|
| 1 |
|
| Иштта, вежарий, шу Делан долахь дерш а, стигалахь долчун дакъа кхочурш а ду. Цундела Делан Векал а, вайн динан коьрта Да а волу Ӏийса дагахь латтавелаш. |
|
| 2 |
|
| Ша ДӀахӀоттийначунна тешаме вара Иза, Делан цӀентӀехь Муса тешаме ма-хиллара. |
|
| 3 |
|
| Ӏийса Мусан чул а боккха ларам болуш хилла, цӀа дийриг ша дечу цӀийнан чул боккха ларам бан хьакъ ма-хиллара. |
|
| 4 |
|
| ХӀунда аьлча муьлхха а цӀа цхьаммо деш ду, ткъа дерриг а динарг Дела ву. |
|
| 5 |
|
| Делан дерриге а цӀийнехь тешаме ялхо санна вара Муса. Хинйолчу заман чохь эр долчух тоьшалла дора цо. |
|
| 6 |
|
| Амма Дала леррина Къобалвинарг Делан цӀентӀехь куьйгалла деш волу тешаме КӀант ву. Ткъа Цуьнан цӀа вай ду, нагахь вай доьналлица а, тешарца а ваьш сатуьйсучунна тӀехь латтахь. |
|
| 7 |
|
| Цундела, Делан Сино ма-аллара: «Тахана, нагахь шуна Цуьнан аз хазахь, |
|
| 8 |
|
| дуьхьал ма довлалаш, яьссачу арахь шаьш зуьйчу хенахь хамталла еш ма-хиллара. |
|
| 9 |
|
| Шун дайша Со зийра цигахь, шовзткъа шарахь Аса мел динарг шайна гиннашехь. |
|
| 10 |
|
| Цундела, царна оьгӀаз а вахана, Аса элира: „Гуттар а шайн дегнашкахь тилабелла бу уьш, Сан некъаш ца девзина царна“. |
|
| 11 |
|
| Цундела Сайн оьгӀазаллица Ас чӀагӀо йира, синтем лур бу аьллачу метте кхочур бац уьш аьлла». |
|
| 12 |
|
| Иштта, хьовсалаш, вежарий, шайна юкъахь цхьаннан а мекара а, тешар доцу а дог ма хилийталаш, дийна волчу Делах шаьш дӀа ца къастийтархьама. |
|
| 13 |
|
| Амма хӀора дийнахь, вовшашна хьехамаш а беш, динехь чӀагӀлолаш, «тахана» ала йиш мел хуьлу, хьарамчу хӀуманах Ӏеха а велла, шух цхьаннан дог юха ца далийта. |
|
| 14 |
|
| Дала леррина Къобалвинчун декъахой ду вай, нагахь юьхьанца хилла долу шеко йоцуш хилар чекхдовллалц вайца хилахь. |
|
| 15 |
|
| Делан Йозанашкахь аьлла ду: «Тахана, нагахь шуна Цуьнан аз хазахь, дуьхьал ма довлалаш, яьссачу арахь шаьш зуьйчу хенахь хамталла еш ма-хиллара». |
|
| 16 |
|
| Делан аз хезнехь а, хамталла йинарш муьлш бара? Мусас Мисар-махкара массо а арабаьхначарна юкъахь бацара уьш? |
|
| 17 |
|
| Хьанна оьгӀазвахана вара Дела шовзткъа шарахь? Къинош а летийна, яьссачу арахь шайн даьӀахкаш охьаехкинчарна ваханерий те Иза оьгӀаз? |
|
| 18 |
|
| Ла ца доьгӀначарна бен, кхин хьанна дуьхьал аьлла Дала, уьш «синтем лур бу аьллачу метте кхочур бац»? |
|
| 19 |
|
| Иштта вайна го, шайн цатешар бахьана долуш, Дала лучу синтеме уьш кхочург цахилар. |
|
|
|
|