|
| 1 |
|
| Ша дӀакхалхале, Делан стаг волчу Мусас, исраилхой декъалбеш, аьлла дешнаш хӀорш ду. |
|
| 2 |
|
| Цо элира: «Веза Эла Синай-ломера схьавеана, СеӀир-махкара халкъана тӀе, сатасар санна, гучуваьлла, Иза Паран-ломара нахана тӀе къегаш хилла. Вуно дукха маликаш дара Цуьнца цхьаьна, Цуьнан аьтту куьйгахь стелахаьштиг дара. |
|
| 3 |
|
| Шен халкъ баккъалла а деза Цунна, Цо дӀакъастийнарш Цуьнан карахь бу. Цуьнан когашка охьа а таьӀа уьш, Цуьнгара хьехам дӀа а оьцу цара. |
|
| 4 |
|
| Товрат-хьехам вайна Мусас белла, иза Якъубан юкъараллин тӀаьхьало ю. |
|
| 5 |
|
| Веза Эла Шен хьомечу халкъана тӀехь паччахь хилира, халкъан баьччанаш тайпанашца цхьаьна гуллучу хенахь». |
|
| 6 |
|
| Раабанхойх лаьцна Мусас элира: «Дехийла Раабанан тайпа, ма лойла иза, амма оцу тайпанах берш кӀезиг хуьлийла!» |
|
| 7 |
|
| Ткъа яхӀудхойх лаьцна хӀара элира: «ДӀахазахьа, Веза Эла, яхӀудхоша орца даккхар, кхечу тайпанех кхин а дӀакхетабехьа уьш. Шаьш лардан чӀагӀдехьа церан куьйгаш. Хилахьа царна мостагӀашна дуьхьал волу гӀоьнча». |
|
| 8 |
|
| Левихойх лаьцна а иштта элира: «Хьан Тумим-тӀулг левихошна дӀабелла, Хьан Урим-тӀулг Хьуна тешамечеран долахь бу. Ахь уьш Массехь зийнера, Мериба-хиш долчохь цаьрца къийсинера. |
|
| 9 |
|
| Шайн дайшка а, наношка а хьежаран метта, шайн вежарий лараран метта, шайн бераш довзаран метта, левихоша Хьан дош лар а дина, Ахь бина барт Ӏалаш а бина. |
|
| 10 |
|
| Цара Хьан тӀедехкинарш Якъубан тӀаьхьенна Ӏамадо, ткъа Хьан товрат-хьехам исраилхошна Ӏамабо. Хаза хьожа йогӀу хӀума цара Хьуна хьалха охьаюьллу, Хьан сагӀа доккхучу кхерча тӀехь дийнаташ дагоран сагӀанаш доху. |
|
| 11 |
|
| Веза Эла, декъалбехьа церан бахам, ткъа цара мел дечунна реза хилахьа. Царна дуьхьал гӀовттучарна а, уьш ца безачарна а уьш цкъа а хьала ца гӀовттал чӀогӀа тохахьа». |
|
| 12 |
|
| Бен-яманхойх лаьцна иштта элира: «Иза Везачу Элан уггар хьоме тайпа ду, кхерам боцуш Иза волчохь дехаш ду. Дийнахь сарралц Везачу Эло иза лар а до, Цуьнан куьйгаш тӀехь и тайпа Ӏуьллуш а ду». |
|
| 13 |
|
| Юсупхойх лаьцна иштта элира: «Везачу Эло декъалдойла церан латта стигалара охьадогӀу совгӀат долчу тхица, лаьтта бухара хьаладолучу хишца, |
|
| 14 |
|
| малхо кхиийначех тоьллачуьнца, хӀора баттахь хуьлучу ялтех уггар дикачуьнца, |
|
| 15 |
|
| ширачу лаьмнаша исбаьхьа кхоьллинчуьнца, даим долчу баьрзнийн тоьллачу совгӀаташца, |
|
| 16 |
|
| лаьтто лучу совгӀаташца, и латта дузуш долчуьнца. Коканийн коьллашкахь Гучуваьллачун декъалалла хуьлийла Юсупан тайпан тӀехь, вежаршна юкъара куьйгалхо иза волу дела. |
|
| 17 |
|
| Юсупан тайпа хьалха дуьнен чу баьлла сту санна ду. Цуьнан маӀаш гомашан маӀаш санна ю. И маӀаш цара кхечу халкъашна еттар ю, ур-атталла дуьненан йистехьа уьш тоттур ду. Иштта эпраймхойн дуккха а тӀемалой бу, иштта маннашхойн эзарнаш эскархой бу». |
|
| 18 |
|
| Забулхойх а, иссарханхойх а лаьцна иштта элира: «Сакъера, забулхой, шайн некъаш тӀехь, иссарханхой, аша а сакъера шайн четарш чохь. |
|
| 19 |
|
| Цара шайн халкъ лам тӀе схьакхойкху. Цигахь цара нийса сагӀанаш дохур ду. Шайн хьал схьадоккху хӀорда чуьра, хӀордан йистошкахь йолчу гӀамарна тӀера». |
|
| 20 |
|
| Гадахойх лаьцна элира: «Декъала ву гадахойн мохк дӀасабаржийнарг. Гадин тайпа цигахь, лом санна, Ӏуьллуш ду, куьйгаш я кортош дохорхьама. |
|
| 21 |
|
| Гадахоша тоьлла латта шайна хаьржира, куьйгалхочунна догӀу дакъа царна дӀаделира, халкъан баьччанаш гулбинчу хенахь. Цара кхочушбира Везачу Элан нийса лаам, Цо Исраилан халкъана тӀе мел диллинарг а кхочушдира». |
|
| 22 |
|
| Данахойх лаьцна элира: «Данан тайпа — къона лом ду, Башан-махкара дедда догӀу». |
|
| 23 |
|
| Напталхойх лаьцна элира: «Напталан тайпанна Дела реза хилира, иза Везачу Элан декъалдарех дуьзна ду. Малхбузе а, къилба а цуьнан долахь хир ю». |
|
| 24 |
|
| Ашархойх лаьцна элира: «Уьш кӀенташна юкъахь уггар декъалбинарш бу. И тайпа шен вежаршна дезаш хуьлийла. Шайн когаш зайтдаьттанна чохь лийчор цара. |
|
| 25 |
|
| Шун зайлаш эчигах а, йоьзах а дина хир ду. Шун денош санна, дебаш хир бу шун ницкъ». |
|
| 26 |
|
| «Цхьа а вац Исраилан Делах тера мархашца Шен сийлаллехь а, стигалшкахула хьуна гӀо лаца веана волчу. |
|
| 27 |
|
| Хьан кӀелхьардолийла — даим волу Дела ву, Цуьнан даим а долу куьйгаш шуна кӀел ду. МостагӀий шун юьхь-дуьхьалара дӀа а лаьхкина, Цо аьлла: „ХӀаллакбе!“ |
|
| 28 |
|
| Иштта, Исраилан халкъ кхерам боцуш дехар ду, Якъубан тӀаьхье ша йолчохь ехаш хир ю, кӀех а, керлачу чагӀарх а дуьзначу махкахь, стигалшкара тхи охьаоьгучу лаьтта тӀехь. |
|
| 29 |
|
| Декъала ду хьо, Исраилан халкъ! Хьо санна, Везачу Эло лардеш кхин муьлха халкъ ду? Иза хьо лардеш долу турс а, хьан сийлаллин тур а ду! Хьан мостагӀий хьуна хьалха охьатаьӀна лелар бу, ткъа ахьа церан сагӀа доккху гунаш хьоьшур ду». |
|
|
|
|