|
| 1 |
|
| «Нагахь санна адамашна юкъахь къовсаме даьлла хӀума делахь, уьш кхеле озо беза. Цигахь бехке воцург бакъван веза, бехке волчунна кхел ян еза. |
|
| 2 |
|
| Нагахь санна бехкеволчунна серий детта хьакъ делахь, кхелахочо цунна шена хьалха серий деттийта омра дан деза, цо динчу зуламе хьаьжжина, дагар а деш, деттийта деза. |
|
| 3 |
|
| Шовзткъазза тохийта мегар ду, амма кхин сов тохийта мегар дац, дуккха а деттийтина, шун бӀаьргашна а гуш, шайн къомах верг юьхьӀаьржачу ца хӀоттийтархьама. |
|
| 4 |
|
| Оручу стеран бат дӀа ма къовла». |
|
| 5 |
|
| «Нагахь санна цхьаьна Ӏаш болчу вежарех кӀант воцу цхьа ваша дӀакхалхахь, веллачун зуда гергара воцучу кхечуьнга маре яха ца еза. Цуьнан марвашас иза шена яло а еза, цуьнца ваха а веза, марвешин декхар кхочушдархьама. |
|
| 6 |
|
| Цо вен волу дуьххьарлера доьзалхо цуьнан веллачу вешин санна лорур ву, Исраилан халкъана юкъахь цуьнан тӀаьхье йиц ца ялийтархьама. |
|
| 7 |
|
| Нагахь санна и нус шена ерзо цунна ца лаахь, иза гӀалин кевне яха еза къаношна тӀе, иштта а олуш: „Сан марваша реза вац Исраилан халкъана юкъахь шен вешин тӀаьхье дӀаяхьа. Шен марвешин декхар кхочушдан ца лаьа цунна“. |
|
| 8 |
|
| ТӀаккха гӀалин къаноша, и стаг тӀе а кхайкхина, цуьнца къамел дан деза. Нагахь санна цо, дуьхьал а ваьлла: „Суна ца лаьа иза йига“, — алахь, |
|
| 9 |
|
| цуьнан несо, цунна тӀе а яхана, къаношна а гуш, цуьнан когара цуьнан мача схьа а яьккхина, цуьнан юьхь тӀе туйнаш а тоьхна, иштта ала деза: „Иштта дерг Исраилан къомана юкъахь шен вешин цӀа меттахӀотто лууш воцчунна до“. |
|
| 10 |
|
| ТӀаккха цуьнан цӀенна исраилхошна юкъахь цӀе туьллур ю „Мача дӀаяьккхинчун цӀа“, — аьлла». |
|
| 11 |
|
| «Нагахь санна божарий вовшахлетачу хенахь, оцу леташ болчеран цхьаннан зудчо, етташ волчун карара шен майра схьаваккха дагахь, царна тӀе а еана, шен куьг дӀа а кховдийна, оцу стеган бехке меттиг схьалацахь, |
|
| 12 |
|
| цуьнан куьг дӀахададе. Цунах къа ма хеталаш. |
|
| 13 |
|
| Шун тӀоьрмаг чохь шина тайпана герканаш хила ца еза: дукха еза а, дукха яйн а. |
|
| 14 |
|
| Шун цӀа чохь шина тайпана бараман сахь а хила ца деза: дукха доккха а, дукха жима а. |
|
| 15 |
|
| Шун герканаш а, бараман саьхьаш а цӀена а, нийса а хила деза, шун Везачу Дала шуна луш долчу лаьтта тӀехь аша йоккхун йолу хан яхъялийтархьама. |
|
| 16 |
|
| ХӀунда аьлча харцдерг лелош волу милла а шун Везачу Далла дегаза хета». |
|
| 17 |
|
| «Дагахь латтаде Мисар-махкара шу схьадогӀуш Ӏамалекхахоша шайна динарг: |
|
| 18 |
|
| новкъахь уьш шуна тӀелетира. Новкъахь шу кӀадделла а, хӀиттина а долчу хенахь, шуна тӀехьа богӀучу гӀелбеллачарна тӀелетира уьш. Ткъа уьш Деле ларамах буьзна бацара. |
|
| 19 |
|
| Иштта шун Везачу Дала массо а агӀор шун мостагӀех шаьш паргӀатдаьхча, шун долахь хилийтархьама шуна луш долчу лаьтта тӀехь Ӏамалекхахойн къам дагадаийтар стигал кӀелара дӀадаккхалаш, иза диц ма делаш». |
|
|
|
|