Дала леррина Къобалвинчуьнца хилар бахьана долуш иракарахӀуьттур дуй те шу? Цунна шу дезарх синтем хир буй те шуна? Цуьнан Синца мелла а тӀекаре дуй те шу? Вовшийн догъэцар а, вовшех къахетар а дуй те шун?
Иштта, сан хьоменаш, гуттара а со юххехь волуш шаьш муьтӀахь ма-хиллара, со юххехь воцуш а чӀогӀачу кхерарца а, дегӀе зуз дарца а кхидӀа къахьегалаш, шайн кӀелхьардовлар кхочушхилийтархьама.
дахар луш болу кхаъ царна дӀа а кховдош, Дала леррина Къобалвинарг вогӀучу дийнахь шух дозалла дан сан йиш хилийтархьама, хӀунда аьлча тӀаккха гур ду сан къовсадалар а, къахьегар а эрна ца хилар.
Со вен там бу. Ткъа сан валар чагӀаран сагӀанах тардала мега. Нагахь иза шун тешамечу гӀуллакхдаран сагӀина тӀе Ӏанахь а, со воккхавеш ву — шуьца массаьрца а воккхавийр ву со.
Сан динан ваша Эпар-Падати шу долчу дӀавахийтар нийса хета суна. Хазачу кхоан дуьхьа соьца цхьаьна къа а хьоьгуш, дика тӀемало санна вара иза. Аша иза сан халонашкахь соьца гӀуллакх дан ваийтина ма вара.
Иза дӀакхалха там болуш вара. Дала къинхетам бира цунах. Ткъа цунах бина а ца Ӏаш, сох а бина къинхетам, сан сингаттамашна тӀе и сингаттам тӀе ца кхоьтуьйтуш.