ХӀунда аьлча дуьнен чу ваьллачу борхӀалгӀачу дийнахь со сунтвина а ву, Исраилан халкъах схьаваьлла а ву, Бен-Яманан тайпанах а ву, Ӏебархойх схьаваьлла Ӏебархо а ву. Товрат-хьехамаш кхочушбеш парушхо а вара со.
Цул сов, кхидолу массо а хӀума эрна хета суна, хӀунда аьлча дерригенал а деза ду сан Веза Эла волу, Дала леррина къобалвина Ӏийса вовзар. Цуьнан дуьхьа со массо а хӀуманах ваьлла. Кхидолу массо а хӀума кхелли хета суна, Дала леррина Къобалвинчуьнца уьйр йолуш со хилийтархьама а,
Дала леррина Къобалвинарг кӀоргге вовза лаьа суна, Иза веллачуьра денвеш хилла болу ницкъ а бевзаш, Цуьнан баланашкахь дакъа а лоцуш. Цуьнан Ӏожаллехь Цунах тар а луш, Иза вовза а лаьа суна,
Аса ца боху, оцу массо а хӀумане со кхаьчна ваьлла, я со кхачам боллуш кхиъна. Мелхо а, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас со дола ваьккхинчу Ӏалашоне кхача гӀерташ ву со.