|
| 1 |
|
| Динан вежарий, хин йолчу хенах а, заманах а лаьцна оха шуьга хӀумма а яздан оьшуш дац. |
|
| 2 |
|
| Шуна шайна а билггала хаьа, буьйсанна цӀеххьана вогӀу къу санна, иштта дагахь доццучу хенахь тӀекхочур ду Везачу Элан де. |
|
| 3 |
|
| «ХӀинца машар бу, цхьа а кхерам а бац» — адамаша боххучу хенахь, берах йолчу зудчунна цӀеххьана тӀедогӀу лазарш санна, цӀеххьана тӀедогӀур ду церан хӀаллакьхилар а. Уьш кӀелхьара а бевр бац. |
|
| 4 |
|
| Ткъа шу, динан вежарий, боданехь дац, и де, къу санна, шуна тӀекхача. |
|
| 5 |
|
| Шу массо а серлонан кӀентий а, дийнан кӀентий а ду. Вай буьйсанан я боданан кӀентий дац. |
|
| 6 |
|
| Цундела вай дийшина Ӏан ца деза, боданехь болу кхиберш санна, амма сема а, кхетамехь а хила деза. |
|
| 7 |
|
| ХӀунда аьлча бийшина болчара буьйсанна наб йо, маларх там хилларш а буьйсанна беха. |
|
| 8 |
|
| Ткъа вай серлонан кӀентий долу дела, Делах тешарх а, вовшийн дезарх а гӀагӀ а дина, Дала леррина Къобалвинчо вай кӀелхьардахаре сатуьйсуш хиларх гӀем а йина, кхетамехь хила деза. |
|
| 9 |
|
| Вай Дала оьгӀазлонна а доцуш, ткъа вайн Веза Эла волчу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула вайна кӀелхьардовлар далархьама хаьржина ду. |
|
| 10 |
|
| Ӏийса вайн дуьхьа велла, вай Шеца дахийтархьама, Иза схьавогӀучу хенахь вай дийна я делла делахь а. |
|
| 11 |
|
| Цундела, хӀинццалц санна, вовшийн дог а эца, вовшашна чӀагӀдала гӀо а де. |
|
| 12 |
|
| Динан вежарий, доьху шуьга, Везачу Элан гӀуллакх дан шуна куьйгалла а деш, хьехамаш а беш, шуна юкъахь къахьоьгуш берш ларар. |
|
| 13 |
|
| Церан болх бахьана долуш уьш тӀехдика а, безамца а ларар доьху шуьга. Вовшашца бертахь Ӏелаш. |
|
| 14 |
|
| Кхин а чӀогӀа доьху шуьга, динан вежарий, малончаш кхетабелаш, тийна-эсалчеран дог эцалаш, гӀийлачарна гӀо делаш, доккха собар долуш хилалаш массаьрца а. |
|
| 15 |
|
| Хьовсалаш, цхьаьнгге а цхьанна а вонна дуьхьал вон ма дайталаш, амма гуттара а вовшашна а, массарна а диканиг дан гӀорталаш. |
|
| 16 |
|
| Гуттара а самукъане а хилалаш, |
|
| 17 |
|
| даим а доӀанаш деш а хилалаш, |
|
| 18 |
|
| массо а хӀуманна Далла хастам а белаш, хӀунда аьлча Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан долахь долчу шух лаьцна Делан иштта лаам болу дела. |
|
| 19 |
|
| Йовш йолу цӀе санна, Делан Са дӀа ма дайталаш. |
|
| 20 |
|
| Делера болу хаамаш аьшнаш ма белаш. |
|
| 21 |
|
| Массо а хӀума зен а зуьйш, диканиг схьалацалаш. |
|
| 22 |
|
| Муьлххачу а зуламах ларлолаш. |
|
| 23 |
|
| Вайн синна паргӀато луш волчу Дала Ша цӀан а дина, массо а агӀор Ша санна дойла вай. Цо шун са а, дог а, дегӀ а Веза Эла волу Дала леррина къобалвина Ӏийса вогӀучу хенахь дуьззина къинойх цӀена латтадойла. |
|
| 24 |
|
| ТӀекхойкхург тешаме ву. Цо кхочушдийр ду хӀара. |
|
| 25 |
|
| Динан вежарий! ДоӀанаш делаш тхуна тӀера. |
|
| 26 |
|
| Массо а динан вежаршка доггах маршалла ло. |
|
| 27 |
|
| Везачу Элах дуй баарца доьху хӀара кехат массо а динан вежаршна дешар. |
|
| 28 |
|
| Вайн Везачу Эло, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас, маьхза деш долу дика шуьца хуьлда. |
|
|
|
|