|
| 1 |
|
| Ткъа хӀинца, динан вежарий, Веза Эла волчу Ӏийсан дуьхьа, оха доккхачу дехарца доьху шуьга шаьш Далла хазахетарг дарна тӀехь оха шайга дийцинчул а, кхин а сов кхиамаш аш бахар. |
|
| 2 |
|
| Веза Эла волчу Ӏийсагара шайна оха хӀун весеташ делла, шуна хаьа. |
|
| 3 |
|
| Боьха лаамаш кхочушбарх шайн догӀмаш лардан деза аша, хӀунда аьлча Делан лаам бу, Шен дуьхьа даз а дина, шу дӀакъасто. |
|
| 4 |
|
| Шух хӀоранна а хаа деза, цӀена а, шен сий лардеш а, Далла гергахь боьхачу лаамех шен дегӀ цӀена латто хӀун дан деза. |
|
| 5 |
|
| Кхечу къаьмнех болу, Дела ца вевза нах санна, нахаца леларан боьхачу лаамех дуьзна хила ца деза шу. |
|
| 6 |
|
| Цхьана а хӀуманна тӀехь шайн вешина хьарам долу гӀуллакхаш лелош ямартло ма е, шайна са йолу агӀо лоьхуш ма хила, хӀунда аьлча иштта лелачарна массарна а Везачу Эло таӀзар до. Шуьга иза дӀахьедеш баккъалла а боху оха, хьалха тхаьш ма-дийццара. |
|
| 7 |
|
| Дала вай боьхачу лаамийн долахь а доцуш, амма Шена хьалха цӀена лелийтархьама хаьржина. |
|
| 8 |
|
| Иштта дуьхьалваьлла леларг адамна дуьхьал ца волу, ткъа вайна Шен Деза Са лучу Далла дуьхьал волу. |
|
| 9 |
|
| Шуна вовшийн деза Дала Ша Ӏамийна, шуьга цунах лаьцна оха цхьа а хӀума дийца оьшуш дац. |
|
| 10 |
|
| ХӀунда аьлча массо а Македон-махкара динан вежарий шуна баккъалла беза. Динан вежарий, шун вовшийн дезаш хилар кхин а чӀагӀдар тӀедуьллу оха шуна. |
|
| 11 |
|
| Шу чӀогӀа гӀерта деза тийна даха. Шайн гӀуллакхаш а бен ма де. Оха шуьга хьалха весеташ ма-дарра, шайн куьйгашца хьанал рицкъа даккха. |
|
| 12 |
|
| Нагахь санна шу иштта лелахь, Делах ца тешачу нахе а шаьш лоруьйтур ду аша, дахарехь оьшучунна тӀехь а цхьаннан а гӀо оьшуш а хир дац шу. |
|
| 13 |
|
| Динан вежарий, кхин болу дог диллинарш санна, шу гӀайгӀанехь ца хилийтархьама, беллачарех хуьлург шуна ца довзуьйтуш Ӏа ца лаьа суна. |
|
| 14 |
|
| Вай Ӏийса, вала а велла, денвелла хиларх теша дела, Ӏийсах тешаш белла болу нах а Дала Цуьнца стигалшка хьалабохург хиларх а теша. |
|
| 15 |
|
| Везачу Элан дашца боху хӀара оха шуьга, Веза Эла кху дуьнен чу схьаваллалц, дехаш дисина долу вай, беллачарел хьалха девр дац. |
|
| 16 |
|
| ХӀунда аьлча Веза Эла коьртачу маликан озаца а, Делан турба лакхарца а, Ша стигалара охьавуссур ву, ткъа Дала леррина Къобалвинчух тешаш а болуш белларш хьалха денлур бу. |
|
| 17 |
|
| Цул тӀаьхьа вай, далаза диснарш, царах дӀа а кхетта, Везачу Элана дуьхьал мархашка хьаладохур ду. ТӀаккха вай даим Везачу Элаца цхьаьна хир ду. |
|
| 18 |
|
| Иштта, хӀокху дешнех вовшашна синтем а беш Ӏе. |
|
|
|
|