|
| 1 |
|
| Мусас а, исраилхойн динан дайша а халкъана весет дира, иштта а олуш: «Ас тахана шайна тӀе мел дуьллуш долу весеташ кхочушделаш. |
|
| 2 |
|
| Шун Везачу Дала шайна луш долчу лаьтта тӀе доьлхуш шаьш Йордан-хих дехьадевлча, цигахь шайна даккхий тӀулгаш дӀа а хӀиттадай, царна кир тоха. |
|
| 3 |
|
| ТӀаккха шун дайн Везачу Дала, шун дайшка шуна лур ду аьлла ма-хиллара, шун дола луш долчу, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу лаьтта тӀе довлархьама, шаьш Йордан-хих дехьадевлча, хӀокху товрат-хьехаман дерриге а дешнаш оцу тӀулгаш тӀе дӀаязде. |
|
| 4 |
|
| И тӀулгаш, ас тахана шайна тӀе-ма-диллара, шаьш Йордан-хих дехьадевлча, Ӏейбал-лам тӀе дӀа а хӀиттаде, царна тӀе кир а тоха. |
|
| 5 |
|
| Цигахь шайн Везачу Далла лерина аьчка гӀирсаца ца хьаькхначу тӀулгех сагӀа доккху меттиг кечъе. |
|
| 6 |
|
| И меттиг, дийнначу тӀулгех а кечъяй, дӀахӀоттае, оцу тӀехь шайн Везачу Далла лерина сагӀанаш даха. |
|
| 7 |
|
| Цигахь шайн Везачу Далла хьалха бертан сагӀанаш а дахий, уьш дууш, даккхийдеш лела. |
|
| 8 |
|
| ХӀокху товрат-хьехаман дерриге а дешнаш оцу тӀулгаш тӀехь дӀаязде. Ткъа яздинарг дика дешалуш хилийта хьажа». |
|
| 9 |
|
| Мусас а, левихой болчу динан дайша а Исраилан дерриге а халкъе иштта элира: «Исраилан халкъ, дист а ца хуьлуш, ладогӀа соьга! ХӀокху дийнахь хьох хьан Везачу Делан халкъ хилла. |
|
| 10 |
|
| ХӀинца шайн Везачу Делан озе ладогӀа, тахана ас шайга дӀахьедеш долу Цуьнан весеташ а, парзаш а кхочушде». |
|
| 11 |
|
| Оцу дийнахь Мусас, иштта а олуш, халкъана тӀедиллира: |
|
| 12 |
|
| «Йордан-хих дехьадевлча, Герзим-лам тӀехь хӀара тайпанаш дӀахӀитто деза халкъ декъалдайтархьама: ШимӀин, Левин, ЯхӀудан, Иссарханан, Юсупан, Бен-Яманан тайпанаш. |
|
| 13 |
|
| Ткъа неӀалташ дӀакхайкхадайтархьама Ӏейбал-лам тӀехь дӀахӀитто деза: Раабанан, Гадин, Ашаран, Забулан, Данан, Напталан тайпанаш. |
|
| 14 |
|
| Айдинчу озаца дӀакхайкхош левихоша массо а исраилхошка иштта эр ду: |
|
| 15 |
|
| „НеӀалт хуьлда къайлахчу метте дӀахӀоттийначу тӀулгах я дечигах я лалийна цӀу винчунна! Пхьеран куьйгашца дина хӀума бен дац иза, Везачу Элана иза дегаза хета“. Дерриге а халкъо мохь тоьххна эр ду: „Амин!“ |
|
| 16 |
|
| „НеӀалт хуьлда шен да я нана сийсаздаьккхинчунна!“ Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“ |
|
| 17 |
|
| „НеӀалт хуьлда шен уллорачун дозанаш талхош волчунна!“ Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“ |
|
| 18 |
|
| „НеӀалт хуьлда бӀаьрзениг некъа тӀера галвоккхучунна!“ Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“ |
|
| 19 |
|
| „НеӀалт хуьлда тӀевеанчунна а, я бона а, я йисинчу зудчунна а нийса кхелъяр талхош волчунна!“ Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“ |
|
| 20 |
|
| „НеӀалт хуьлда шен ден зудчуьнца вижинчунна, шен ден дӀавуьжу мотт цо сийсазбаьккхина дела!“ Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“ |
|
| 21 |
|
| „НеӀалт хуьлда хьайбанца дӀавижинчунна!“ Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“ |
|
| 22 |
|
| „НеӀалт хуьлда шен йишех, шен дена йинчу я шен нанас йинчу йоӀах куьг тоьхначунна!“ Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“ |
|
| 23 |
|
| „НеӀалт хуьлда шен стунненаца вижинчунна!“ Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“ |
|
| 24 |
|
| „НеӀалт хуьлда къайлаха шен уллораниг вуьйш волчунна!“ Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“ |
|
| 25 |
|
| „НеӀалт хуьлда, бехк боцучу стеган цӀий Ӏанорхьама, кхаьънаш дохучунна!“ Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“ |
|
| 26 |
|
| „НеӀалт хуьлда хӀоранна а, хӀокху товрат-хьехамийн дешнаш кхочуш а ца деш, уьш чӀагӀ ца дечунна!“ Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“» |
|
|
|
|