|
| 1 |
|
| Исраилхоша баьхначу толамех лаьцна шена хезча, Хьацор-гӀалин паччахьо Ябина шен хьадалчаш бахийтира Мадон-гӀалин паччахьна Ябабна а, Шимрон-гӀалин паччахьна а, Ахишапан паччахьна а, |
|
| 2 |
|
| къилбаседехьа лаьмнаш тӀехь Ӏаш болчу паччахьашна а, Ӏариба-тогӀи чохь Канаротана къилбехьа йолчу агӀор Ӏаш болчу а, лаьмнийн когашкахь а, малхбузехьа Напат-Дорехь а Ӏаш болчу паччахьашна а тӀе. |
|
| 3 |
|
| Цул сов, малхбалехьа а, малхбузехьа а Ӏаш болчу канаӀанхошна а, эмархошна а, хьетахошна а, перезахошна а, акъареш тӀехь Ӏаш болчу явсайхошна а, МицӀпа-кӀоштара Хьермон-ломан когашкахь Ӏаш болчу хьаьвихошна а тӀе бахийтира цо шен нах. |
|
| 4 |
|
| И паччахьаш а, церан эскарш а тӀамана арадевлира. ХӀордан берда тӀера гӀум санна, дукха бара уьш. Говраш а, гӀудалкхаш а яра цаьргахь ягар ца яллал дукха. |
|
| 5 |
|
| Шайн эскарш вовшах а тоьхна, Мером-хина уллохь меттамотт дӀахӀоттийра цу паччахьаша, исраилхошца тӀом бархьама. |
|
| 6 |
|
| Везачу Эло ЮшаӀе элира: «Ма кхера царах, кхана хӀоккху хенахь исраилхошка хӀаллакбойтур бу Аса уьш. Церан говрийн хьорзамаш а хедае, гӀудалкхаш а ягае». |
|
| 7 |
|
| ЮшаӀ а, цуьнан массо а тӀемало а, цӀеххьана Мером-хина йисте схьа а веана, тӀелетира царна. |
|
| 8 |
|
| Везачу Эло исраилхойн кара схьабелира мостагӀий. Исраилхоша хӀаллакбира уьш, ткъа биснарш, лаьхкина, сийлахьчу ЦӀаданна а, Мисрепат-Маймна а, малхбалехьа МицӀпа-тогӀина а тӀекхаччалц дӀабигира. Цхьа а дийна ца вуьтуш, массо а вийра исраилхоша. |
|
| 9 |
|
| Везачу Эло шега ма-аллара, дира ЮшаӀа дерриг а: церан говрийн хьорзамаш а хедийра, гӀудалкхаш а ягийра. |
|
| 10 |
|
| Цул тӀаьхьа, юха а вирзина, Хьацор-гӀала схьа а яьккхина, цуьнан паччахь вийра ЮшаӀа. (Хьалха Хьацор-гӀала массо а цу пачхьалкхийн уггар а нуьцкъала гӀала хилла.) |
|
| 11 |
|
| Цу гӀалахь мел верг туьра кӀел вахийтира цо, цхьа а стаг дийна ца вуьтуш. Хьацор а, ягийна, дӀаяьккхира. |
|
| 12 |
|
| Ерриг и гӀаланаш схьа а яьхна, церан паччахьаш туьраца байира ЮшаӀа, Везачу Элан ялхочо Мусас тӀе-ма-диллара. |
|
| 13 |
|
| Амма лаьттах йинчу лакхенашкахь йолу ерриг а гӀаланаш яга ца йира исраилхоша, ЮшаӀа ягийна йолу цхьа Хьацор йоцург. |
|
| 14 |
|
| Цу гӀаланашкахь караеана йолу ерриг хӀонс а, даьхни а шайна схьаийцира исраилхоша. Адамаш дерриш а хӀаллакдира, цхьа а са дийна ца дуьтуш. |
|
| 15 |
|
| Везачу Эло Шен ялхочунна Мусана тӀе-ма-диллара, Мусас а ЮшаӀана тӀедиллинера дан дезарг. ЮшаӀа и дерриг а кхочушдира: Везачу Эло Мусана тӀедиллинчух хӀумма а кхочушдаза ца дитира цо. |
|
| 16 |
|
| Иштта ЮшаӀа схьадаьхна долу латтанаш хӀорш дара: акъарехь а, ерриг а НегӀаб яьссачу аренгахь а долу латтанаш а, ГӀашанера дерриг латта а, малхбалехь долчу лаьмнийн когаш а, Ӏариба-тогӀи а, Исраилан лаьмнаш а, къилбаседехь долчу лаьмнийн когаш а, |
|
| 17 |
|
| СеӀирна тӀекхаччалц болчу Хьалакх-лома уллора, Хьермон-ломана лахахь йолу, Ливанун-тогӀи чуьра БаӀал-Гадана тӀекхаччалц долу латтанаш а. Церан массо а паччахьаш, схьа а лецна, хӀаллакбира цо. |
|
| 18 |
|
| Дуккха а хенахь цу паччахьашца тӀом бинера ЮшаӀа. |
|
| 19 |
|
| Исраилхошца машар бина цхьа а гӀала яцара, шена чохь хьаьвихой Ӏаш болу ГавӀон йоцург. Ерриш а тӀамца схьаяьхна яра уьш. |
|
| 20 |
|
| Везачу Элера дара, уьш, шайн дегнаш а чӀагӀдина, исраилхошна тӀамца дуьхьалбовлар. Исраилхойн и мостагӀий хӀаллакбархьама а, царах къинхетам цабархьама а динера Цо иза. Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара, хӀаллакбан безара уьш. |
|
| 21 |
|
| Цу хенахь акъареш тӀехь Ӏаш болу Ӏаьнакхахой хӀаллакбира ЮшаӀа: Хьеврон-гӀалина уллохь а, Дибар-гӀалина уллохь а, Ӏанаб-гӀалина уллохь а, ЯхӀудан а, Исраилан а дерриг а лаьмнаш тӀехь а. Церан гӀаланашца уьш берриш а хӀаллакбира цо. |
|
| 22 |
|
| Цхьа а Ӏаьнакхахо ца висира исраилхойн лаьтта тӀехь, Ӏази-гӀалаххьий, Гати-гӀалаххьий, Ашдод-гӀалаххьий бен. |
|
| 23 |
|
| Везачу Эло Мусага ма-аллара, дерриг а латта схьа а даьккхина, исраилхошна шайн тайпанашна юкъахь, дакъош а деш, декъа дӀаделира ЮшаӀа. Цул тӀаьхьа тӀамах садаьӀира лаьтто. |
|
|
|
|