Делан Йозанаш 2012
|
| 1 |
| ПахӀала а, Салис а, Тимапис а хӀара кехат яздо вайн Да волчу Делах а, Веза Эла волчу Ӏийсах а тешачийн Тассалник-гӀалара тобане. Делан дика а, синпаргӀато а хуьлда шуна. |
| 2 |
| Тхайн доӀанашкахь, шу дага а лоьцуш, шуна массарна тӀера даим Далла хастам бо оха. |
| 3 |
| Шаьш Делах тешаш хиларна, аша дика гӀуллакхаш дар а, аша безамца къахьегар а, вайн Везачу Эле, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсага шу тешамца сатуьйсуш хилар а даим а вайн Да волчу Далла хьалха дагахь латтадо оха. |
| 4 |
| Далла безна болу динан вежарий, шу Дала хаьржина хилар хаьа тхуна. |
| 5 |
| Шу долчохь тхан хаза кхаъ кхайкхор дашца бен хилла ца Ӏаш, Делан ницкъаца а, Делан Синца а, кхин а боккхачу тешамца а ма бара. Шуна шайна хаьа, шун дуьхьа шуна юкъахь тхо муха Ӏара. |
| 6 |
| Делан дош тӀе а эцна, тхох а, Везачу Элах а тарделла дӀахӀитти шу а. Аша дукха баланаш лайнехь а, Делан Сино хазахетар лора шуна. |
| 7 |
| Цундела Македон-махкахь а, Ахай-махкахь а массо а Ӏийсах тешаш болчарна шух масал хилла. |
| 8 |
| Ткъа Везачу Элан дош а, шун Делах тешарх болу хаам а шуьгара Македон-махка а, Ахай-махка а кхаьчна ца Ӏаш, массо а кхечу меттигашка а дӀасабаьржина. Цундела шух лаьцна оха дийца оьшуш кхин цхьа а хӀума дац. |
| 9 |
| ХӀунда аьлча цара шаьш а дуьйцу тхох лаьцна. Цара дуьйцу, тхо шуна тӀе муха даьхкира а, иштта шу, цӀуйх дӀа а дирзина, Делехьа дерзарх лаьцна а, дийначу а, бакъволчу а Далла гӀуллакх дархьама. |
| 10 |
| Цара дуьйцу, Делан КӀант стигалшкара схьаваре шу муха ладоьгӀуш ду. Дала веллачуьра денвина волу а, тӀейогӀу йолчу Делан оьгӀазлонах вай кӀелхьардоху волу а Ӏийса ма ву и КӀант. |
| Сохранить Заметки |
https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/1thessalonians/001.mp3
5
1