма инзаре боккха къинхетам болуш волчу Дала, боккхачу безамца вай Шена дезарна, |
|
| 5 |
|
| къинош а летийна, делла хилла долу вай, Ша леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна дендина. Делан доккхачу диканца кӀелхьардаьхна ду шу. |
|
| 6 |
|
| Вай Цуьнца, ден а дина, стигалшкахь охьаховшийна Дала, Ша леррина къобалвинчу Ӏийсаца вай доьзна хиларехула. |
|
| 7 |
|
| Цо иза дина, тӀейогӀун йолчу заманашна Шен диканан башха долу хьал гайтархьама. Ткъа Шен доккха дика Ша леррина къобалвинчу Ӏийсагахула вайга болчу безамехь гойтуш ду. |
|
| 8 |
|
| Ӏийсах тешна дела, Делан доккхачу диканца кӀелхьардаьхна шу. Ткъа иза шуьгара дац. Иза Делан совгӀат ду. |
|
| 9 |
|
| Аша дика гӀуллакхаш дина хиларна делла дац иза, цундела шух цхьаммо а дозалла ма де. |
|
| 10 |
|
| Вай Дала кхоьллина тайпа ду. Ша леррина къобалвинчу Ӏийсаца вай доьзна хиларна, Дала вай кхоьллина, хьалххе дуьйна Ша вайна кечдина долу дика гӀуллакхаш вайга кхочушдайтархьама. |
|
| 11 |
|
| Цундела дагахь латтаде: кхечу къаьмнех схьадевлла долу шу цхьана хенахь Делан нахана юкъа ца догӀура. Шух «сунтбаза нах» олура «сунтбинарш» цӀе йолчу наха, ткъа уьш сунтбар адамийн куьйгашца дина ма дара. |
|
| 12 |
|
| Цу хенахь Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна дацара шу. Делан долахь долчу Исраилан халкъах дӀакъастийна дара шу. Делаца бинчу бертан а, цу чу йогӀучу чӀагӀонийн а декъахь а дацара шу. КӀелхьардовларе догдохийла дацара шун. Дуьнен чохь шу Ӏеса адамаш дара. |
|
| 13 |
|
| Шаьш Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца доьзна хилар бахьана долуш, цхьана хенахь генара хилла долу шу хӀинца Цуьнан цӀийца гергара хилла. |
|
| 14 |
|
| Ӏийса вайна юкъахь Бартбийриг ву, шина халкъах цхьаъ а дина. Боькъуш болу пен санна долу мостагӀалла вайна юкъара дӀадаьккхина Цо, |
|
| 15 |
|
| Шен дегӀ сагӀина дӀадаларца. Цу тайпана, товрат тӀехь долу тӀедехкинарш а, парзаш а кхочушдар эрна дира Цо, шина халкъах Шеца доьзна долу цхьа керла халкъ кхоллархьама, царна юкъахь барт а беш. |
|
| 16 |
|
| ЖӀарах дӀатохар бахьана долуш, цхьана дегӀа чохь и ши халкъ Делаца тайтира Иза, ткъа церан мостагӀалла дӀадаьккхира Цо. |
|
| 17 |
|
| Ван а веана, шуна, генарчарна а, уллорачарна а, бартах болу хаза кхаъ кхайкхийра Ӏийсас, |
|
| 18 |
|
| хӀунда аьлча вайн шина а халкъан цхьаъ долчу Делан Синца Ӏийсагахула Дена тӀекхочийла долу дела. |
|
| 19 |
|
| И бохург ду, шу хӀинца вовшашна хийра а дац, тӀедаьхкинарш а дац, ткъа Делан нехан махкахой а ду, Делан доьзалхой а ду. |
|
| 20 |
|
| Векалийн а, пайхамарийн а бух тӀехь хьалахӀиттийна ду шу. Ткъа Дала леррина къобалвина волу Ӏийса Ша са болу коьрта тӀулг бу. |
|
| 21 |
|
| Иза бахьана долуш, и ерриге а гӀишло тайна цхьаьнатухуш ю, Везачу Элана лерина долу Деза цӀа цунах хьала а хӀоттош. |
|
| 22 |
|
| Иза бахьана долуш, шу а дӀахӀиттош ду, Дела Шен Синехула Ӏаш волу меттиг хилийтархьама. |
|
|
|
|