|
| 1 |
|
| Сан вежарий! Шуна юкъара кӀеззиг нах бен ма хила хьехархой. Шуна хаьа, вайна еш йолу кхел мел чӀогӀа хир ю, |
|
| 2 |
|
| хӀунда аьлча вай массара а къинош дукха летадо. Дашаца цкъа а къа ца латош верг кхачаме стаг ву, цуьнга шен дерриг дегӀан дола дало. |
|
| 3 |
|
| Вай говрийн бага гаьллаш йохку, уьш вайга ладугӀуш хилийта, тӀаккха церан догӀмаш леладо вай. |
|
| 4 |
|
| Масала, хӀордкеманаш а, мел даккхий уьш делахь а, ондачу мехаша лелош делахь а, жимачу тӀомаца дӀадохуьйту хӀордахочо шена луъучу. |
|
| 5 |
|
| Иштта, матто а, кӀезиг меже елахь а, доккхачу гӀуллакхашна тӀехь куралла йо. Хьажал, жимачу цӀаро мел йоккха хьун ягайо! |
|
| 6 |
|
| Мотт а цӀе ю. Иза дегӀан вукху меженашна юкъахь вон дуьне санна бу. Матто дерриг дегӀ а бехдо, вайн дахаран некъ хьала а латабо. Ткъа ша жоьжахатин цӀарах хьалалеташ бу иза. |
|
| 7 |
|
| Муьлхха а экха а, олхазар а, текхарг а, хӀордан дийнат а стага караӀамадан тарло (баккъалла а, уьш караӀамийна ду). |
|
| 8 |
|
| Амма адамашка цхьаьнгге а мотт кара ца Ӏамало, иза саца ца луш долу вон ду. Мотт Ӏожаллин дӀовшах буьзна бу. |
|
| 9 |
|
| Цуьнца Веза Эла а, Да а декъалво вай, цуьнца Делан сибатехь кхоьллинчу адамна неӀалт а олу вай. |
|
| 10 |
|
| Цхьана багара схьадолу декъалвар а, неӀалт алар а. Иштта хила йиш яц, сан вежарий. |
|
| 11 |
|
| Цхьана хьостанах схьадер дуй мерза а, къаьхьа а хи? |
|
| 12 |
|
| Сан вежарий, инжиран дитта тӀе зайт-диттан стоьмаш а латор бац, кемсийн таьлланга тӀе инжираш а латор яц. Иштта дуьрачу хьостано мерза хи лур дац. |
|
| 13 |
|
| Ша хьекъал а, кхетам а болуш волчо шен оьздачу леларца а, хьекъалера схьадолчу эсалаллехь динчу гӀуллакхашца а гайта ца деза иза? |
|
| 14 |
|
| Амма шун даг чохь къаьхьа хьагӀ а, шена пайда лехар а делахь, дозаллаш ма де, бакъдолчунна дуьхьал харцо ма лелае. |
|
| 15 |
|
| Иза лакхара долу хьекъалалла дац, амма дуьненан, синан, жинийн хьекъалалла ду. |
|
| 16 |
|
| ХӀунда аьлча хьагӀ а, шена пайда лехар а долчохь низам дохор а, мел долу вониг а ду. |
|
| 17 |
|
| Амма лакхара долу хьекъалалла, цкъа-делахь, цӀена ду, цул тӀаьхьа, машаре а, оьзда а, къинхетамах а, дикачу стоьмех а дуьзна а, озабезам боцуш а, шалхо йоцуш а ду. |
|
| 18 |
|
| Барт кхуллуш болчара бертахь дийначу хӀух нийсонан ялта схьадолу. |
|
|
|
|