|
| 1 |
|
| Хьалха Дала дукхазза а, тайп-тайпана а дийцина вайн дайшка пайхамаршкахула, |
|
| 2 |
|
| ткъа кху тӀаьхьарчу деношкахь Шен КӀантехула дийцина Цо вайна. Дерриге а кхочун долу Цуьнан КӀант ву дӀахӀоттийна. Цуьнгахула массо хӀума а кхоьллина. |
|
| 3 |
|
| КӀант Делан сийлаллин нур а, Делан билггал долу васт а ду. Шен нуьцкъалчу Дашца дерриг а латтадо Цо. Шегахула адамаш къинойх а цӀандина, стигалшкахь Веза Воккхачунна аьтту агӀор охьахиина Иза. |
|
| 4 |
|
| Цунна тиллина цӀе маликашна тиллинчул лакхара хиллал, царал лакхара ву Иза. |
|
| 5 |
|
| ХӀунда аьлча Маликех хьаьнга аьлла Дала: «Хьо Сан КӀант ву, тахана Хьан Да хили Сох»? Кхин а: «Со Цуьнан Да хир ву, Иза Сан КӀант а хир ву?» |
|
| 6 |
|
| Шен дуьххьарлера Доьзалхо дуьнен чу воккхуш, Дала элира: «Делан массо а маликаш Цунна хьалха охьатаьӀийла». |
|
| 7 |
|
| Маликех лаьцна Цо аьлла: «Дала Ӏаьнарх Шен маликаш до, цӀеран алунех Шен ялхой бо». |
|
| 8 |
|
| КӀантах лаьцна Цо аьлла: «Хьан олаллин гӀант, Дела, абаденналц лаьтта, Хьан паччахьалла нийсонан паччахьалла ду. |
|
| 9 |
|
| Хьуна бакъдерг дезна, ткъа харцо ца езна, цундела Дала, Хьан Дала, къобалвеш тӀедутту даьтта санна, Хьан накъосташна чул Хьуна алсам хазахетар делла». |
|
| 10 |
|
| Кхин а аьлла Дала: «Веза Эла, Ахь юьхьанца латта кхоьллина, Хьайн куьйгашца стигалш йина. |
|
| 11 |
|
| Уьш дӀадевр ду, ткъа Хьо вуьсур ву. Уьш дерриг а, бедарш санна, тишлур ду. |
|
| 12 |
|
| ТӀеюху хӀума санна, Ахьа дӀахьарчор ду уьш, тӀаккха уьш, бедар санна, хуьйцур ду. Амма Хьо цкъа а хийцалур вац, Хьан дахар чекх а дер дац». |
|
| 13 |
|
| Маликех хьаьнга а, маца а аьлла Дала: «Охьахаа Суна аьтту агӀор, Аса Хьан мостагӀий Хьан когашка охьабахккалц»? |
|
| 14 |
|
| Далла гӀуллакх деш долу синош дац ткъа маликаш, кӀелхьардовлар кхочун долчарна гӀуллакх дан дахкийтина дац ткъа уьш? |
|
|
|
|