|
| 1 |
|
| Нагахь санна цхьанна динан куьйгалхо хила дагадеанехь, цунна дика гӀуллакх дан дагадеана. И дош бакъ ду. |
|
| 2 |
|
| Ӏийсах тешачийн тобанан гӀайгӀабийриг цхьанна а стеган ала хӀума доцуш цӀена хила веза. Цуьнан цхьа зуда бен хила ца еза. Кхетаме а, собаре а, оьзда а, безамца хьеший тӀеоьцуш а, динах лаьцна хьеха хууш а хила веза иза. |
|
| 3 |
|
| Малар тӀехдоккхуш, девнаш дохуш хила ца веза. Амма эсала а, машаре а, ахчанна сутара воцуш а хила веза иза. |
|
| 4 |
|
| Шен цӀа дика лело а деза цо, шен бераш шена муьтӀахь хила а, нах лара а Ӏамо деза. |
|
| 5 |
|
| Шен цӀа лело а ларош воцург лелар вуй те Ӏийсах тешначийн Делан долахь йолчу тобанан гӀайгӀа беш? |
|
| 6 |
|
| Ӏийсах тешна дукха хан йоцучу божарех хила ца веза иза, цуьнан даг чу куралла а йоьссина, иблисана санна, иза кхел йина ца хилийтархьама. |
|
| 7 |
|
| Арахьарчу наха дика тоьшаллаш деш хила а веза иза, шена Ӏиттарш ца яйта а, иблисан гуре ша ца лацийта а. |
|
| 8 |
|
| Динан куьйгалхойн гӀоьнчий а хила беза хьанал нах, шалха мотт а боцуш, чагӀар малар тӀех а ца доккхуш, ахчанах шайна пайда а ца лоьхуш. |
|
| 9 |
|
| Ӏийсах тешаран динах довзийтина бакъдерг цӀеначу дагца лардан хууш хила беза уьш. |
|
| 10 |
|
| Ишттанаш а цкъа хьалха зен беза. Цул тӀаьхьа, ала хӀума доцуш уьш цӀена белахь, динан куьйгалхошна гӀо дайта мегар ду цаьрга. |
|
| 11 |
|
| Царах терра хьанал а, мотт ца бетташ а, кхетаме а, массо а хӀуманна тӀехь тешаме а хила беза церан зударий а. |
|
| 12 |
|
| Динан куьйгалхойн гӀоьнча а цхьана зудчун майра хила веза. Шен берашна тӀехь а, шен цӀа чохь а дика куьйгалла далуш а хила веза иза. |
|
| 13 |
|
| Далла гӀуллакх дика деш болчарна лараме дарж а хир ду, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах тешар шеконаш йоцуш а хир ду церан. |
|
| 14 |
|
| ХӀара кехат яздо ас хьоьга, кестта хьо волчу ван ойла йолуш. |
|
| 15 |
|
| Нагахь санна со хьелахь а, Делан хӀусамехь дан дезарг хьоьга хаийта боху ас. Делан хӀусам дийна волчу Делан долахь йолчу Ӏийсах тешачийн тобанан гулам бу — билггал бакъдолчун бӀогӀам а, бух а. |
|
| 16 |
|
| Къийса ца дезаш, динах йовзийтина къайле чӀогӀа йоккха ю: Иза адаман дегӀехь гучуваьккхина, Делан Сино бакъвина, маликашна Иза гина, къаьмнашна юкъахь дӀакхайкхийна, дуьненахь адамаш Цунах тешна, сийлаллехь Иза хьалаваьккхина. |
|
|
|
|